[1] Шуна дуьхьал волчу хенахь эсала волуш, ткъа дуьхьал воцучу хенахь майра волчу аса, ПахӀала, Дала леррина Къобалвинчуьнгара долчу эсалаллица а, Цуьнгара болчу къинхетамца а кхетадо шу.
[2] Аса дехар до шуьга, шу долчу веанчу хенахь, тӀех майралла гайта ма дезийталаш сан. Цхьаболчу, тхо кху дуьнен чуьра берш санна лелаш ду бохучарна, и сайн тӀех йолу майралла гайта ваьхьар ву со.
[3] ХӀунда аьлча оха, массо а адам санна, кху дуьнен чохь тхаьш доллушехь, цара санна, тӀемаш ца бо.
[4] Тхайн тӀемашкахь оха леладо герзаш кху дуьнен чуьра герзаш дац. Мелхо а, Дала цу герзашна Шен ницкъ белла, цаьргахула тхоьга гӀепаш хӀаллакьяйтархьама. Мекара ойланаш а,
[5] Дела вовзарна дуьхьал лакхайоккху муьлхха а куралла а йохайо оха цаьрца. Муьлххачу а ойланашна цаьрца йийсар до оха, уьш Дала леррина Къобалвинчунна муьтӀахь ярхьама.
[6] Дала леррина Къобалвинчунна шун муьтӀахь хилар ма-бохху кхочушхилла даьлча, тхо кийча ду, цунна дуьхьал долчу муьлххачу хӀуманна а таӀзар дан.
[7] Ткъа гӀуллакх билггал муха ду, шу-шаьш хьовсал! Ша Дала леррина Къобалвинчуьнца ву аьлла тешна волчунна хаа деза, тхо а шаьш санна, Цуьнца дуйла.
[8] Нагахь аса, шун гӀуллакх дохорна а доцуш, ткъа иза тодархьама, Везачу Эло тхайна деллачу олаллех долу дозаллаш кхин а совдаьхна хилча а, тӀаккха а юьхьӀаьржачу хӀуттур вацара со.
[9] Амма шуна ма моттийла, со кехаташца шу кхеро гӀерта аьлла.
[10] ХӀунда аьлча со цавезачара олу: «Цуьнан кехаташ маьӀна долуш, ницкъ болуш ду, ткъа иза ша дуьхьал волуш эгӀаза ву, цо до къамел дегаза а ду».
[11] И бохуш волчунна хаа деза, тхо шуна юкъахь доцчу хенахь тхайн кехаташ тӀехь оха яздеш дерг а, тхо шуна юкъахь долуш оха ден дерг а цхьаъ дуйла.
[12] Тхуна ца лаьа шаьш лакхара хеташ болчу цхьаболчаьрца дустадала а, царах тардала а. Цара, шаьш вовшашца а дустуш, дуьхь-дуьхьал а хӀуьттуш, шайн сонталла гойту.
[13] Дала тхуна билгалдаьккхинчу гӀуллакхан дозанашкахь бен дозаллаш дийр дац оха, ткъа билгалдаьккхинчу гӀуллакхан дозанашна юкъахь шу ма ду.
[14] Тхайна билгалдаьккхинчу дозанел тӀех ца девлира тхо, Дала леррина Къобалвинчух лаьцна болу хаза кхаъ шуьга дӀа а кхайкхош, шу долчу тхаьш кхаьчча.
[15] Дала тхайна деллачу дозанал тӀех а девлла, тхаьш дина доцучу гӀуллакхех дозаллаш деш дац тхо. Мелхо а, оха сатуьйсу, шун тешар чӀагӀ а луш, Дала тхаьшна тӀедиллинчул тӀех а ца довлуш, кхин а дуккха а гӀуллакхаш шуна юкъахь дан.
[16] ТӀаккха шу долчохь кхайкхийна ца Ӏаш, шуна генахь болчу кхечу мехкашкахь а кхайкхо йиш хир ю тхан хаза кхаъ. Цу тайпана, кхечу цхьаннан дозанашкахь динчу гӀуллакхех дозалла дийр дац оха.
[17] Йозанашкахь ма-аьлла: «Ша дозалла дан лууш волчо – Везачу Элах дозалла дойла».
[18] ХӀунда аьлча ша-шех дозалла деш верг къобал ца во, амма Везачу Эло дозалла деш верг къобалво.