Skip to content
Opens in a new window
Listen to this chapter • 2:54

[1] Бакъдерг аьлча, аса-м шуьга яздан а ца оьшу Делан нахана гӀо дан дезарх лаьцна.

[2] Шун доггах хилар а гуш, шух дозалла до аса македонхошна хьалха: «Стохка дуьйна а Ахаера динан тобанаш доггах хӀума яларан гӀуллакхна кийча ю» – бохуш. Шун доггах хиларо царах дукхахберш иракарахӀиттабора.

[3] Ткъа шу долчу аса динан вежарий бохуьйту, оха шух дина дозалла эрна а ца хуьлуьйтуш, амма, аса ма-аллара, шу кийча хилийтархьама.

[4] Соьца шу долчу македонхой бахкар а нисделла, ткъа шу кийча ца хилар царна дӀахиънехьара, шу хӀиттина а ца Ӏаш, шух тешна Ӏаш долу тхо а юьхьӀаьржачу хӀуьттур ма дара!

[5] Цундела оцу динан вежаршка дехар дан деза аьлла хийтира суна, уьш сол хьалха шу долчу дӀа а баьхкина, аша хьалххехь ваӀда а деш, лур ду аьлла совгӀат цаьрга кечдайтархьама. Цу тайпана и совгӀат, ницкъаца даьккхина а доцуш, ткъа шун-шайн лаамца делларг санна кийча хир ду.

[6] Цу тӀе аса боху: кӀезиг дӀадуьйчо – кӀезиг ялта схьагулдийр ду, ткъа комаьршаллица дӀадуьйчо – алссам ялта схьагулдийр ду.

[7] ХӀораммо а шен даго боххучул ло, дохко а ца волуш, дала деза аьлла а ца луш. ХӀунда аьлча самукъане а волуш луш верг Далла веза.

[8] Делан ницкъ бу шуна мел деш долу дика алсамдалийта. Цу тайпана, массо а хӀуманна тӀехь а, гуттара а шуна мел оьшург хир ду шун, ткъа цунах алссам дуьсур ду шуна муьлхха а дика гӀуллакх дан.

[9] Делан Йозанаш тӀехь яздина ма-хиллара: «Тоам боллуш дӀало цо мискачу нахана, ур-атталла абаденналц а лаьтта цуьнан нийсо».

[10] ДӀадуьйш волчунна хӀу а, юуш волчунна юург а Кхочуьйтучо шуна а хӀу кхочуьйтур ду, иза алсам а доккхур ду, ткъа шун нийсонца леларехула Цо шортта ялта лур ду.

[11] Иштта муьлххачу а хенахь комаьрша хӀума дӀакховдо алссам хьал а лур ду шуна Цо. ТӀаккха дуккхаммо а, аша комаьршаллица дӀакховдийнарг тхоьгахула дӀа а эцна, Далла баркаллаш бохур ду.

[12] ХӀунда аьлча аша кхочушдечу хӀокху гӀуллакхо, Делан нахана оьшург хилийтина а ца Ӏаш, Далла олу баркаллаш дуккха а тӀехдовлуьйтур ду.

[13] Оцу шун гӀуллакхо шух до тоьшалла бахьана долуш, Далла хастамаш бийр бу, нахана хьалха шу тешна болчу Дала леррина Къобалвинчун хазачу кхоана шу муьтӀахь хиларна а, шайн долахь дерг цаьрца а, кхиболчу массаьрца а комаьршаллица доькъуш шу хиларна а.

[14] Шайн дегнашкахь шу дага а дохкуьйтуш, шуна тӀера доӀанаш дийр ду цара, Дала шуна дина инзаре доккха дика бахьана долуш.

[15] Далла баркалла олийла вай, Цуьнан дийцалур а доцу совгӀат бахьанехь!

Векало ПахӀала коринтхошка яздина шолгӀа кехат — Chapters