[1] Делан нахана аша дала деза ахча гулдеш долу гӀуллакх, галатахойн динан тобанашна аса ма-хьеххара, леладе.
[2] ХӀора кӀиранан дуьххьарлерчу дийнахь шух хӀораммо а, шайна карадеанчу ахчане хьаьжжина, цунах цхьадолу дакъа Ӏалашде, со дӀавеанчу хенахь ахча гулдар оьшуш ца хилийтархьама.
[3] Со дӀавеанчул тӀаьхьа, аша къобал мел винарг аса Ярушалаймехь йолчу тобанан куьйгалхошна деша леринчу айса яздинчу кехаташца цхьаьна цига дӀахьажор ву, и гулдинарг цаьрга дӀадалийтархьама.
[4] Нагахь сан Ярушалайме дӀавар диканца хилахь, уьш соьца дӀабогӀур бу.
[5] Македон-махкахула чекхваьлча, со шу долчу вогӀур ву, хӀунда аьлча сан Македонехула ван ойла ю.
[6] Шу долчохь со жимма соцур ву, аса Ӏа даккха а тарло шуьца. Цул тӀаьхьа аса шуьга со новкъа воккхуьйтур ву, мичча ваха дезаш иза делахь а.
[7] ХӀунда аьлча тӀехволлушехь шу гина Ӏа ца лаьа суна. Везачу Эло сайна пурба лахь, шуьца дикка хан яккха лаьа суна.
[8] Жуьгтийн «ШавуӀот» цӀе йолу ялта чудерзоран дезде тӀекхаччалц Ӏийр ву со Эпасехь.
[9] Суна дуьхьалбевлларш дукха белахь а, хаза кхаъ дӀакхайкхо кхузахь йоккха а, шуьйра а неӀ дӀайиллина ю суна.
[10] Нагахь шу долчу Тимапи вагӀахь, цунна цхьанна а агӀор кхерам ца хилийта хьовсалаш, хӀунда аьлча цо дийриг а, ас ма-дарра, Везачу Элана лерина гӀуллакх ду.
[11] Цундела цхьа а цунах ца вешаш ма хилалаш. ТӀаккха иза гӀоза-маьрша новкъа ваккха, со волчу ван цуьнан таро хилийтархьама. Иза кхечу динан вежаршца цхьаьна схьаваре хьоьжуш ву со.
[12] Вайн динан ваша волу Апа-Леса шу долчу кхочийла чӀогӀа лиира суна. Амма иза кхоччуш къар ца велира, цкъа хӀинца шу долчу дӀа ца веача. Иза, шен йиш ма-хилли, дӀавогӀур ву.
[13] Шу сема хилалаш, шайн тешарехь чӀагӀлой Ӏелаш, доьналла долуш а, майрра а латталаш.
[14] Аша массо а хӀума безамца деш хила деза.
[15] Шуна массарна а бевза Сетипанан доьзал. Ахаехь болчу Ӏийсах тешначарна юкъахь уьш дуьххьарлерачарах буйла а хаьа шуна. Цара шайн дегнаш Делан нехан гӀуллакх дарна тӀедерзийна. Цундела аса доьху шуьга, динан вежарий,
[16] уьш санна болчу нахана а, цаьрца цхьаьна гӀуллакх деш а, къахьоьгуш а мел болчарна а муьтӀахь хилалаш.
[17] Сетипан, Партунат, Ахайк со волчохь хилар суна чӀогӀа хазахета. Шу суна юххехь ца хиларна, цара, шун метта гӀо дора суна.
[18] Цара сан а, шун а синош иракарахӀиттийра. Уьш санна болчеран ларам белаш.
[19] Асиа-махкарчу динан тобанаша маршаллаш доуьйту шуьга. Ӏакхилас а, ПхьаьрскӀилата а, церан цӀерачу динан тобанехь болчара а мерза маршаллаш доуьйту шуьга, шаьш, шу санна, Везачу Элан долахь хиларна.
[20] Массо а динан вежарша а маршаллаш доуьйту шуьга. Доггах вовшашка маршалла хатта.
[21] Аса, ПахӀала, сайн куьйган йозанца дӀадоуьйту шуьга и маршаллаш.
[22] Нагахь Веза Эла ца везаш цхьаъ велахь, неӀалт хуьлийла цунна. Марана-тхьа. Волахь, вайн Веза Эла!
[23] Веза Эла волчу Ӏийсан дика хуьлийла шуьца.
[24] Сан безам а хуьлийла шуьца массаьрца а, Дала леррина Къобалвинчу Ӏийсан долахь вай долу дела.