[1] Делан къинхетамца оцу тайпана долу гӀуллакх дан тхайн йиш хиларна, тхо дог доьхна дац.
[2] Мелхо а, оха дитина массо а къайлаха а, эхье а долу гӀуллакхаш. Нах Ӏеха а ца бо, Делан дош харцахьа а ца доккху оха. Ткъа тхаьш билггал бакъдерг адамашна дӀаделларна, Далла хьалха хӀора адаман эхь-бехкана оха дӀагойту тхаьш муьлш ду.
[3] Нагахь оха кхайкхош болчу хазачу кхоана дуьхьал цхьанна пардо хӀуттуш делахь, иза валаран некъа тӀехь болчарна ду иштта.
[4] Бакъволчу Делах ца тешачеран хьекъал бӀарздина кху дуьненан харцдала, Делан вастехь волчу Дала леррина Къобалвинчун сийлаллех лаьцна болчу хазачу кхоан серло царна ца гайтархьама.
[5] Оха беш болу хьехамаш тхайх лаьцна бац, амма Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсах бу. Ткъа тхо Ӏийсан дуьхьа шун ялхой ду.
[6] ХӀунда аьлча: «Боданера серло схьакхетал!» – аьлла волчу Дала тхан дегнаш серладаьхна, Ша леррина къобалвинчу Ӏийсан юьхь тӀехь лепаш йолчу Делан сийлаллех болчу кхетаман серло вайн хилийтархьама.
[7] Ткъа и хазна оха тхешан кхийра кхабанаш чохь лелайо. Иза ду тӀех боккха болу ницкъ, тхоьгара а боцуш, Делера хилар хаийтархьама.
[8] Тхуна массо а агӀор кест-кеста ницкъ бо, амма тхо кхоччуш хьаьшна дӀа ца даьхна. Наггахь холчу хӀиттадо тхо, амма оха дог ца дуьллу.
[9] Тхо лелхадо, амма дитина дац тхо. Тхо охьадохку, амма тхо хӀаллак ца хуьлу.
[10] Ӏийсан валар гуттара а тхешан догӀмашца леладо оха, Цуьнан дахар тхайн догӀмашкахула гучудаккхархьама.
[11] ХӀунда аьлча дийна долуш Ӏийсан дуьхьа хӀора денна а Ӏожаллин кхерамехь хуьлу тхо, тхайн лийр долчу догӀмашкахула Цуьнан дахар гучудаккхархьама.
[12] Цу тайпана Ӏожалла шен Ӏалашо тхуна тӀехь кхочушъян гӀерта, дахар шуна кхачийтархьама.
[13] Йозанаш тӀехь яздина ду: «Со тешаш хиларна, со вистхилира». Тхешан тешаран дух цу дешнашца цхьаьнадогӀуш долу дела, тхо а, теша а тешаш, дистхуьлу,
[14] тхаьшна хаьа дела, Веза Эла волу Ӏийса веллачуьра Денвинчо тхо а Цуьнца дендийр дуйла, шуьца цхьаьна тхо Шена хьалха дӀа а хӀиттош.
[15] Оха и дерриг а шун дуьхьа деш ду. Ткъа иза а деш, Делан дика дуккха а адамашна дӀакхочу, Делан сийлаллина Далла боху баркаллаш алсам а довлуьйтуш.
[16] Цундела тхан дегнаш ца духу. Вайн догӀмаш тишлуш делахь а, вайна чуьра са де дийне мел дели а карладуьйлу.
[17] Йоццачу ханна тхан хуьлучу баланаша, цкъа а йовр йоцу сийлалла яхьар ю тхуна. И сийлалла барам боцуш совъюьйлу оцу баланел.
[18] Тхо гуш долчуьнга ца хьоьжу, амма гуш доцучуьнга хьоьжу. ХӀунда аьлча гуш дерг цхьана заманна бен дац, ткъа гуш доцург гуттара а хир ду.