[1] Ткъа хӀинца, динан вежарий, оха дӀахоуьйту шуьга Македон-махкарчу динан тобанашна Дала деллачу диканах лаьцна.
[2] Шаьш баккхий баланаш хьоьгуш боллушехь, цу тобанийн доккха хазахетар а, йоккха къоьлла а хьалдолчу комаьршалле делира.
[3] Со теш ву цара доггах, шайн дала йиш йолччул а, сов а деллачунна. Шайн лаамца
[4] цара чӀогӀа дийхира тхоьга, шайна там хилийтархьама, Ярушалаймехь болчу Делан нахана дан леринчу дикачу гӀуллакхехь шайга а дакъалацийтахьара бохуш.
[5] Тхуна хила ма-лаъара хилла а ца Ӏаш, уьш хьалха Везачу Элана тӀе а боьрзура, тӀаккха Делан лаамца шаьш тхуна къобал а бора.
[6] Цундела оха Тите чӀогӀа дийхира, ша долийна долу и дика гӀуллакх доладаре терра, чекхдаккха а шуна гӀо де аьлла.
[7] Ткъа шун кхиамаш алсамбуьйлу тешарехь а, дашехь а, кхетамехь а, даггара хиларехь а, шайн тхоьга болчу безамехь а. Массо а оцу гӀуллакхашца шу тӀехдуьйлуш хиларе терра, шаьш дечу оцу дикачу гӀуллакхна тӀехь а тӀехдовлуш хуьлийла шу.
[8] Иза шуна тӀедуьллуш ца боху аса, амма, кхиболчеран даггара хилар а гойтуш, шун безам билггал доггах буйла зуьйш ву со.
[9] ХӀунда аьлча вайн Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан дика девза шуна. Ша хьал долуш воллушехь, шун дуьхьа къий а велла, Шен къоьлла бахьана долуш шу хьал долуш хилийтархьама, дина Цо иза.
[10] Цу тӀехь шуна пайденна долу цхьа хьехар до аса, хӀунда аьлча стохка и дика гӀуллакх долийна а ца Ӏаш, и доло лаам а хилла шун.
[11] Шаьш дан долийна гӀуллакх хӀинццехь кхочушде. Цу тайпана шун хӀетахьлерчу доггах хиллачу лаамах тарлур ду шайн долчу хьолах цу гӀуллакхна аша дакъа дӀадалар.
[12] Нагахь цхьаъ шен хӀума дӀадала доггах лаам болуш велахь, Дала иза, цуьнан дала йолчу тароне хьаьжжина, тӀеоьцур ду, дала таро йоцург ца хьехош.
[13] Шуна хало еш, ткъа кхечеран аьтто хилийта деш дац иза, амма массарна а цхьабосса хилийтархьама деш ду.
[14] ХӀинца шун совдаьллачо церан кхачамбацар меттахӀоттор ду. Ткъа тӀаьхьо церан совдаьлларг шун эшам болчун метта хир ду. Цу тайпана шуна массарна а иза цхьабосса хир ду.
[15] Делан Йозанаш тӀехь яздина ма-хиллара: «Дукха гулдиначун совнаха а ца хуьлура, ткъа кӀезиг гулдиначунна тӀеоьшуш а ца хуьлура».
[16] Тхуна санна, Титин даг чу а шуна гӀо дан лаам тесна волчу Далла баркалла боху оха.
[17] Тхан дехар тӀеэцна а ца Ӏаш, Тита, шен а боккха лаам хиларна, шен деган лаамца дӀавогӀу шу долчу.
[18] Хаза кхаъ дӀакхайкхор бахьанехь, массо а динан тобанашкахь хестош волу кхин а цхьа динан ваша дӀавоуьйту оха цуьнца.
[19] Цул сов, и дика гӀуллакх дарна тӀехь тхуна улловаккха хаьржина ву иза динан тобанашна юкъара. Тхаьш гӀо дан кийча хилар гойтуш, Везачу Элан сийлаллина кхочушдо оха и гӀуллакх.
[20] ХӀара гулдина доккха хьал бахьанехь, цхьаннан а тхаьшна тӀехтохам ца хилийта ларлуш ду тхо.
[21] ХӀунда аьлча Везачу Элана хьалха хилла а ца Ӏаш, адамашна хьалха а оьзда дерг дан дагахь ма ду тхо.
[22] Тхайна юкъара кхоолгӀа динан ваша а воуьйту оха цаьрца цхьаьна. Дукхазза а массо а тайпана гӀуллакхашна тӀехь зийча, иза чӀогӀа кийча хилар зеделира тхуна. Иза хӀинца кхин а чӀогӀа лууш ву шу долчу ван, ша шух кӀорггера теша дела.
[23] Титех лаьцна аьлча – иза сан юххера стаг ву, шуна гӀуллакх дарехь соьца цхьаьна къахьоьгуш волу. Ткъа кхечу тхан динан вежарех аьлча – уьш Дала леррина Къобалвинчунна сийлалла яхьаш болу динан тобанашна юкъара къобалбинарш бу.
[24] Цундела динан тобанашна хьалха тоьшаллаш дейша шайн безамах лаьцна, оха хьакъ долуш шайх дозалла дар а гойтуш.