Skip to content
Opens in a new window
Listen to this chapter • 3:06

[1] Делаца цхьаьна къахьоьгуш долчу оха чӀогӀа дехар до шуьга, Делера шаьш тӀеэцна долу дика эрна ма хилийтийша.

[2] ХӀунда аьлча Дала аьлла: «Халкъе Со резахиларца хьоьжучу заманчохь Суна хьан аз хезира, кӀелхьардоккхучу дийнахь Аса гӀо дира хьуна». Ткъа хӀинца тӀееана Дела вайга резахиларца хьоьжу и зама, хӀинца ду и кӀелхьардовларан де.

[3] Цхьана а хӀуманна тӀехь цхьанна а вас хилийта бахьана ца хуьлуьйту оха, тхаьш деш долу гӀуллакх емал ца дайтархьама.

[4] Мелхо а, массо а агӀор Далла гӀуллакх дийраш санна тхаьш хилар гойту оха: баланаш а, халонаш а, бохамаш а доьналлица тхаьш ловш.

[5] Иза оха гойту тхайна еттачу хенахь, тхо набахти чохь дохкуш, карзахбевллачу наха тхо лелхийна лелош, тхаьш къахьоьгуш, буьйсанна наб яйна лелаш, мацалла ловш.

[6] Иштта, тхайн цӀеначу дахарца, кхетамца, собарца, эсала хиларца, Делан Синца, шалхонаш йоцучу цӀеначу безамца,

[7] билггал бакъдерг кхайкхорца, Делан ницкъаца гойту оха иза. Бакъваран герз тхан аьтту а, аьрру а куьйгашкахь ду.

[8] Тхан ларам а бо, тхо сийсаза а доху. Тхуна лен а лоь, тхо хеста а до. Тхох харцлуьйш дерш до, амма тхо бакъонца лела.

[9] Тхо гӀарадевлла доцуш лору, амма тхо массарна а девза. Тхо делла лору, ткъа тхо лан а ца ле. Тхуна луьра таӀзар до, ткъа тхо дайа а ца дойу.

[10] Тхуна халахетарш до, ткъа тхо гуттара а самукъане ду. Тхо къен ду, амма дуккха а болчарна хьал ло оха. Тхан хӀумма а яц, амма массо а хӀуманан дай ду тхо.

[11] Коринтхой! Оха цӀеначу дегнашца къамел до шуьца. Тхан дегнаш дӀаделладелла ду шуна.

[12] Тхо шух дӀа ца къехка, ткъа шу шайн дегнашкахь тхох дӀакъехка.

[13] Аса сайн берашка санна боху шуьга: «Шайн дегнаш дӀа а деллий, тхо шайца ма-хиллара, хилийша шу а тхоьца».

[14] Ӏийсах тешар доцучаьрца цхьана дукъа кӀел ма лелийша. ХӀун юкъаметтиг ю те бакъдолчунна а, харцдолчунна а юкъахь? ХӀун уьйр ю те серлонна а, боданна а юкъахь?

[15] ХӀун барт бу те Дала леррина Къобалвинчунна а, иблисана а юкъахь? ХӀун цхьаалла ю те тешаш волчунна а, тешаш воцчунна а юкъахь?

[16] ХӀун цхьаьнадогӀург ду те Делан цӀенна а, цӀушна а юкъахь? Тхо дийна волчу Делан цӀа ма ду! Дала Ша ма-аьлла: «Царна юкъахь вехар ву Со, уьш болчохь лелар ву Со. Со церан Дела хир ву, ткъа царах Сан халкъ хир ду».

[17] Цундела Везачу Эло боху: «Царна юкъара дӀа а довлий, царах дӀакъасталаш. Суна хьалха боьха долчу хӀуманах ма хьакхалойша, тӀаккха Аса тӀеоьцур ду шу».

[18] «Со шун Да хир ву, ткъа шу Сан кӀентий а, йоӀарий а хир ду, – боху массо а ницкъийн Везачу Дала».

Векало ПахӀала коринтхошка яздина шолгӀа кехат — Chapters