Skip to content
Opens in a new window
Listen to this chapter • 4:18

[1] КхидӀа дозалла дан деза сан, цунах бала цхьа а тайпана пайда бацахь а. Везачу Эло сайна хьалха хӀиттийначу суьртех а, дӀадиллинчу хӀуманех а лаьцна дуьйцур ду аса.

[2] Суна Дала леррина Къобалвинчуьнца волу цхьа стаг вевза. Дейтта шо хьалха, (дегӀаца я синца ваьккхина ца хаьа суна, иза Далла бен хуур дац) и стаг кхоалгӀачу стигала хьалаваьккхина хилла.

[3] И стаг, (дегӀаца я синца делахь а, суна иза ца хаьа, цхьана Далла бен)

[4] ялсамане кхачийна. Цигахь цхьаьнгге а алалур доцу дешнаш хезна цунна. И дешнаш цхьаммо а ала мегар дац.

[5] Ишттачу стагах дозалла дойла ю сан. Ткъа сайх дозалла дойла яц сан, сайн гӀорасизаллех доцург.

[6] Нагахь сайна дозалла дан лиъча а, со сонта хир вац, аса бакъдерг дуьйцу дела. Амма айса сайх дозаллаш дарх юхауьйзу аса со, шух цхьанна соьгара гиначул а, соьгара хезначул а совдерг ца хетадалийтархьама.

[7] Делера долу даккхий дӀаделладаларш бахьана долуш со кура ца валийта, сан дегӀах цхьа кӀохцал дахийтинера: со хьийзорхьама, иблисан геланча ваийтинера!

[8] Везачу Эле кхузза дехнера аса, и кӀохцал сох дӀакъастаде аьлла.

[9] Ткъа Везачу Эло соьга элира: «Тоьар ду хьуна Соьгара долу дика, хӀунда аьлча Сан ницкъ хьан гӀорасизаллехула кхоччуш гучубоккху». Суна чохь Дала леррина Къобалвинчун ницкъ хилийтархьама, сайн гӀорасизаллех долу дозаллаш совдохур ду аса.

[10] Дала леррина Къобалвинчун дуьхьа иза хиларна, со реза ву сайн гӀорасизаллина а, со дола хетарна а, халонашна а, суна тӀаьхьабовларна а, цатемашна а, хӀунда аьлча со гӀорасиза волччу хенахь сан ницкъ а хуьлу.

[11] Сайх сонтаниг вира аса, амма иза аша дайтира соьга. Сох дозаллаш аша дан дезара, хӀунда аьлча со хӀумма а воцург велахь а, оцу шун «лакхарчу векалел» со цхьана а хӀуманна тӀехь а оьшуш вац.

[12] Шуна юкъахь а хуьлуш, мел долчу собарца со векал хиларан тоьшалла дора ас: аса тамашийна гӀуллакхаш а, инзаре хӀуманаш а, нуьцкъала гӀуллакхаш а дора.

[13] Шуна сайх бала ца бар доцург, кхечу динан тобанашца чул шуьца хӀун вон хилира со? Оцу бехкана къинтӀерадовлалаш суна.

[14] ХӀинца кхозлагӀа а шу долчу ван кийча ву со. Аса бала бийр бац шуна сайх. Шуьгара хӀумма а ца доьху аса, ткъа шу лоьху. Бераш дац шайн дена-нанна бахам бан дезаш, амма дас-нанас шайн берашна бан беза иза.

[15] Лаа а лууш, сайн мел болу бахам а, ур-атталла со-со а дӀалур вара ас шун дуьхьа. Шуьга болу сан безам сов а болуш, соьга болу шун безам лагӀлур буй те?

[16] Шу реза хир ду аьлла хета суна, шуьгара хӀума сайна схьа ца эцна ас. Амма цхьаболчара боху, аса иза сайн мекарлонашца а, хӀилланашца а шуьгара схьаяьккхина.

[17] ТӀаккха шу долчу веанчу цхьанненгахула а сайна пайда ийцирий те аса шуьгара яьккхинчух?

[18] Аса Тите шу долчу вахар дийхира, цуьнца цхьаьна динан вежарех цхьаъ вохуьйтуш. Шуьгара хӀумма а схьаийцирий цо? Дийриг цхьана синехула деш дацара оха, цхьана новкъахула лелаш дацара тхо?

[19] Тхо шайна хьалха бехказадуьйлу-м ца моьтту те шуна хӀинца а? ХӀан-хӀа! Дала леррина Къобалвинчуьнца а долуш, оха Далла хьалха боху шуьга. Ткъа и дерриге а, хьоменаш, шу синца чӀагӀдархьама деш ду.

[20] Кхоьру со, шу долчу веача, сайна луур доцучу тайпана шу хилла карорна. Иштта со кхоьру, со хила луур доцучу кепехь шуна со караварх. Кхоьру со, шуна юкъахь ишттаниг карадарна: девнаш дийлар, хьагӀ хилар, дералла, шена пайда лехар, мотт беттар, харцдерг кхоллар, кураллаш хилар, низам цахилар.

[21] Со кхоьру, шу долчу юхавеача, сан Дала шуна хьалха со лахара хетийтарх. Хьалха къинош а летийна, ткъа хӀинца а сийсаза леларх а, хьарамлонаш лелаярх а, меттаза леларх а дӀа ца бирзина болчу дукхахболчарна тӀехь сайн велха дезарх кхоьру со.

Векало ПахӀала коринтхошка яздина шолгӀа кехат — Chapters