Skip to content
Opens in a new window
Listen to this chapter • 3:02

[1] Тхо юха а тхаьш хесто дуьйладала деза те? Цхьаболчу нахана юкъахь ма-хиллара, вайна юкъахь а лела деза те шуьга дӀа я шуьгара схьа долу хестадаран кехаташ?

[2] Шу шаьш ду тхан дегнаш чохь дӀаяздина долу тхан хестадаран кехат. Иза массо а адамна девзаш а ду, массара доьшуш а ду.

[3] Аша гойту Дала леррина Къобалвинчун кехат шаьш хилар, оха динчу гӀуллакхан жамӀ долу. И кехат шекъанца доцуш, ткъа дийна долчу Делан Синца яздина ду. ТӀулга тӀехь яздина доцуш, ткъа адамийн дегнаш чохь яздина ду иза.

[4] Оцу тайпана болу Делах тешам бу тхан Дала леррина Къобалвинчуьнгахула.

[5] Цхьа хӀума дан похӀма тхайгара ду-м дера ца моьттура тхуна, ткъа тхан и похӀма Делера ду.

[6] Цо Ша делла тхуна похӀма керлачу а, йозанца боьзна а боцуш, ткъа синца боьзна болчу а бартана гӀуллакх дан. ХӀунда аьлча йозанца яздинчо адам доь, ткъа Делан Сино адам дендо.

[7] Шайца валар дахьаш долу, дешнашца тӀулга тӀехь яздина дерг хилла дӀахӀоьттича, Делан сийлалла гучудаьккхира. Исраилхой ур-атталла Муса-пайхамаран сийлаллин нур лепачу юьхь тӀе ца хьажалора, и нур лагӀлуш хиллехь а. Иза а иштта сийлалла долуш хилча,

[8] цул дуккха а сов сийлалла долуш хир дац ткъа Делан Сино дийриг?!

[9] Кхелъярца чекхдолуш дерг а оццул сийлалла долуш хилча, мел тӀех сийлалла долуш ду Далла хьалха адам бакъдарца чекхдоккхург.

[10] ХӀунда аьлча оцу хенахь сийлалла долуш хилларг хӀинца долчул сов долчу сийлалло кхоьлина хуьлуьйту.

[11] Нагахь дӀадер дерг а сийлалла долуш хилча, тӀаккха хӀара цкъа а дӀадер доцург кхин а сийлалла долуш ду.

[12] Тхайн иштта сатийсар долу дела, майрра къамел дан йиш ю тхан.

[13] Исраилан халкъ довр долчу сийлаллин нуьре ца хьежийтархьама, шен юьхь-дуьхьал пардо уллуш хилла волу Муса-пайхамар санна ма дац вай.

[14] Амма церан хьекъал артдина дара. Делаца бинчу ширачу бартах лаьцна долу тептарш шаьш доьшучу хенахь, и санна долу пардо церан кхетамна дуьхьалара дӀадаккхаза дуьсу. Ткъа нагахь санна стаг Дала леррина Къобалвинчуьнца воьзна бен вацахь, и пардо дӀадоккху.

[15] Таханлерчу дийнахь а Муса-пайхамаран Товрат-хьехамаш адамаша боьшуш церан дегнаш тӀехь пардо хуьлу.

[16] Йозанашкахь яздина ма ду: «Иза Везачу Элехьа мосазза воьрзу, и пардо дӀадоккхура».

[17] Веза Эла – Са ду. Ткъа Везачу Элан Са долчохь – паргӀато а ю.

[18] Ткъа вай массара а дуьхьал пардо доцучу яххьашца, куьзгано санна, Везачу Элан сийлалла дӀагойту. Массо а хенахь вайн сийлалла сов а йоккхуш, вай Цуьнан васте хуьйцуьйтуш ду Делан Са долчу Везачу Эло.

Векало ПахӀала коринтхошка яздина шолгӀа кехат — Chapters