[1] Со кхозлагӀа а вогӀу шу долчу. Делан Йозанаша боху: «ХӀорра а бехкевар шина я кхаа тоьшалла дечеран багахула бен чӀагӀдийр дац».
[2] Со шозлагӀа веанчу хенахь, аса дӀахьедар динера къинош летош болчаьрга а, кхиболчу массаьрга а, ткъа хӀинца, со шу долчу дӀавале, ас кхин цкъа а дӀахоуьйту цаьрга: со юха дӀавеача, цхьаннах а къинхетам бийр бац аса.
[3] Соьгахула бохуш верг Дала леррина Къобалвинарг хиларан тоьшалла лоьху те аша? Шуьца ларош волу Иза гӀорасиза вац. Мелхо а, Цо Шен ницкъ шуна юкъахь гойту.
[4] ХӀунда аьлча Иза гӀорасизниг санна жӀарах дӀатоьхнехь а, амма Делан ницкъаца дийна ву. Иштта тхо а ду, Цуьнца долуш гӀорасиза делахь а, амма шун дуьхьа тхо Делан ницкъаца дехар ду Цуьнца цхьаьна.
[5] Баккъалла а тешарехула шаьш дехаш дуй те аьлла, шаьш-шайн зелаш. Шаьш-шайн талла. Я шуна ца хаьа те, Дала леррина Къобалвина Ӏийса шуьца вуйла? Я зерах чекх ца девлла те шу?
[6] Зерах чекх ца довлалуш тхо ца диснийла шуна хуур ду аьлла, со тешна ву.
[7] Оха Деле доӀанаш до, шуьга цхьана а тайпана зулам ца дайтар доьхуш. Иза оха ца доьху, тхаьш зерах чекхдевлла хилар гайтархьама, амма тхо зерах чекх ца девлла шуна моьттушехь, шуьга дика дайтархьама доьху.
[8] ХӀунда аьлча билггал бакъдолчунна дуьхьалдовла ницкъ бац тхан, амма цунна гӀоле хӀума дан ницкъ болуш ду.
[9] Тхо гӀорасиза долчу хенахь, шу ницкъ болуш хиларна даккхийдеш ду тхо. Оха Деле доӀанаш до, шун кхоччуш кхиар хилар доьхуш.
[10] Со шу долчу вале, яздо аса шуьга, шу долчу веача, Везачу Эло сайна хӀаллакдан а доцуш, синца чӀагӀдарна деллачу олаллица со шуьца тӀех буьрса ца хилийтархьама.
[11] Чекхволуш, динан вежарий, маршалла ло ас шуьга! Кхоччуш хила гӀерталаш, сан кхайкхамашка ладогӀалаш, шайн ойланашца цхьаалла йолуш хилалаш, машарца Ӏелаш. ТӀаккха безаман а, машаран а волу Дела шуьца хир ву.
[12] Доггах вовшашка маршаллаш хатта. Делан долахь болчу массара а маршаллаш доуьйту шуьга.
[13] Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан дика а, Делан безам а, Делан Синан тӀекаре а хуьлийла шуьца массаьрца а.