[1] Аса сайн дагахь сацам бира, со шу долчу вогӀуш, юха а шун дог дохош ца ван.
[2] ХӀунда аьлча аса юха а шун дог дохийча, хьан дийр дара суна хазахетар, аса халахетийтина долчу шу доцучара?
[3] Оцу дерригенах а лаьцна аса яздира шуьга, со веанчу хенахь шуьгара хазахетар лоьхучу сайна халахетар ца хилийта. Со шух массарах тешна ву, сан хазахетар шуна а массарна хазахетар ду аьлла.
[4] Аса боккхачу дегалазамца, дегаӀаткъамца, дуккха а долу сайн бӀаьрхишца яздинера шуьга и кехат. Иза шун дог лазорхьама яздина дацара. Шуьга болу сайн тӀех боккха безам шуна бовзийта яздинера аса иза.
[5] Нагахь цхьаммо дог дохийнехь а, цо сан дог ца дохийна, амма цхьана декъана шун массеран а дохийна, тӀех луьра ца олуш дитича.
[6] Дукхахболчара дина таӀзар тоьар ду иштта волчунна.
[7] Цундела шуна гӀолехь ду, хӀинца цунна къинтӀера а девлла, цуьнан догъэцча, иза йоккхачу гӀайгӀане ца вахийта.
[8] Аса доьху шуьга цундела, цуьнга шайн безам хилийтар.
[9] Иза аса яздинера, шу зийначул тӀаьхьа, шу массо а хӀуманна тӀехь соьга ладугӀуш дуй те хьажархьама.
[10] Шу къинтӀера девллачунна со а ваьлла, хӀунда аьлча со хӀуманна къинтӀера вала везаш хилча а, аса иза шуна диканна дина Дала леррина Къобалвинчунна хьалха,
[11] иблисе цхьана а тайпанчу мекарлонца шуна тӀехь толам ца баккхийтархьама. Вайна-м цуьнан лаамаш бевзаш ма бу.
[12] Дала леррина Къобалвинчух болу хаза кхаъ дӀакхайкхо Троя-гӀала со веанчу хенахь, Везачу Эло суна цигахь къахьега неӀ дӀайиллира.
[13] Амма со синтем байна вара, хӀунда аьлча цигахь суна сайн динан ваша волу Тита ца карийра. И бахьанехь, церан Ӏодика а йина, со Македоне вахара.
[14] Амма Далла баркаллаш бохийла вай! Ша леррина Къобалвинчуьнгахула вайна тӀехь толам а баьккхина, муьлххачу хенахь а вай толаман тобанехь лоьлуьйту Цо. Дала леррина Къобалвинарг вовзаран хаза хьожа вайгахула массанхьа а дӀасаяржайо Цо.
[15] КӀелхьарбовларан некъа тӀе бевллачарна а, хӀаллакьхиларан новкъахь болчарна а юкъахь Дала леррина Къобалвинчо Далла доккху хаза хьожа йогӀу сагӀа санна ду вай.
[16] ХӀаллакьхиларан новкъахь болчарна иза Ӏожаллин хьожа ю, уьш валаре а буьгуш. Ткъа кӀелхьарбовларан новкъахь болчарна иза хаза хьожа ю, уьш дахаре а буьгуш. Хьаьнга далур дара и дерриге а?
[17] Делан дош талхадечу дукхахболчаьрца тхо нисдан йиш яц. Мелхо а, оха и дош доггах а, Делан цӀарах а, Цунна хьалха а кхайкхадо, Дала леррина Къобалвинчуьнца доьзна а долуш.