Skip to content
Opens in a new window
Listen to this chapter • 5:44

[1] Со жимма сонта хиларна, сатохахьара аша суна. Билггал сатохийша суна!

[2] Дикачу агӀор йолу эмгаралла ю сан шуьца, иза Делера а ю. Ас шуна захало дийцира цхьана стагаца, иза Дала леррина Къобалвинарг ву. Цунна хьалха, цӀена йоӀстаг санна, шу дӀахӀитто лаьа суна.

[3] Амма со кхоьру, шен хӀилланца лаьхьано Ӏехийна йолу Хьава санна, Дала леррина Къобалвинчунна догцӀена а, даггара а тешаме хиларх мухха а шун хьекъалш ледийр дуй те аьлла.

[4] ХӀунда аьлча аша самукъадаларца тӀеоьцу оха шуна хьехнарг а воцуш, кхин Ӏийса шайна хьоьхуш верг. Иштта, тхоьгара схьаэцначу Синах а, хазачу кхоах а тера доццушехь, кхин тайпана долу са а, хаза кхаъ а атта тӀеоьцу аша!

[5] ХӀунда аьлча оцу шун «лакхарчу векалел» со цхьана а хӀуманна тӀехь а оьшуш ца хета суна.

[6] Кхоччуш хаза къамелаш ца дан там бу аса, амма кхетам тӀехь цатоам бац сан. Цунах-м оха массо а хӀуманна тӀехь шу тешийна.

[7] Хаза кхаъ айса шуна дӀакхачош, шуьгара мах а ца боккхуш, шу лакхадахархьама, со лахара а хоьтуьйтуш лелаш хилча, къа латийна хуьлий те аса?

[8] Шуна гӀуллакх дархьама, кхечу динан тобанашкара лечкъош верг санна хуьлура со, цаьргара ахча схьа а оьцуш.

[9] Шу долчохь тхо долуш, цхьацца хӀуманна тӀехь тхаьшна эшам хуьллушехь, шуна цхьанна а бала ца бора оха тхайх. ХӀунда аьлча суна оьшуш дерг Македонера баьхкинчу динан вежарша кхочушдора. Массо а хӀуманна тӀехь шуна сайх бала ца бан гӀиртира со, хӀинца чул тӀаьхьа гӀертар а ву.

[10] Дала леррина Къобалвинчун бакъдерг билггал сайна чохь хиларца аса чӀагӀо йо, Аса дозалла дар Ахай-махкахь цхьаммо а соьгара дӀадоккхур дац аьлла.

[11] ХӀун бахьана ду те цуьнан? Дуй те иза, суна шу ца деза бохург? Далла хаьа, суна шу мел деза!

[12] Амма хӀинццалц леллачу тайпана кхидӀа а лелар ву со, оцу вукху «векалийн», шаьш тхох тера векалш ду аьлла, дозалла дан йиш ца хилийта.

[13] ХӀунда аьлча уьш харцвекалш а, мекара гӀуллакхдийраш а бу. Цара шаьш Дала леррина Къобалвинчун векалш ду моттуьйту.

[14] Иза инзарвала хӀума дац, хӀунда аьлча иблисо ша а моттуьйту ша серлонан малик ду.

[15] Цундела доккха хӀума а дац, нагахь цуьнан гӀуллакх деш тӀаьхьахӀиттинчара шаьш Делан лаамна гӀуллакхаш до моттийтича а. Амма церан чаккхе церан гӀуллакхашка хьаьжжина хир ю.

[16] Аса юха а боху: цхьанна а со сонта ву ма мотталаш. Ткъа шайна со иштта хеташ велахь а, со сонтаниг санна тӀеэцийша, сан жимма а сайх дозалла дан йиш хилийта.

[17] Айса дуьйцург Везачу Элаца волуш санна ца дуьйцу аса, ткъа шен къамелах тешна Ӏаш волчу сонтачо санна дуьйцу.

[18] Кху дуьнен чуьра болчара санна, дукхахболчара дозалла деш хилча, аса а дийр ду дозалла.

[19] ХӀунда аьлча аша, кхетам болуш долчу адамаша, дог дарца садетта оцу сонтачарна.

[20] Аша са ма туху, шайх леш дича а, шайна бала бича а, шайга харж яйтича а, шайна кураллаш йича а, шайн юьхь тӀе йиттича а.

[21] Сайн эхьана эр ду аса, цу тайпана долу гӀуллакхаш лело тхан ницкъ ца кхочура. Нагахь цхьана хӀуманна тӀехь цхьаъ дозалла дан ваьхьаш велахь – аса сонтачо санна боху – со а ваьхьар ву дозалла дан.

[22] Уьш Ӏебархой буй? Со а ву. Уьш исраилхой буй? Со а ву. Уьш ИбрахӀиман хӀух буй? Со а ву.

[23] Уьш Дала леррина Къобалвинчунна гӀуллакх дийраш буй? Аса хьераваьллачо санна дуьйцу, амма со царал а сов Дала леррина Къобалвинчунна гӀуллакх дийриг ву. Цара чул а дукха къахьоьгура аса. Царал а дукха набахти чохь воллура. Царна чул а дукха шодмаш еттара суна. Уьш хуьлучул а дукхазза а Ӏожаллин кхерамехь хуьлура со.

[24] ЯхӀудхоша пхоьазза шед йиттина суна, хӀоразза а ткъе ткъайоьсназза а тухуш.

[25] Кхузза гӀожмаш йиттина суна. Цкъа тӀе тӀулгаш кхиссина суна. Со тӀехь а волуш, хӀордкема кхузза дуьйхира, аса цхьа дей-буьйсий хӀорда чохь а даьккхира.

[26] Мосуьйттазза араваьлла леларг хилла а лелла со. ТӀедевллачу хишкахьара кхерамаш а хилла суна. Талорхошкахьара кхерамаш а хилла суна. Сайн тайпанах болчу нахехьара а кхерамаш хилла. Кхечу къаьмнашкарчу нахехьара кхерамаш беана. ГӀалахь а, яьссачу аренгахь а, хӀорда тӀехь а кхерам болуш лелла со. Динан харцвежаршкахьара кхерамаш лайна аса.

[27] Иштта къахьоьгуш а, болх беш а хилла со. Дукхазза а наб йоцуш а, меца волуш а, хьогах волуш а, кхача боцуш а, шело ловш а, тӀеюха бедар йоцуш а хан яьккхина аса.

[28] Кхузахь хьахийна хӀуманаш доцург, ерриге а динан тобанийн баланийн Ӏаткъам кхочу суна.

[29] Мила ву гӀело хьоьгуш, аса а шеца гӀело хьоьгуш воцург? Мила ву галвалийтина, со кийрахь шех вогуш а воцуш?

[30] Айса дозалла дан дезахь, сайн гӀорасиза хиларх дозалла дийр ду аса.

[31] Гуттара а декъала волу Веза Эла волчу Ӏийсан Да волчу вайн Далла хаьа, со харц луьйш воцийла.

[32] Со Дамасакхехь волчу хенахь, ХӀарти-паччахьан мехкадас Дамасакх-гӀалин Ӏуналла дора, со схьалаца дагахь. Ткъа со корехула тускар чохь пенаца охьаваийтира. Иштта кӀелхьарвелира со цуьнан карара.

Векало ПахӀала коринтхошка яздина шолгӀа кехат — Chapters