[1] Цундела, гонах тешийн бӀо хиларна, ваьшна тӀера массо а новкъарло а, ваьшна гонах хьаьрчаш долу къа а дӀадоккхийла вай. Доьналла а долуш, ваьшна хьалха хуьлучу къийсаман новкъахула дӀадовдийла вай,
[2] тешар кхоьллина а, кхочушдина а волчу Ӏийсана тӀе а хьоьжуш. Цо Шена хин долчу хазахетаран дуьхьа жӀара тӀехь валар лайра, эхь тӀе дар тергал а ца деш, нехан кхардам тидаме а ца оьцуш. Ткъа хӀинца Иза Делан паччахьан гӀантана аьтту агӀор, баьрччехь, хиъна Ӏаш ву.
[3] Къинош летийначу нахера сел чӀогӀа къизалла Лайначун ойла ел аш, шаьш доьналла доцуш ца диса а, дог эшна ца хилийта а.
[4] Къинна дуьхьал а девлла, цӀий Ӏаннол чӀогӀа латар ца хилла шун хӀинца а.
[5] Делан кӀентий долчу шуьга, шу иракарахӀиттош, аьлла дешнаш диц-м ца делла шуна? «Сан кӀант, Везачу Эло хьо нисварх ца вешаш ма хила, Цо хьайна дечу таӀзарна гӀайгӀане а ма вожа.
[6] ХӀунда аьлча Шена везаш верг, таӀзар а деш, нисво Везачу Эло. Ша тӀеоьцуш волчу кӀантана етта а етта Цо».
[7] Шаьш нисдеш долу таӀзар ла, хӀунда аьлча оцу таӀзар даро гойту, Далла шу кӀентий санна хетар. ХӀунда аьлча дас нисдеш долу таӀзар даза кӀант хир а вуй?
[8] Ткъа массо а кӀантана деш долу таӀзар шуна деш дацахь, шу кӀентий дац, шу къотӀалгӀадина бераш ду.
[9] Нагахь вайна таӀзар деш болу дуьнен чуьра дай вай лоруш хилча, синойн Дена кхин а чӀогӀа муьтӀахь хила ца деза вай, дахар хилийтархьама?
[10] Вукхара шайна дика хетачу агӀор кӀезигчу ханна таӀзар дора вайна, ткъа Кхо – вайна пайда хилийта, вайга Шен возаллехь дакъа лацийта до.
[11] Карарчу хенахь муьлххачу а таӀзаро самукъадалар ца дахьа, сингаттам бен. Делахь а тӀаьхьа цуьнгахула нисбеллачара машаре а, Делан лаамехь а долчу дахаран стом буур бу.
[12] Цундела хьалаайа шайн охьадахана куьйгаш, чӀагӀъе шайн малъелла голаш.
[13] Нийсачу новкъахула лела, астагӀа лелхарш гал ца бовлийта, мелхо а тобалийта.
[14] Массо а адамца машаре хила, ткъа Далла гергахь цӀена хила хьовса. ЦӀеналла ца хилча, цхьанна а Веза Эла гур вац.
[15] Къаьсттина тидаме хила шайна юкъара цхьаъ Делан диканах дӀа ца къастийта, «къаьхьачу орамех дӀаьвше маргӀал хьала а даьлла, цуьнга дуккха а нахана зен ца дайта».
[16] Шуна юкъахь, боьха хӀуманаш лелош а, Ӏесаваьлла а стаг ца хилийта, Ӏесав санна, цкъа юучу хӀуманах хьалха дуьнен чу ваьллачун бакъо дӀалуш.
[17] Шуна хаьа, цул тӀаьхьа Ӏесавана лиира дас ша декъалван, амма иза дӀатесна хилира. Цуьнга хӀумма а ца хийцаделира, воьлхуш, цо дехарш дича а.
[18] Шу герга ца даьхкина куьг Ӏоттал уллохь болчу а, цӀе летта богучу а ламанна а, Ӏаьржачу боданна а, чӀогӀачу махана а,
[19] локхучу маӀан озана а, деш долчу къамелана а. И къамел хезачара дехарш дора, кхин шайга дош ма алахьара бохуш.
[20] ХӀунда аьлча цаьрга лан ца лора шайна тӀедожош дерг: «Нагахь хьайба а ломах дӀахьакхалахь, цунна тӀулгаш кхисса деза, иза хӀаллакьхиллалц».
[21] Царна гуш дерг сел буьрса хиларна, Мусас ша а элира: «Со кхоьруш а, вегош а ву».
[22] Амма шу тӀедахана Цийон-ламанна, дийначу Делан гӀала йолчу стигаларчу Ярушалаймана, эзарнаш маликийн
[23] самукъанечу гуламна, стигалшкахь цӀераш дӀаязйинчу Делан дуьххьарчеран леррина болчу гуламна, массеран Кхелахо волчу Далла, кхачамалле кхаьчначу Делан лаамехь болчеран синошна,
[24] керлачу бертан Юкъарлонча волчу Ӏийсана, Хьабулан цӀийнал а дика кхаъ буьйцуш долчу, тӀехьорсучу цӀийн цинцашна.
[25] Хьовсалаш, къамел Дечуьнгахьара дӀа ма дерзалаш. Нагахь, Лаьтта тӀехь къамел дечуьнга ла а доьгӀна, уьш а кӀелхьара ца бевллехь, вай муххале а кӀелхьардевр дац, стигалара къамел Дечуьнгахьара дӀадерзахь.
[26] Цу хенахь Цуьнан озо Латта дегийра, ткъа хӀинца Цо боху: «Ас кхин цкъа а, Латта дегийна ца Ӏаш, стигал а егор ю».
[27] «Кхин цкъа а» бохучу дешнаша гойту дегалуш дерг (и ду кхоьллинарг) дӀадаккхар, ца дегалуш дерг дисийтархьама.
[28] Цундела вай, егалур йоцу пачхьалкх тӀеоьцу ерш, Далла баркалла олуш хила деза. Баркалла а долуш, Цунна товш йолчу кепара Далла Ӏамал ян еза вай, ларамах дуьзна а, кхоьруш а долуш,
[29] хӀунда аьлча «вайн Дела массо а хӀума дӀахьулъеш йолу цӀе ю».