[1] Малки-ЦӀадакъа Шалейм-гӀалин паччахь а, Веза Воккхачу Делан динан да а вара. Паччахьашна тӀехь толам а баьккхина, цӀа вогӀуш волчу ИбрахӀимна дуьхьал а вахана, иза декъалвира Малки-ЦӀадакъас.
[2] Ша тӀамехь мел даьккхинчух уьтталгӀа дакъа цунна дӀаделира ИбрахӀима. Малки-ЦӀадакъин цӀе ши маьӀна долуш ю: цкъа-делахь, «нийсонан паччахь», шолгӀа-делахь «Шалейман паччахь», ткъа иза «машаран паччахь» бохург ду.
[3] Делан Йозанаша хӀумма а ца боху цуьнан дех а, ненах а, гергарчу нахах а, цуьнан дахаран доладаларх а, чаккхенах а лаьцна. Делан КӀант санна, гуттаренна а динан коьрта да ву иза.
[4] Шуна го, шен тоьллачу хӀонсах уьтталгӀа дакъа ИбрахӀима делларг мел сийлахь ву.
[5] Левин тӀаьхьенах болчу динан дайн бакъо ю халкъера цуьнан пайданах уьтталгӀа дакъа схьаэца, ИбрахӀимах схьабевлла шайн вежарий уьш боллушехь.
[6] Малки-ЦӀадакъас, ша Левин тӀаьхьенах вацахь а, ИбрахӀимера уьтталгӀа дакъа схьа а эцна, Дала чӀагӀо йина волу иза декъалвира.
[7] Шеко яц цхьаъ декъалвеш верг ша декъалвечул а лакхара хиларан.
[8] УьтталгӀа дакъа схьаоьцуш берш дуьнен чохь бехаш а, леш а болу нах бу, ткъа Малки-ЦӀадакъах – иза дийна ву аьлла.
[9] Ала мегар ду, уьтталгӀа дакъа схьаоьцуш волчу Левис ша а ИбрахӀимехула и уьтталгӀа дакъа делла.
[10] ХӀунда аьлча дуьнен чу валаза волу Леви шен ден ИбрахӀиман цӀийца вара, Малки-ЦӀадакъа цунна дуьхьалвеача.
[11] Левин тӀаьхьенах болчу динан дайшкахула халкъо кхачамалла схьаоьцуш хилча (ткъа цуьнга хьаьжжина, товрат-хьехамаш халкъана дӀабелла), Малки-ЦӀадакъин даржехь кхин динан да стенна оьшура, АхӀаронан даржехь а ца хуьлуш?
[12] Динан дайн тайпа хийцалуш хилча, Далла гӀуллакх муха дан деза дуьйцу хьехам а хийцабала безаш бу.
[13] Вай Вуьйцург кхечу тайпанна юкъавогӀуш ву, царах цхьа а сагӀа доккхучу кхерчана уллохь гӀуллакх деш ца хилла.
[14] Хууш ду, вайн Веза Эла ЯхӀудан тайпанах схьаваьлла хилар. Ткъа Мусас хӀумма а ца аьлла цу тайпанах болчу динан дайх лаьцна.
[15] Иза кхин а чӀогӀа билгалдолу, Малки-ЦӀадакъин даржехь кхин динан да гучуваьлча.
[16] Адамийн схьадовлар муха хила деза гойтучу парзашца хилла вац Иза динан да, хедар доцучу дахаран ницкъаца хилла ву.
[17] ХӀунда аьлча Цунах лаьцна иштта аьлла: «Гуттаренна а динан да ву Хьо Малки-ЦӀадакъин даржехь».
[18] Цхьана агӀор хьалха тӀедиллина хилла парз дӀадоккху, иза ледара а, пайден доцуш а хиларна,
[19] (Мусас беллачу товрат-хьехамо цхьа а хӀума кхачамалла йолуш ма ца дерзийна), вукху агӀор хӀинца вайна лучу дикачу сатийсамо вай Далла гергахьа кхачадо.
[20] Дала чӀагӀо ярца хилла ду и гӀуллакх. Вуьш, цхьа а чӀагӀо ца еш, динан дай хиллехь а,
[21] Ӏийса чӀагӀо ярца хилла, Цунах лаьцна иштта олуш хилча: «Везачу Эло чӀагӀо йина, ткъа цунна тӀера юха ца волу Иза: „Гуттаренна а динан да ву Хьо“».
[22] Цунах гуш ду Ӏийса тоьллачу бертан закъалт хилар.
[23] Динан дай дуккха а хилла, хӀунда аьлча Ӏожалло кхидӀа шайн гӀуллакх ца дойтура цаьрга.
[24] Ткъа Ӏийса гуттар а хиларна, динан дас санна Цо Далла гӀуллакх дар а хедар доцуш ду.
[25] Цундела Шегахула Далла тӀевогӀург Цуьнга кхоччуш кӀелхьарваккхало, хӀунда аьлча Иза гуттар а дийна ву, Цо доӀанаш дийр ду Ша кӀелхьарбохучарах.
[26] Иштта динан коьрта да вайна оьшуш а ву: веза а, бехк боцу а, цӀена а, къинош летийначарах дӀакъастийна волу а, стигалал лакха хьалаваьккхина волу а.
[27] Динан вукху коьртачу дайн санна, хӀора дийнахь цкъа хьалха Шена тӀера, юха нахана тӀера сагӀанаш даха ца деза Цуьнан, хӀунда аьлча Цо гуттаренна а цкъа даьккхина сагӀа, Ша дӀа а велла.
[28] Товрат-хьехамца динан коьрта дай кху дуьненан нах хӀиттабора, адамийн ледарлонаш церан елахь а. Ткъа товрат-хьехамал тӀаьхьа еанчу дуйнан чӀагӀоно динан коьрта да хӀоттийра гуттаренна а кхачаме вина волу Делан КӀант.