[1] Тешар сатуьйсуш долчунна тӀехь латтар а, ца гуш долчух шеко йоцуш хилар а ду.
[2] Церан тешар хиларна, Дала хастийна хьалхалерчу заманахь баьхнарш.
[3] Тешар хиларна, вай кхета дуьне Делан дашца кхоьллина хиларх, иштта гуш дерг цагучух схьадаьлла хиларх.
[4] Тешар хиларна, Хьабула Кхаима чул тоьлла сагӀа даьккхира Далла. Цуьнан тешар бахьана долуш Дала, Хьабула деана совгӀаташ схьа а эцна, иза Шен лаамехь хиларан тоьшалла дира. Хьабул кхелхинехь а, шен тешар хиларна, къамел деш ву иза хӀинца а.
[5] Тешар хиларна, валар хӀун ду ца хууш, стигала хьалаваьккхина ХӀанох: «...иза ца карийра, Дала иза дӀаэцна дела». ХӀанох дӀаэцале, Дела цунна реза ву аьлла, тоьшалла до Делан Йозанаша.
[6] Тешар ца хилча, Дела реза войла дац. Далла тӀевогӀуш верг теша веза Иза хиларх а, Цо Ша леррина лоьхучунна совгӀат луш хиларх а.
[7] Тешар хиларна, цу хенахь хӀинца а ган йиш йоцуш долу хӀума Дала шега хаийтича, Нохьас, Деле болчу ларамах вуьзна, хинкема дира, шен доьзал кӀелхьарбаккхархьама. И тешар хиларна, цо дуьненна кхел йира, ткъа ша Делан лаамехь верг хилира: тешарехула Шена хьалха бакъвина хиларан тӀаьхьало елла цунна Дала.
[8] Тешар хиларна, Дала шена тӀедиллинарг кхочушдеш, шен дола доккхур ду аьллачу лаьтта тӀе вахара ИбрахӀим. Ша стенга воьду а ца хууш, дӀавахара иза.
[9] Шен тешар хиларна, шена лур ду аьллачу лаьтта тӀехь Ӏийна иза, тӀевеана стаг хийрачу махкахь санна. Четарш чохь Ӏийна иза, цуьнца цхьатерра ваӀданех тешна волу Исхьакх а, Якъуб а ма-Ӏарра.
[10] Дела суртдиллархо а, гӀишлоярхо а волуш, ондачу бух тӀехь гӀала схьаяре хьоьжуш Ӏара ИбрахӀим.
[11] Тешар хиларна, шен зуда Сарат доьзалхо хуьлуш яцахь а, ша ханна воккха воллушехь, да хиларан хьуьнар тӀеийцира ИбрахӀима, хӀунда аьлча цунна хаьара, Дала Ша аьлларг кхочушдойла.
[12] Цундела цхьа ког коша а бахана волчу стагах схьабевлла, стигалара седарчий а, хӀордан берда тӀера гӀум а санна, дукха нах.
[13] Уьш берриге а, тешар а долуш, белла, лур ду аьлларш схьа а эцаза. Амма царна и хӀуманаш геннахь гина, уьш царах баккхийбеш хилла. Цара шайх лаьцна аьлла, шаьш девлла леларш а, тӀедаьхкина нах а ду лаьтта тӀехь.
[14] Иштта шайх лаьцна бохучара шаьш чубогӀу болу мохк шаьш лоьхуш хилар гойту.
[15] Нагахь церан дагахь шаьш дӀатесна даймохк хиллехьара, церан хан яра цига юхадерза.
[16] Амма уьш тоьллачу даймахке сатесна бу – стигаларчу даймахке. Цундела, наха Ша церан Дела ву аьлча, Далла эхь ца хета: Цо царна гӀала кечйина.
[17] Тешар хиларна, ИбрахӀима, ша зийча, сагӀа даккха Исхьакх валийна. Шена лур ду аьлларш тӀеэцнехь а, шен цхьаъ бен воцу кӀант сагӀина дӀавала резахилла иза.
[18] Цу кӀантах лаьцна аьлла хилла: «Исхьакхах хир ю хьан тӀаьхье».
[19] ИбрахӀимна дагахь дара, Делан ницкъ бу велларг а денван аьлла – ткъа цо шен кӀант веллачуьра санна схьаийцира.
[20] Тешар хиларна, Исхьакха декъалвира Якъуб а, Ӏесав а, церан хиндолчуьнга хьаьжжина.
[21] Тешар хиларна, ша леш, Якъуба декъалбира Юсупан кӀентий, шен Ӏасанна тӀе а вазлуш, Далла Ӏамал йора цо.
[22] Тешар хиларна, Юсупа, ша лечу хенахь, исраилхой Мисарара арабевр бу аьлла а дийцира, шен даьӀахкех весет а дира.
[23] Тешар хиларна, Муса вича, цуьнан дас-нанас кхаа баттахь лечкъош лелийра иза, хӀунда аьлча царна гора бер хаза хилар. Паччахьан омранах кхера ца белира уьш.
[24] Тешар хиларна, ша воккха хилча, пирӀунан йоӀан кӀант ву ала дуьхьал хилира Муса.
[25] Делан халкъаца халонаш лан резахилира иза, йоццачу ханна долу къилахь самукъадалар лелочул.
[26] Дала леррина Къобалвинчун сийсазвар шена доккхаха хьал лерира Мусас Мисар-мехкан хазнел а. Иза шена лун долчу совгӀате хьоьжура.
[27] Тешар хиларна, Мисар-мохк дӀатесна цо, паччахьан оьгӀазаллех а ца кхоьруш, хӀунда аьлча, ца гуш Волчуьнга хьоьжуш санна, доьналла долуш вара иза.
[28] Тешар хиларна, нахе Пасахьан деза де кхочушдайтира цо, цӀийн цинцаш неӀаран гурашна тӀе а деттийтира цо, исраилхойн дуьххьара хилла бераш мулкалмоте хӀаллак ца дайта.
[29] Тешар хиларна, лаьтта тӀехула санна, ЦӀечу хӀорда чухула дехьабевлира уьш. Изза дан гӀоьртина мисархой хи буха бахара.
[30] Тешар хиларна, Ерихон-гӀалин пенаш охьаийгира, исраилхоша царна ворхӀ дийнахь гонаш даьхча.
[31] Тешар хиларна, Далла муьтӀахь боцучу кхечу нахаца хӀаллак ца хилира гӀалане хьовса къайлаха баьхкина исраилхой тӀелаьцна йолу, нахаца лела Рахьаб.
[32] Кхин хӀун эр дара ас? Хан тоьар яц суна ГадӀанах а, Баракхах а, Шамшонах а, Яптахьах а, Даудах а, Шамъалах а, пайхамарех а лаьцна дийца.
[33] Тешар хиларна, пачхьалкхашна тӀехь толамаш а бохуш, нийсо а лелайойтуш, Дала лур ду аьлла хӀуманаш схьа а оьцуш, лоьмийн баганаш дӀа а къовлуш,
[34] буьрса цӀе а йойуш, ирачу туьрах кӀелхьар а довлуш, гӀелделча, дегӀе ницкъ а богӀуш, тӀамехь онда а хуьлуш, мостагӀийн эскарш а лохкуш, хилла уьш.
[35] Тешар хиларна, зударша шайн делла бераш, ден а луш, схьаоьцуш хилла. Цхьаберш, ницкъ а беш, бойуш хилла, амма цара паргӀато схьаоьцуш ца хилла, тоьллачу дахарехь шайн дендалар хилийтархьама.
[36] Кхечара сийсаздар а, еттар а, буржалш а, набахти а лайна шайна тӀехь.
[37] Царна тӀулгаш а кхуьссура, уьш херхашца хеда а бора, таррашца байа а бойура. Чудаха цӀа а доцуш, уьстагӀийн а, гезарийн а кхекхий а хьерчийна, лелла уьш, халонаш а, баланаш а, наха шайна беш болу ницкъ а ловш.
[38] Дерриг а дуьненал лакхара болу уьш яьссачу аренашкахула, лаьмнашкахула, хьехашкахула, Ӏаннашкахула бевлла лелара.
[39] Тешар хиларна, Делера баркалла хилла царна, амма лур ду аьлларг схьа ца эцна цара.
[40] Дала вайна цхьа тоьлла хӀума билгалдаьккхинера, уьш вайца цхьаьна бен кхачаме ца хилийтархьама.