Skip to content
Opens in a new window
Listen to this chapter • 5:15

[1] Товратан хьехамаш хин долчу диканийн ӀиндагӀ ду, церан билггал долу васт а доцуш. Цундела хӀора шарахь гуттар а дохучу сагӀанашкахула цу товрат-хьехамийн Далла гергабогӀу нах кхоччуш хилийта ницкъ ца кхочу.

[2] Кхечу тайпана хилча, цара и сагӀанаш дохур дацара, хӀунда аьлча цкъа къинах цӀан а белла, кхин шайн къинош туосалур дацара царна.

[3] Амма сагӀанаш дахарца хӀора шарахь а къинош дагадохкуьйту.

[4] ХӀунда аьлча стерчийн а, бежалойн а цӀийно къинош дӀадохур дац.

[5] Цундела дуьнен чу вогӀучу хенахь Дала леррина Къобалвинчо элира: «СагӀанаш а, совгӀаташ а ца дийзи Хьуна, амма Суна дегӀ кечди Ахьа.

[6] Дийнаташ дагоран а, къинойх долу а сагӀанаш ца тайна Хьуна.

[7] ТӀаккха Ас элира: „Хьажахьа, со кийча ву, товрат-хьехамийн тептар тӀехь суна лерина яздина ду. Хьан лаам кхочушбан вогӀу Со, Дела“».

[8] Цкъа хьалха Цо боху: «Я сагӀанаш а, совгӀаташ а, я дийнаташ дагоран а, къинойх долу а сагӀанаш а Хьуна деза а ца дийзи, тан а ца тай» (товрат-хьехамаша иза тӀедуьллуш делахь а).

[9] Цул тӀаьхьа Цо тӀетуху: «Хьан лаам кхочушбан вогӀу Со». Хьалхарниг дӀадоккху Цо шолгӀаниг чӀагӀдархьама.

[10] Оцу лаамца даздина ду вай, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан дегӀ цкъа гуттаренна а сагӀина даларна.

[11] Муьлхха а динан да хӀора дийнахь Далла Ӏамал еш ву, цкъа а къинош дӀадахалур доцу цхьатерра сагӀанаш мосуьйттазза а дохуш.

[12] Ткъа Иза, гуттаренна а къинойх цхьа сагӀа а даьккхина, Далла аьтту агӀор охьахиъна,

[13] Шен когашка Шен мостагӀий Дала охьабахккалц, хьоьжуш.

[14] Цкъа даьккхинчу сагӀанца Цо гуттаренна а кхачаме бина базбеш берш.

[15] Цунах лаьцна Делан Сино а тоьшалла до вайна кху дешнашца:

[16] «Иштта барт бийр бу Аса цаьрца, хӀара денош дӀадевлча, – боху Везачу Эло. – Айса тӀедуьллург церан дегнаш чу дуьллур ду, церан кортош тӀехь яздийр ду Аса».

[17] ТӀаккха Цо тӀетуху: «Церан къинош а, харцонаш а кхин дага а йохкуьйтур яц Аса».

[18] Ткъа къиношна гечдина хилча, царах сагӀанаш даха кхин ца оьшу.

[19] Иштта, вежарий, Ӏийсан цӀий бахьана долуш Делан стигалахь йолчу цӀийнан уггар езачу чоьнна доьналла долуш чудаха аьтто бу вайн.

[20] Ӏийсас, Шен дегӀ сагӀина дӀадаларца, керла некъ схьабиллина вайна цига. Дийна волу Ӏийса Ша бу и некъ, ткъа и некъ Делан цӀийнан уггар езачу чоьнна дуьхьал оьллина долчу кирхьанах чекхболуш бу.

[21] Иштта, сийлахь динан коьрта да стигалахь долчу Делан цӀенна тӀехь хӀоттийна ву вайн.

[22] ЦӀеначу дагаца, чӀогӀачу тешарца Далла гергахьа кхочийла вай, цинцаш тохарца вайн дегнаш бехк тӀелацарх цӀан а дина, вайн догӀмаш цӀеначу хица а дилина.

[23] Ваьш сатуьйсург чӀогӀа лардан деза вай, хӀунда аьлча ваӀда Динарг тешаме ву.

[24] Вовшийн терго йойла вай, безамна а, дикачу гӀуллакхашна а ваьш иракара а хӀиттош.

[25] Вешан гуламаш дӀатосуш ма хуьлийла вай, цхьаболчара иза ма-дарра. Цул а вовшашна гӀо дойла вай, Везачу Элан де гергакхочуш хилар шайна мел ги, алсам а деш.

[26] Вай, бакъдолчух дерг а хиъна, къинош ма-луъу летош хилча, къинах даккха сагӀа кхин ма ца дуьсу вайн.

[27] Дуьсург цхьаъ ду: хинйолу кхел а, Делан мостагӀий дӀакхоллу йолу цӀе а тӀеяре кхерамца хьежар.

[28] Муса-пайхамаран товрат-хьехамаш талхийнарг къинхетам боцуш вуьш ву, нагахь шиъ я кхоъ теш велахь.

[29] Ойла ел, мел чӀогӀа таӀзар дийр ду Делан КӀант емалвинчунна, Делаца бина барт чӀагӀбина а, ша вазвина а долчу цӀийн дозалла ца лериначунна, маьхза дика луш долу Делан Са сийсаздинчунна?

[30] Вайна хаьа, хӀара дешнаш Хьан аьлла: «Бекхам Соьгахь бу, Ас хьакъ дерг дӀалур ду». Кхин а: «Везачу Эло Шен халкъана кхел йийр ю».

[31] Мел кхераме ду дийначу Делан буйна вахар!

[32] Дагадахкийта шайн хьалхалера денош, Дала шуна серло еллачул тӀаьхьа, шу, чӀогӀа баланаш а лайна, чекхдевлира.

[33] ЦкъаццӀа шу а сийсаздарца я ницкъ барца нахана хьалха дӀахӀиттош хилла. ЦкъаццӀа шаьш санна ницкъ ловш цхьаьна бала хьоьгуш хилла шу.

[34] Чубоьхкинчу нахах къахеташ а хилла шу, шайн долахь дерг дӀадаьккхича, хазахеташ а лелла шу, хӀунда аьлча шуна хаьара стигалахь дикаха а, цкъа а дӀаер йоцу а хазна шайн юйла.

[35] Иштта шайн доьналлех ма доха, хӀунда аьлча цунах шуна доккха совгӀат лур ду.

[36] Шуна собар оьшу, Делан лаам кхочуш а бина, шайна лур ду аьлларг схьаэца.

[37] ХӀунда аьлча: «Йиснарг кӀезиг хан бен ма яц, тӀаккха и ван везаш верг вогӀур ма ву – иза хьелур вац.

[38] Амма Аса бакъвинарг Сох тешарца вехар ву, ткъа иза юхавалахь, Со цунна реза хир вац».

[39] Юха а девлла, хӀаллакьхуьлучарах дац вай, тешарца кӀелхьардохучарах ду.

Ӏебархошка яздина кехат — Chapters