Skip to content
Opens in a new window
Listen to this chapter • 2:06

[1] Хьалха Дала дукхазза а, тайп-тайпана а дийцина вайн дайшка пайхамаршкахула,

[2] ткъа кху тӀаьхьарчу деношкахь Шен КӀантехула дийцина Цо вайна. Дерриге а кхочун долу Цуьнан КӀант ву дӀахӀоттийна. Цуьнгахула массо хӀума а кхоьллина.

[3] КӀант Делан сийлаллин нур а, Делан билггал долу васт а ду. Шен нуьцкъалчу Дашца дерриг а латтадо Цо. Шегахула адамаш къинойх а цӀандина, стигалшкахь Веза Воккхачунна аьтту агӀор охьахиина Иза.

[4] Цунна тиллина цӀе маликашна тиллинчул лакхара хиллал, царал лакхара ву Иза.

[5] ХӀунда аьлча Маликех хьаьнга аьлла Дала: «Хьо Сан КӀант ву, тахана Хьан Да хили Сох»? Кхин а: «Со Цуьнан Да хир ву, Иза Сан КӀант а хир ву?»

[6] Шен дуьххьарлера Доьзалхо дуьнен чу воккхуш, Дала элира: «Делан массо а маликаш Цунна хьалха охьатаьӀийла».

[7] Маликех лаьцна Цо аьлла: «Дала Ӏаьнарх Шен маликаш до, цӀеран алунех Шен ялхой бо».

[8] КӀантах лаьцна Цо аьлла: «Хьан олаллин гӀант, Дела, абаденналц лаьтта, Хьан паччахьалла нийсонан паччахьалла ду.

[9] Хьуна бакъдерг дезна, ткъа харцо ца езна, цундела Дала, Хьан Дала, къобалвеш тӀедутту даьтта санна, Хьан накъосташна чул Хьуна алсам хазахетар делла».

[10] Кхин а аьлла Дала: «Веза Эла, Ахь юьхьанца латта кхоьллина, Хьайн куьйгашца стигалш йина.

[11] Уьш дӀадевр ду, ткъа Хьо вуьсур ву. Уьш дерриг а, бедарш санна, тишлур ду.

[12] ТӀеюху хӀума санна, Ахьа дӀахьарчор ду уьш, тӀаккха уьш, бедар санна, хуьйцур ду. Амма Хьо цкъа а хийцалур вац, Хьан дахар чекх а дер дац».

[13] Маликех хьаьнга а, маца а аьлла Дала: «Охьахаа Суна аьтту агӀор, Аса Хьан мостагӀий Хьан когашка охьабахккалц»?

[14] Далла гӀуллакх деш долу синош дац ткъа маликаш, кӀелхьардовлар кхочун долчарна гӀуллакх дан дахкийтина дац ткъа уьш?

Ӏебархошка яздина кехат — Chapters