[1] Иштта, вежарий, шу Делан долахь дерш а, стигалахь долчун дакъа кхочурш а ду. Цундела Делан Векал а, вайн динан коьрта Да а волу Ӏийса дагахь латтавелаш.
[2] Ша ДӀахӀоттийначунна тешаме вара Иза, Делан цӀентӀехь Муса тешаме ма-хиллара.
[3] Ӏийса Мусан чул а боккха ларам болуш хилла, цӀа дийриг ша дечу цӀийнан чул боккха ларам бан хьакъ ма-хиллара.
[4] ХӀунда аьлча муьлхха а цӀа цхьаммо деш ду, ткъа дерриг а динарг Дела ву.
[5] Делан дерриге а цӀийнехь тешаме ялхо санна вара Муса. Хинйолчу заман чохь эр долчух тоьшалла дора цо.
[6] Амма Дала леррина Къобалвинарг Делан цӀентӀехь куьйгалла деш волу тешаме КӀант ву. Ткъа Цуьнан цӀа вай ду, нагахь вай доьналлица а, тешарца а ваьш сатуьйсучунна тӀехь латтахь.
[7] Цундела, Делан Сино ма-аллара: «Тахана, нагахь шуна Цуьнан аз хазахь,
[8] дуьхьал ма довлалаш, яьссачу арахь шаьш зуьйчу хенахь хамталла еш ма-хиллара.
[9] Шун дайша Со зийра цигахь, шовзткъа шарахь Аса мел динарг шайна гиннашехь.
[10] Цундела, царна оьгӀаз а вахана, Аса элира: „Гуттар а шайн дегнашкахь тилабелла бу уьш, Сан некъаш ца девзина царна“.
[11] Цундела Сайн оьгӀазаллица Ас чӀагӀо йира, синтем лур бу аьллачу метте кхочур бац уьш аьлла».
[12] Иштта, хьовсалаш, вежарий, шайна юкъахь цхьаннан а мекара а, тешар доцу а дог ма хилийталаш, дийна волчу Делах шаьш дӀа ца къастийтархьама.
[13] Амма хӀора дийнахь, вовшашна хьехамаш а беш, динехь чӀагӀлолаш, «тахана» ала йиш мел хуьлу, хьарамчу хӀуманах Ӏеха а велла, шух цхьаннан дог юха ца далийта.
[14] Дала леррина Къобалвинчун декъахой ду вай, нагахь юьхьанца хилла долу шеко йоцуш хилар чекхдовллалц вайца хилахь.
[15] Делан Йозанашкахь аьлла ду: «Тахана, нагахь шуна Цуьнан аз хазахь, дуьхьал ма довлалаш, яьссачу арахь шаьш зуьйчу хенахь хамталла еш ма-хиллара».
[16] Делан аз хезнехь а, хамталла йинарш муьлш бара? Мусас Мисар-махкара массо а арабаьхначарна юкъахь бацара уьш?
[17] Хьанна оьгӀазвахана вара Дела шовзткъа шарахь? Къинош а летийна, яьссачу арахь шайн даьӀахкаш охьаехкинчарна ваханерий те Иза оьгӀаз?
[18] Ла ца доьгӀначарна бен, кхин хьанна дуьхьал аьлла Дала, уьш «синтем лур бу аьллачу метте кхочур бац»?
[19] Иштта вайна го, шайн цатешар бахьана долуш, Дала лучу синтеме уьш кхочург цахилар.