[1] Нахана юкъара хоржуш волу муьлхха а динан коьрта да хӀоттаво адамийн дуьхьа Далла Ӏамал ян а, къинойх тайп-тайпана сагӀанаш даха а.
[2] Динан коьрта да хӀума ца хуучу а, галбевллачу а нахаца кӀеда хила тарло, хӀунда аьлча иза ша а ву ледарлонийн карахь.
[3] Цундела нахана а, шена а тӀера даха деза цо сагӀанаш шаьш летийначу къинойх.
[4] Цхьа а шен лаамца хӀуттур вац динан коьрта да. Дала тӀекхайкхина хила веза иза, АхӀарон санна.
[5] Иштта Дала леррина Къобалвинчо а Ша тӀе ца эцна динан коьрта да хиларан бакъо. Дала аьлла Цуьнга: «Хьо Сан КӀант ву, тахана Хьан Да хили Сох».
[6] Делан Йозанийн кхечу меттехь Дала боху: «Гуттаренна а динан да ву Хьо Малки-ЦӀадакъин даржехь».
[7] Лаьтта тӀехь долчу Шен дахарехь Ӏийсас чӀогӀачу белхарца а, бӀаьрхишца а доӀанаш а, дехарш а дора Ша Ӏожаллех кӀелхьарваккха йиш Йолчуьнга. Далла дӀахезира Цуьнан доӀанаш, хӀунда аьлча Ӏийсан Деле болу ларам боккха бара.
[8] Ша Делан КӀант хиллехь а, ерриге а лайначу халонашкахула Ӏемина Иза Далла муьтӀахь хила.
[9] Кхачаме хилла, дӀахӀоттийна вара Иза, гуттаренна а кӀелхьардовларан хьоста хилира Цунах Цунна муьтӀахь болчарна массарна а.
[10] Малки-ЦӀадакъин даржехь волу динан коьрта да ву аьлла, дӀакхайкхийра Иза Дала.
[11] Кхунах лаьцна кхин дуккха а дара дийца, амма хала ду шуна иза тида, хӀунда аьлча шу хӀуманах иштта меллаша кхета.
[12] ХӀинцале а хьехамчаш хила дезаш дара шу, амма шуна юха а Ӏамо безаш бу Делан дешан дуьххьарлера хьехамаш. Шуна хӀинца а шура оьшу, чӀогӀачу кхачанан метта.
[13] ХӀинца а шура юуш верг бакъдерг а, харцдерг а къасторан хьехам бевзаш вац, хӀунда аьлча иза бер долу дела.
[14] Делан дош довзарехь кхиъна болчу нахана лерина бу чӀогӀа кхача. Гуттара а шайн кхетамашца а, хьекъалца а лелаш, уьш Ӏемира дика а, вон а къасто.