[1] Цундела Дала леррина Къобалвинчо хьехначух уггар аттаниг дита вай. Вайн ца деза кхин цкъа а хьехаман дух дӀахӀотто: къинах дӀакъастарх а, Делах тешарх а болу хьехам, хих чекхдовларх а, тӀе куьйгаш дахкарх а болу хьехам, веллачуьра денваларх а, гуттар а хин йолчу кхелах а болу хьехам. Тешарехь кхиинчарна лерина болчу хьехамна тӀе сихлойла вай.
[3] Вай иза дийр ду, Дала вайна магийтахь.
[4] Йиш яц цкъа хазачу кхоан серло шайна тӀе кхеттарш, стигаларчу совгӀатан чам хиънарш, Делан Синан зовкх хьоьгуш дакъалаьцнарш,
[5] Делан Дашо луш долу дика а, хин долчу дуьненан ницкъ а бевзинарш,
[6] тешарх дӀа а къаьстина, юха а Далла тӀеберзо. Уьш дохкобовларан некъа тӀе цхьаьнгге а бхалур бац, хӀунда аьлча цара юха а жӀарах дӀатуху Делан КӀант, массарна а хьалха Иза сийсаз а воккхуш.
[7] Кест-кеста шена тӀедогӀуш долу догӀа дӀа а худуш, ша лелош волчунна ялта луш долу латта Дала декъалдеш ду.
[8] Ткъа баьӀаш а, къух а бен шена тӀехь ца кхуьу латта Дала неӀалт кхайкхорна герга ду. Чаккхенехь иза цӀаро дагор ду.
[9] Иштта оха бахахь а, сан хьоменаш, тхо тешна ду шу дикачу новкъахь хиларх – и некъ кӀелхьардовларна тӀебоьду.
[10] ХӀунда аьлча нийса доцург дац Делехь. Цунна дицлур дац шун гӀуллакхаш а, аша Цуьнан нахана тохара а, хӀинца а гӀодарца Цуьнга гайтина болу безам а.
[11] Тхуна лаьара, шух хӀораммо иштта шайн тӀедирзина хилар шаьш чекхдовллалц гойтийла, шун сатийсамаш кхочушхилийтархьама.
[12] Мало еш а доцуш, шайн тешарца а, собарца а лур ду аьлларг схьаоьцучарах шу тера хила лаьара тхуна.
[13] ИбрахӀимна Ша ваӀда дечу хенахь, Дала Шех дуй буура, Шел лакхара цхьа а воцу дела.
[14] Цо элира: «Аса хьо декъал а вийр ву, хьуна дуккха а тӀаьхье а лур ю».
[15] Собарца хьоьжуш а Ӏийна, Дала шена лур ду аьлларг схьаийцира ИбрахӀима.
[16] Наха шайл а доккхачу хӀуманах дуй боу, цу дуйно, аьлларг чӀагӀ а дой, муьлхха а къовсам дӀабоккху.
[17] Цундела Дала а дуй биъна, Шен лаам хийцалур боцийла Ша ваӀда динарг кхочун долчарна дӀахаийта лууш.
[18] Дала ваӀда а дина, Цо дуй а биъна. И ши хӀума хийцалур доцуш ду, Дала харцдерг дийца йиш йоцу дела. Цундела Дела волчу девдда дӀадахана долу вай чӀогӀа иракарахӀиттийна ду, Дала вайна еллачу дегайовхонна тӀехь латтархьама.
[19] И дегайовхо вайн синна онда а, тешаме а зӀе ю. Делан стигалийн цӀа чохь йолчу кирхьанна тӀехьа дӀайоьду иза.
[20] Оцу езачу меттиге вайл хьалха Ӏийса вахана, Малки-ЦӀадакъин даржехь гуттаренна а динан коьрта да а хилла.