Skip to content
Opens in a new window
Listen to this chapter • 2:54

[1] Цундела ваьшна хезначунна къаьсттина чӀогӀа тидам тӀебохуьйтуш хила деза вай, тешарх хера ца довлархьама.

[2] Нагахь маликашкахула аьлла дош чӀогӀа а хилча, муьлххачу зуламна а, лацадогӀарна а таӀзар деш а хилча,

[3] таӀзарх муха девр ду вай, оццул сийлахьчу кӀелхьардовларх ца дашахь? И кӀелхьардовлар цкъа хьалха Везачу Эло дӀакхайкхийра, цул тӀаьхьа Иза хезнаболчара иза бакъ хилар вайна чӀагӀдира.

[4] И дерриге а тамашийначу хиламашца а, билгалонашца а, тайп-тайпанчу ницкъашца а Дала тӀе а чӀагӀдира, Шен лаамца Шен Са дӀаса а даржош.

[5] Маликийн дола ца даьккхина Дала вай дуьйцуш долу хиндолу дуьне.

[6] Мелхо а, Делан Йозанашкахь цхьанхьа цхьаммо тоьшалла дина: «Стаг мила ву, Хьан цуьнан бала кхача? Адаман кӀант мила ву, Ахьа цуьнан гӀайгӀа бан?

[7] Цхьана ханна маликашна хьалха лахви Ахьа иза. Юха, сийлаллин таж а делла, вазвина иза.

[8] Дерриг а цуьнан когашка охьадилли Ахьа». Дерригенна а тӀехь цуьнга олалла дайтича, Дала цуьнан кара ца дерзош хӀумма а ца дитина. Ткъа цкъачунна тхуна ца го дерриг а цуьнан карахь хилар.

[9] Амма тхуна гург Ӏийса ву. «Цхьана ханна маликашна хьалха лахвина» вара Иза, ткъа хӀинца, Ӏожалла тӀеэцарна, «сийлаллин таж а делла, вазвина ву Иза». Иза иштта лелла, Дала маьхза дина дика бахьана долуш, дерриге а адамийн дуьхьа кхалхархьама.

[10] ХӀунда аьлча дерриг а Шен дуьхьа а, дерриг а Шегара а Долчунна товш дара, дукхахберш сийлаллина тӀебоьдучу новкъахула а буьгуш, уьш кӀелхьарбохуш волу Баьчча баланех чекхваккхар.

[11] Нах базбеш Верг а, базбеш берш а Цхьаннах схьабевлла бу, цундела Цунна эхь ца хета царах вежарий ала.

[12] Цо боху: «Хьан цӀе Сайн вежаршна кхайкхор ю Аса, Хьуна хастам бийр бу Аса динан гуламе баьхкинчарна хьалха».

[13] Кхин а боху Цо: «Со Цунах дегайовхо йолуш хир ву». Кхин а: «ХӀара Со а, Дала Суна делла бераш а ду».

[14] И бераш дилханах а, даьӀахкех а лаьтташ ма-хиллара, Иза а хилира уьш санна, Шен кхалхарца Ӏожаллина тӀехь ницкъ болу иблис эшорхьама а,

[15] Ӏожаллех кхоьруш, дерриге а шайн дахарехь лоллехь баьхкинарш паргӀатбахархьама а.

[16] ХӀунда аьлча, гуш ду-кх, маликашна гӀо ца до Цо, амма ИбрахӀиман тӀаьхьенна гӀо до.

[17] Цундела дерригенна а тӀехь Шен вежарех тарвала везаш вара Иза, Далла хьалха къинхетаме а, тешаме а динан коьрта да хилархьама. Иштта а хилла, адамийн къиношна гечдайта таро яра Цуьнан.

[18] Ша, зен а зийна, баланаш хьегна дела, зуьйш болчарна гӀо далур ду Цуьнга.

Ӏебархошка яздина кехат — Chapters