Skip to content
Opens in a new window
Listen to this chapter • 3:41

[1] Оха, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан дуьхьа тутмакх хиллачу ПахӀала а, динан вашас Тимапис а, яздо тхоьца цхьаьна динан гӀуллакх кхочушдеш волчу хьомечу накъосте Пхьалмане а,

[2] иштта динан йише Апияте а, тхоьца цхьаьна динан тӀемало волчу Арихупе а, Пхьалманан цӀерачу динан тобане а.

[3] Вайн Да волчу Делера а, Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсагара а дика а, синпаргӀато а хуьлда шуна.

[4] Даим сайн доӀанашкахь хьо дага а лоьцуш, Далла хастамаш бо аса.

[5] Ӏийса-Элах хьан тешарх а, массо а Делан нахе хьан болчу безамах а лаьцна хезна суна.

[6] Аса доӀа до Ӏийсах тешачаьрца хьан йолу юкъаметтиг кхин а кхоччуш хилар доьхуш, Дала леррина Къобалвинчун сийдархьама вай дан мегаш мел долу дика хьуна хаа а хууш.

[7] Динан ваша, хьан безамах боккха синтем а, хазахетар а хилла суна, хьан доггах леларо Делан нехан дегнаш дендина дела.

[8] Иза иштта долу дела, ахь дан дезарг Дала леррина Къобалвинчун цӀарах хьоьга майрра дӀахьедан йиш ю сан.

[9] Делахь а бакъахьа хета суна хьоьга безамца дехар дар. Хьоьга доьхург къена стаг волу ПахӀал ву. Цул сов, хӀинца, Дала леррина Къобалвинчунна Ӏамал ярна, со тутмакх а ву.

[10] Сайн кӀант айса лоручу Онисамах лаьцна дехар до ас. Со набахтехь лаьцна волуш, иза бакъдолчу дахаре ваьккхира аса.

[11] Цхьана хенахь-м хьуна пайденна вацара Онисам. Ткъа хӀинца иза хьуна а, суна а пайденна ву.

[12] Аса юхавоуьйту хьуна иза, хьан кара аса сайн дог дӀалуш санна.

[13] Хаза кхаъ кхайкхорна со лаьцна волчохь, хьан метта сайна гӀуллакх а дойтуш, иза сацо лиира суна.

[14] Делахь а хьан пурба доцуш хӀумма а дан ца лаьа суна. Ахь деш долу дика гӀуллакхаш, ца ваьлла дина а доцуш, ахьа хьайн лаамца дина хуьлийла лаьа суна.

[15] Хьанна хаьа: хьо волчуьра цуьнан цхьана ханна дӀавахар гуттаренна а иза юха хьоьга тӀелацийтархьама нисдина хила а ма тарло.

[16] Лай тӀеоьцуш санна а доцуш, лел лакхара а лоруш, хьоме динан ваша санна, тӀеэцахьара ахьа иза. Суна чӀогӀа дукха веза иза. Ткъа хьуна суна чул а сов везалур ву. Лай санна везалур вац иза, амма Везачу Элера волу ваша санна везалур ву.

[17] Нагахь ахь со хьайн юххера стаг лоруш велахь, со тӀеоьцуш санна, тӀеэцахьа иза а.

[18] Нагахь санна цо хьуна цхьа халахетар динехь, я иза хьуна декхарийлахь велахь, иза аса сайна тӀелоцу.

[19] Аса, ПахӀала, сайн куьйга яздо хьоьга: аса дӀатокхур ду и декхар. Ткъа хьайн дахарца хьо суна декхарийлахь хилар-м ас хьехош а дац.

[20] Цундела, сан ваша, хьо Везачу Элаца волу дела, и гӀуллакх дар доьху ас хьоьга. Синтем бехьа сан дагна Дала леррина Къобалвинчуьнца хьо хиларна.

[21] И ас дехнарг ахьа дийриг хиларх со тешна волу дела, яздо аса хьоьга. Суна хаьа, аса дехначул а сов ахьа иза дийр дуйла.

[22] Кхин цхьа дехар а ду сан хьоьга. Хьайн хьешан чоь кечъелахь суна. Шун доӀанашна жоп а луш, со шу долчу дика дӀакхочур ву аьлла, дегайовхо ю сан.

[23] Маршаллаш доуьйту хьоьга соьца цхьаьна Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан дуьхьа тутмакх хиллачу Эпарпис а,

[24] соьца цхьаьна динан гӀуллакх дӀакхоьхьуш болчу Марка а, Арестаха а, Демис а, Лакас а.

[25] Веза Эла волчу Дала леррина къобалвинчу Ӏийсагара долу дика хуьлийла шуьца.