[1] Динан вежарий! Шу долчу веанчу хенахь, Делан къайленах лаьцна сайн хьекъалца а, Ӏилманчин къамелашца а дийца ца веанера со,
[2] хӀунда аьлча со шуьца волчу ханна суна кхин цхьа хӀума а шуна довзийта ца лиънера, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсах а, Цуьнан жӀара тӀехь валарх а лаьцнарг доцург.
[3] Сайн дегӀан эгӀазаллица а, кхерамца а, чӀогӀа вегаварца а Ӏийра со шу долчохь.
[4] Айса аьлла долу дешнаш а, бина болу хьехам а ца бинера аса адаман хьекъалаллин говзачу дешнашца шу тешорхьама, амма Делан Синан ницкъах долчу тоьшаллашца бинера.
[5] И хьехам ас бинера, шун Ӏийсах долу тешар адамийн хьекъалаллица доьзна а доцуш, амма Делан ницкъаца доьзна хилийтархьама.
[6] Тешарна тӀехь кхоччуш кхиъна болчу нахана юкъахь хьекъалаллах лаьцна хьехам бо оха. Амма оха кху дуьненан хьекъалаллах дерг а хьоьхуш дац, я шайн олалла чекхдала герга болчу, кху дуьненахь олалла деш болчеран хьекъалаллах а хьоьхуш дац.
[7] Ткъа оха дуьйцуш долу хьекъалалла – Делан къайлаха долу хьекъалалла ду. Иза Дала хӀара дуьне кхоллале дуьйна а вайн сийлаллина хьажийна хилла.
[8] И хьекъалалла кху дуьненахь олалла деш хилла болчех цхьанна а девзина дацара, хӀунда аьлча шайна иза девзина хиллехьара, цара вайн сийлаллин Веза Эла жӀарах дӀатухур вацара.
[9] Амма Делан Йозанашкахь яздина ма-хиллара: «Дала Ша везначарна кечдинарг бӀаьргана а ца гина, лергана а ца хезна, адамна дага а ца деана».
[10] Ткъа вайна Дала Шен Синца дӀадиллина иза, хӀунда аьлча Делан Сино дерриг а толлу, ур-атталла Делан кӀоргенаш а.
[11] Адамех хьанна хаьа, кхечу адамна чохь дерг, цу адамна чохь долчу шен синна бен? Иштта Делан ойланаш а ца евза цхьанна а, Делан Шен Синна бен.
[12] Вай тӀеэцнарг кху дуьненахь болчийн кхетамехь долу са дац, ткъа Делера схьадолу Са ду, Дала Шегара делларг вайна довзийтархьама.
[13] Оцу дерригенах а лаьцна, вайн адамийн хьекъало луш долчу дешнашца а доцуш, Делан Сино хьоьхучу дешнашца дуьйцу. Синца доьзначу хӀуманех Синах буьзна берш кхетабо вай.
[14] Шен сих бен дуьзна доцучу адамо Делан Сино луш долу хӀуманаш тӀе ца оьцу, шена уьш сонта хета дела. Иза царах кхетийла а дац, Делан Синан гӀоьнца бен уьш къаста ца ло дела.
[15] Делан Синца волчунна массо а хӀуманан мах хадо хаьа. Ткъа цу стеган мах хадо цхьана а адаман йиш яц.
[16] ХӀунда аьлча Делан Йозанашкахь яздина ма ду: «Везачу Элан хьекъал довза мила кхаьчна? Цуьнга хьехам бан йиш йолуш мила хир ву?» Ткъа вайн Дала леррина Къобалвинчун хьекъал ду.