[1] Со паргӀат вац ткъа? Со векал а вац ткъа? Суна гина вацара вайн Веза Эла волу Ӏийса? Шу дац ткъа Везачу Эло соьгахула къахьегарца Цунна тӀе далийнарш?
[2] Кхечарна со векал вацахь а, шуна ма ву со векал. ХӀунда аьлча со векал хиларан тоьшалла ду – шу Везачу Элаца хилар.
[3] Сайн мах хадош болчарна дуьхьал даккха хӀара ду сан.
[4] Яа а, мала а бакъо йоцуш-м дац тхо?
[5] Кхиболчу векалша а, Ӏийсан нанас бинчу кхечу вежарша а, Кипас а санна, динан йижарех цхьацца тхаьшна яла а йина, тхайца цхьаьна уьш бига бакъо яцара тхан а?
[6] Я аса а, Бар-Нааба а бен болх бан безаш бацара ткъа?
[7] Муьлххачу тӀемалочо, ша эскарехь гӀуллакх дечу хенахь, ша-шен гӀайгӀа бо? Муьлхачу кемсашлелорхочо, кемсаш дӀа а йоьгӀна, церан стоьмаш ца боу? Муьлхачу Ӏуьно шен жена юкъарчу жийно елла шура ца молу?
[8] Адамаша олучу тайпана хилла Ӏай те аса бохург? Изза ца боху товрат-хьехамаша а?
[9] ХӀунда аьлча Муса-пайхамаран товрат-хьехамаш тӀехь яздина ду: «Оручу стеран бага дӀа ма къовла». Стерчийн бала кхаьчна аьллий те Дала иза?
[10] Вайн бала а кхаьчна, ца боху ткъа Дала иза? Дера боху вайна диканна, хӀунда аьлча охана деш волчо а, оруш волчо а къахьоьгу, шаьш бинчу белхан дакъа шайна кхачаран дегайовхо йолуш.
[11] Шун синошна оьшуш долу хӀу оха тесна хилча, тӀех зен дой те оха шуна, тхайн дегӀана оьшуш долу ялта шуьгара хьаькхча?
[12] Кхечеран а шуна юкъахь иштта бакъонаш хилча, ткъа тхан церан чул а сов яц и бакъонаш? Амма оха, мелхо а, тхайн оцу бакъонашка а ца хьоьжуш, тхайна тӀе мел деанарг лов, Дала леррина Къобалвинчух лаьцна болу хаза кхаъ дӀакхайкхош, тхайгахьара цхьа а новкъарло ца хилийтархьама.
[13] Шуна хууш дац ткъа, Делан цӀийнан кертахь гӀуллакх деш берш цига еанчух бехаш хилар? Ткъа сагӀа доккхучу кхерчана тӀехь гӀуллакх деш болчара а цу сагӀина деанчух дакъа шайна дӀаоьций?
[14] Иштта хаза кхаъ кхайкхош болчарах лаьцна Везачу Эло тӀедиллина, хаза кхаъ кхайкхош кхаьчначух баха беза уьш аьлла.
[15] Амма аса-м цу бакъонех цхьа а сайн дуьхьа аьлла схьа ца эцна. Сайн бала а кхаьчна, и бакъонаш сайна оьшучунна хилийтархьама яздина дац аса хӀара дешнаш. Суна валар а гӀолехь ду-кх, сан и дозалла дан йиш хилар цхьаммо соьгара дӀадоккхучул.
[16] Айса хаза кхаъ кхайкхош бу аьлла, цхьа а дозалла ца до ас, хӀунда аьлча иза сан декхар ду. Ма декъаза хир вара со, аса хаза кхаъ кхайкхош бацахьара!
[17] Аса, сайн лаам а болуш, и гӀуллакх деш делахьара, Делера совгӀат хир дара суна. Ткъа сайн лаамехь а доцуш, аса иза деш хилча, тӀаккха сайна тӀедиллина долу гӀуллакх кхочушдо аса.
[18] Ткъа сан совгӀат муьлха ду? Айса хаза кхаъ дӀакхайкхабарна дуьхьал хӀумма а ца дехар. Цу тайпана, айса хаза кхаъ кхайкхочу гӀуллакх тӀехь сайна йогӀуш йолчу бакъонех цхьа а ца лелийна аса.
[19] Массарах а паргӀат воллушехь, массарна а хьалха лолла вахана со, царах дукхахберш тӀеберзорхьама.
[20] Жуьгтий болчохь со жуьгти санна вехира, уьш Дала леррина Къобалвинчунна тӀеберзорхьама. Товрат-хьехамийн бакъонаш ларъеш болчаьрца а бакъонаш ларйийриг санна вехира со, уьш а Цунна тӀеберзорхьама, цу бакъонийн лаамехь со воццушехь.
[21] Товрат-хьехамийн бакъонаш лар ца еш болчаьрца – и бакъонаш лар ца еш верг санна хуьлура со, уьш а Цунна тӀеберзорхьама. ХӀетте а, Делан бакъонаш лар ца еш-м ца лелара со, Дала леррина Къобалвинчун бакъонашна со муьтӀахь волу дела.
[22] Тешарехь чӀагӀбелла боцучаьрца чӀагӀвелла воцург санна хуьлура со, уьш тешарехь чӀагӀбархьама. Массарна а хьалха массо а санна хуьлура со, сайн мел долчу хьуьнаршца, царах цхьаберш баьхна а, кӀелхьарбахархьама.
[23] И дерриг а хазачу кхоан дуьхьа до аса, со а цунах хиндолчу диканан декъахь хилийтархьама.
[24] Шуна хууш дац къовсадаларшкахь бовдучу хенахь массо а цхьатерра бовдий, амма совгӀат царах цхьанна бен ца лой? Цундела шаьш довда ма-дезза довдалаш, и совгӀат шайна кхачийтархьама.
[25] Оцу къовсамашкахь дакъа лоцуш болчара шаьш массо а хӀуманна тӀехь юхаузу. Уьш иштта лела, телхина дӀадер долу толаман таж шайна кхачийтархьама, ткъа вай иштта лела, ваьшна телхар доцу таж кхачийтархьама.
[26] Цундела со, шена хьалха цхьа Ӏалашо хӀоттийна воцург санна, вада а ца воду, хӀаваана куьг детташ верг санна, лата а ца лета.
[27] Мелхо а, аса, сайн дегӀ кхоа а ца деш, цунна тӀехь олалла до, кхечарна хаза кхаъ а кхайкхийна, со юьстахваьлла ца висархьама.