[1] Шуна юкъахь, билггал бакъ а долуш, нахаца лелар юкъадаьлла хилар хезна тхуна. Ур-атталла дин доцучу нахана юкъахь а иштаниг ца хуьлучу тайпана хӀума ду иза. Шуна юкъара волу цхьа хьенех шен дестечуьнца лелаш ву боху.
[2] Ткъа шу дозалла деш ду! Цул а гӀолехь дара шуна, гӀайгӀанах дуьзна хилар а, цу тайпана лелаш верг шайна юкъара дӀаваьккхина хилар а.
[3] Со дегӀаца шу долчохь вацахь а, сайн синца шу долчохь волу дела, аса шуьца волуш санна кхел йина цу тайпана сийсаза лелаш волчунна.
[4] Веза Эла волчу Ӏийсан дуьхьа шу цхьаьна гулделлачу хенахь, сан са а хир ду шуьца, тӀаккха вайн Веза Эла волчу Ӏийсан олаллица
[5] цу тайпана верг иблисан кара дӀало, цуьнан синан лаамаш хӀаллак а байтина, Везачу Элан дийнахь цуьнан са кӀелхьардалийтархьама.
[6] Аша дозалла дан хӀумма а дац. Шуна хууш дац ткъа: «КӀеззиг болчу муьстачу бедо берриг а бод совсабо»?
[7] Шаьш а керла бод санна хилархьама, ширбелла болу муьста бод дӀабаккха. ХӀунда аьлча шу Ӏийсах тешаш долу дела, совсоза дина бепиг санна ду. Ткъа Дала леррина Къобалвинарг Пасахьан Ӏахар санна сагӀина дӀавелла.
[8] Цундела вай вешан Пасахьан дезде даздан деза мекарлонца а, зуламца а доьзна долчу, ширбеллачу муьстачу бедаца а доцуш, ткъа догцӀена хиларца а, билггал долчу бакъдолчуьнца а доьзна долчу совсоза динчу баьпкаца.
[9] Аса сайн кехата тӀехь, сийсаза лелачаьрца тӀекаре ма хила аьлла, яздинера шуьга.
[10] Дера суна-м ца лиънера ала, кху дуьненахь сийсаза лелаш мел болчаьрца а, сутаралла мел йолчаьрца а, хьарамло мел лелош болчаьрца а, цӀушна Ӏамал еш болчаьрца а тӀекаре ма е. ТӀаккха-м хӀара дуьне дита дезар дара аша.
[11] Ткъа аса шуьга яздинарг хӀара дара: ша шун динан ваша ву а бохуш, амма я сийсаза лелаш, я сутара волуш, я цӀушна Ӏамал еш, я мотт бетташ, я вехна лелаш, я хьарамло лелош иза велахь, шун цуьнца тӀекаре хила ца еза бохург. Ишттачу стагаца ур-атталла пхьор а ма даа.
[12] ХӀунда аьлча сан хӀун гӀуллакх ду динан тобанан юкъа ца богӀу нах бехке бан? Царна Дала Ша йийр ю кхел. Амма динан тобанна юкъавогӀург бехке озо ца веза ткъа аша? Делан Йозанаш тӀехь аьлла ма ду: «Телхина леларг шайна юкъара дӀаваккха».