[1] Аша соьга яздинчух лаьцна аьлча, аша боху: «Стагана зудчух ца хьакхавелча гӀолехь ду».
[2] Амма сийсазваьлла ца лелархьама, хӀора стеган а шен долахь зуда хила еза. ХӀора зудчун а шен майра хила веза.
[3] Майрачо шен зудчун дегӀан лаам кхочушбан беза. Иштта зудчо а кхочушбан беза майрачун дегӀан лаам.
[4] Зудчун дегӀ цуьнан шен долахь дац, иза майрачун долахь ду. Цу тайппана майрачун дегӀ а цуьнан шен долахь дац, иза цуьнан зудчун долахь ду.
[5] Вовшашца бинчу бартаца шаьш доӀа дан лоруш билгалъяьккхинчу ханна бен, вовшех ма къахка. Цул тӀаьхьа юха а цхьаьна хила, шун собар цахиларехула иблисе шаьш ца зейтархьама.
[6] Иза аса шуна тӀе ца дуьллу, амма иза иштта хилча магош долу хӀума ду аьлла боху аса.
[7] Суна-м массо а адам со санна хила лаьара, делахь а хӀоранна а Дала шен-шен похӀма делла: цхьанна – цхьаъ, вукхунна – важа.
[8] Ткъа зударий белла бисинчаьрга а, бисина Ӏаш болчу зударшка а аса боху: «Царна со санна Ӏер гӀолехь ду».
[9] Амма шаьш иштта ца Ӏалахь, цара зуда яло еза. ДегӀан лаамашка ша хьийза а войтуш вехачул, зуда ялаяр гӀолехь ду.
[10] Зударий балийначарна а, маре баханчарна а аса тӀедуьллу (ткъа иза соьгара сайгара дац, амма Везачу Элера ду), зуда шен майрачух дӀа ма къаста аьлла.
[11] Ша дӀакъастахь, я кхин маре ма де, я шен майрачуьнца барт а бина, цуьнга юхагӀо. Ткъа майрачо а шен зуда ма йита.
[12] Ткъа кхидолчу адамашка аса боху (иза Везачу Элера а доцуш, сайгара ду), нагахь динан вешин Ӏийсах тешар доцу зуда елахь, иза цуьнца яха реза а елахь, цу зудчух дӀакъаста ца веза и стаг.
[13] Иштта, Ӏийсах тешаш йолчу зудчун тешар доцу майра велахь, амма иза цуьнца ваха реза велахь, шен майрачух дӀакъаста ца еза и зуда.
[14] ХӀунда аьлча тешар доцу майра тешар долчу зудчуьнгахула вазво. Ткъа тешар доцу зуда а язйо тешар долчу цуьнан майрачуьнгахула. Иза иштта ца хилча, церан бераш Далла хьалха цӀена хир дацара, ткъа хӀинца уьш Дала даздина ду.
[15] Нагахь Ӏийсах тешар доцург шен зудчух дӀакъаста лууш велахь, я иштта тешар доцу зуда майрачух дӀакъаста лууш елахь, уьш дӀакъастийта. ХӀунда аьлча я динан ваша а, я динан йиша а оцу гӀуллакхна дихкина дац. Везачу Эло вай вовшашца бертахь дахаре ма кхайкхина.
[16] Хьанна хаьа, зудчо шен майра кӀелхьарваккха а ма тарло. Я стага а шен зуда кӀелхьаръяккха мега.
[17] ХӀорра а стаг шена Дала билгалдаьккхинчу тайпана ваха веза, ша Везачу Эло тӀекхайкхинчу дахарехь виса веза. Изза тӀедуьллу аса массо а динан тобанашна а.
[18] Нагахь Дала керлачу дахаре тӀекхайкхале хьо сунтвина хиллехь – и билгало дӀаяккха ма гӀерта. Ткъа нагахь хьо цу хенахь сунтвина ца хиллехь – сунтвайта ца оьшу.
[19] Сунтвина хилар а, сунтваза хилар а – хӀумма а доцург ду. Ткъа цул а коьртаниг ду Делан парзаш кхочушдар.
[20] ХӀорра а, Дала керлачу дахаре тӀекхайкхале, ша хиллачу хьолехь виса веза.
[21] Нагахь цу хенахь хьо лай хиллехь, хӀумма а дац, цунах оза ма ло. Амма паргӀатвала хьайн аьтто белахь, паргӀатвала а хьажа.
[22] ХӀунда аьлча Везачу Эло керлачу дахаре тӀекхайкхинчул тӀаьхьа лай Везачу Элана хьалха паргӀат ву. Ткъа тӀекхайкхале паргӀат хилларг – хӀинца Дала леррина Къобалвинчун лай ву.
[23] Шайх адамийн леш ма хилийталаш, хӀунда аьлча шух беза мах белла.
[24] Динан вежарий! Далла хьалха хӀорра а Везачу Эло керлачу дахаре тӀекхайкхале ша хиллачу хьолехь виса.
[25] Ткъа зуда ялоза я маре бахаза болчаьрга, Везачу Эло тӀедиллина ду аьлла, тӀетоха хӀумма а дац сан. Амма Везачу Эло сох къинхетам барна, тешаме хила таро йолчу аса сайна хетарг боху.
[26] Суна схьахетарехь, адаман хӀинца хуьлуш болу массо а баланашка хьаьжча, цунна ша хӀинццалц хиллачу хьолехь висар гӀолехь ду.
[27] Айхьа зудчуьнга захало дийцинехь, цунах дӀакъаста ма гӀерта. Ткъа айхьа зудчуьнга захало ца дийцинехь, хьайна зуда ма леха.
[28] Делахь а ахьа зуда ялаяхь а – иза къилахь дац. ЙоӀ маре яхар а къилахь дац. Амма цара кху дахарехь чӀогӀа баланаш хьоьгур бу. Ткъа суна цу баланех шу лардан лаьара.
[29] Динан вежарий! Аса хӀара боху шуьга: хан кӀезиг йисна, цундела хӀинца дуьйна зударий балийнарш а, шайн зударий боцуш санна хила беза.
[30] Шух боьлхуш берш а ца боьлхуш санна хила беза. Хазахетар хилларш а хаза ца хетча санна хила беза. ХӀума оьцурш а и эцнарг шайн долахь доцуш санна хила беза.
[31] Кху дуьненах дика схьаоьцурш, шу а иза совдерг доцуш санна, даха ца деза, хӀунда аьлча тахана долуш долу дуьне дӀадолуш ду.
[32] Суна-м шун цхьана а хӀуманна тӀехь гӀайгӀа ца хила лаьа. Зуда ялоза верг, Везачу Элан лаам кхочушбан лууш, Цунна дечу гӀуллакхна гӀайгӀанехь ву.
[33] Ткъа зуда ерг дуьненан гӀуллакхийн гӀайгӀанехь ву. Иза шен зудчун лаамаш кхочушбан гӀерта.
[34] Цу тайпана цуьнан гӀайгӀанаш екъало. Маре яхаза ерг, Везачу Элан лаам кхочушбан гӀерташ, Цунна гӀайгӀанехь хуьлу, шен дегӀаца а, шен синца а Цунна тешаме хила лууш. Ткъа марехь йолу зуда кху дуьненан гӀуллакхийн гӀайгӀанехь хуьлу, шен майрачун лаамаш муха кхочушбийр бара те бохуш.
[35] Аса и дерриг а шуна пайденна дуьйцу, шуна иза дехкархьама а доцуш. Мелхо а, суна лаьа, шун лелар оьзда хила а, Везачу Элана тешаме хила а, кхечу хӀуманна тӀе ойла ца йохуьйтуш.
[36] Нагахь ша захало дийцина йоӀ цӀахь йитар бегӀийла ца хетахь, цуьнца хиларан лаам цуьнан сов боккха белахь, и захало хила мегар ду. Цу стаге и йоӀстаг ялаяйта, иза къилахь дац.
[37] Амма нагахь цу стага ша захало дийцина йоӀ ца яло шен дагахь кхин хийцалур боцучу тайпана сацам а бинехь, нагахь цхьаммо а и гӀуллакх цунна тӀедиллина а дацахь, нагахь цу тӀехь цуьнан лаам а белахь, и сацам даггара а белахь, цо дийриг дика гӀуллакх ду.
[38] Ша захало дийцина йоӀ ялош волчо дийриг а дика хӀума ду, ткъа иза ялош воцчо дийриг кхин а гӀолехь ду.
[39] Марехь йолу зуда, шен майра дийна мел ву, бакъонашца йихкина ю. Нагахь майра веллехь, шена луъучуьнга маре яха магош ду цунна, амма и стаг Везачу Элан долахь хила веза.
[40] Кхин а дика ду, иза маре а ца йоьдуш Ӏийча. Иштта ю сан цунах йолу ойла, ткъа сайна чохь долчу Делан Сино со цунна тӀе валаво аьлла хета суна.