[1] Нагахь санна динан вешица шайн къовсам хилча, шух мила гӀур вара, Делан нах а битина, Делан лаамехь боцучаьрга шайна кхел яйта?
[2] Шуна хууш дац ткъа, Делан наха йийр юйла дуьненна а кхел? Нагахь шуьга дуьненна а кхел йойтур йолуш хилча, шайн кӀезиг долчу гӀуллакхашна кхел ян говзалла яц те шун?
[3] Шуна ца хаьа, вай йийр юйла маликашна а кхел? ТӀаккха дахаран гӀуллакхашна тӀехь еш йолу кхел-м муххале а вай йийр ю.
[4] Ткъа аша цу гӀуллакхашна тӀехь а динан тобанна юкъахь цхьа а ларам боцучу арахьарчу нахах шайн кхелахой бо!
[5] Шуна эхь хетийтархьама боху ас хӀара: шайн динан вежаршна юкъахь болчу къийсамашна кхел ялур йолуш волу цхьа а хьекъале верг вац те шуна юкъахь?
[6] Делахь а вашас шен динан ваша а вуьгу кхел яйта. Иштта тешар доцучаьрга тешаш болчарна тӀехь кхел йойту аша!
[7] Шуна шайна юкъахь къийсамаш хилар а кӀорга эшар ду шуна. Нагахь шайна цхьа харцо йинехь а, Ӏад хӀунда ца Ӏа шу? Шайна цхьа эшам хиллехь а, Ӏад хӀунда ца Ӏа шу?
[8] Аша-м шаьш а йо кхечарна харцо, царна эшам а бо, уьш шайн динан вежарий боллушехь!
[9] Я шуна ца хаьа те, харцонаш йийраш Делан Олалле ца кхочийла? Ӏеха ма лолаш! Сийсаза лелачарах а, цӀушна Ӏамал ечарах а, нахаца лелачарах а, вовшашца хьарам дерг лелочу божарех а,
[10] къола дечарах а, сутарачарах а, бехна лелачарах а, мотт беттачарах а, хьарамлончех а волу цхьа а Делан Олалле ца кхочу.
[11] Цу тайппана бара шух цхьаберш а. Амма Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан цӀарца а, вайн Делан Синца а шу цӀан а дина, даз а дина, бакъ а дина.
[12] Цхьаммо ала тарло: «Сан хӀуъа а дан бакъо ю». Иза бакъ хила там бу, амма дерриг а дац хьуна пайдехь. «Сан хӀуъа а дан бакъо ю». ХӀаъ, амма цхьана а хӀумане сайна тӀехь олалла ца дойту аса.
[13] Цхьаммо ала тарло: «Яа хӀума а – ген дуьхьа ю, ткъа ге а – яа хӀуманна ду. Эххар а Дала иза а, важа а хӀаллакдийр ду». Делахь а вайн дегӀ вай сийсаздаха кхоьллина дац, иза Везачу Элан дуьхьа ду. Ткъа Везачу Эло вайн догӀмаш Ӏалашдийр ду.
[14] Веллачуьра Веза Эла денвина а ца Ӏаш, Дала Шен ницкъаца вай а дендийр ду деллачуьра.
[15] Ткъа шуна ца хаьа, вайн догӀмаш Дала леррина Къобалвинчун дегӀан меженаш юйла? ТӀаккха, Цуьнан меженаш схьа а яьхна, уьш сийсазйохур юй те ас? ХӀан-хӀа, иштаниг хуьлийла а дац!
[16] Я шуна ца хаьа те, шаьш нахаца леллачу зудчух дӀакхетча, шайн цуьнца цхьа дегӀ хуьлийла. ХӀунда аьлча аьлла ма ду: «ТӀаккха цу шиннах цхьа дегӀ хир ду».
[17] Ткъа Делах дӀауьйш волчун Цуьнца цхьаьна долу цхьа са а хуьлу.
[18] Ларлолаш сийсаздовларх! Адамо латош долу муьлхха а кхидолу къа дегӀах лета къа дац. Ткъа сийсаза лелачо шен дегӀана къилахь долу хӀума до.
[19] Я шуна ца хаьа те, шайн догӀмаш шуна чохь долчу а, Дала делла долчу а Делан Синан цӀа дуйла? Шу шайн долахь ма дац!
[20] ХӀунда аьлча, беза мах а белла, эцна ду шу. Цундела шайн догӀмашца Делан сий делаш!