Skip to content
Opens in a new window
Listen to this chapter • 2:35

[1] ЦӀушна сагӀина еана йолчу яа хӀуманах лаьцна аша соьга яздинчух ала лаьара суна. Хууш ду-кх, олуш ма-ду: «Вайн массеран а кхетам бу». Амма кхетам хиларо адам курадоккху, ткъа безамо иза синца чӀагӀдо.

[2] Нагахь цхьанна шена цхьа хӀума девза моттахь а, цунна хӀинца а довза ма-деззара хӀумма а ца девза.

[3] Ткъа цхьанна Дела везаш велахь, иза Далла вевзина.

[4] Цу тайпана цӀушна сагӀина еанчу юучу хӀуманах лаьцна хууш ду-кх, кху дуьненахь цӀу хӀумма а воцург вуйла а, иштта, цхьа Дела воцург, кхин Дела воцийла а.

[5] Лаьттахь я стигалахь бехаш «деланаш» хуьлу олу. И «деланаш» а, «беза элий» а дукха белахь а,

[6] вайна иштта ду: Дела цхьаъ бен вац вайн, Иза Да ву вайн, массо а хӀума Цуьнгара хилла а ду, вай Цуьнан дуьхьа дехаш а ду. Иштта Веза Эла а цхьаъ бен вац вайн. Иза Дала леррина къобалвина Ӏийса ву, Цуьнгахула массо хӀума хилла а ду, вай Цуьнгахула дехаш а ду.

[7] Делахь а цу бакъдолчух берриш а ца кхета. ЦӀушна Ӏамал яран Ӏадат цхьаболчарна хӀинца а чулацам болуш хета. ЦӀушна сагӀина еана йолу юург а юуш, цара иза деланашна къобалйина йолуш санна лору, цундела церан кӀеда дегнаш Далла хьалха бехло.

[8] Юучу хӀумано вай Далла улло ца даладо. Юург цаяарца вай хӀумма а ца дойу, ткъа иза йиъча а, вайна гӀоле а ца хуьлу.

[9] Делахь а шу ларлолаш, тешарехь чӀагӀделла доцурш, шаьш паргӀато лелочу хӀуманна тӀехь, Ӏеха а делла, къинош летадарх.

[10] ХӀунда аьлча нагахь оцу кӀеда дог долчунна, хьайн оццул «кхетам» боллушехь, ахьа а цӀушна Ӏамал ечу цӀа чохь юург юуш гича, тӀаккха, ша а яа мегар ду аьлла, хетар дуй те цунна и цӀушна сагӀина еана йолу юург?

[11] ТӀаккха хьан «кхетам» бахьана долуш, шен дуьхьа Дала леррина Къобалвинарг велла волу, и кӀеда дог долуш волу хьан динан ваша хӀаллакьхир ву.

[12] Шайн динан вежаршна дуьхьал цу тайпана долу къа латадарца, церан кӀедачу дегнашна чов а еш, аша Дала леррина Къобалвинчунна дуьхьал къа латадо.

[13] Цундела айса оцу юучуьнца сайн динан веше къа латадойтуш делахь, аса цкъа а дуур дац иштта долу жижиг, сайн веше къа ца латадайта.

Векало ПахӀала коринтхошка яздина хьалхара кехат — Chapters