[1] Сох тера хила гӀерталаш, со а Дала леррина Къобалвинчух тера хила ма-гӀерттара.
[2] Аса хастадо шу, даим а со шуна дагаварна а, аса шайна ма-даллара, аша ламасташ лардарна а.
[3] Амма суна шуьга дӀахаийта лаьа, хӀора боьршачу стагана коьртехь верг Дала леррина Къобалвинарг хилар. Зудчунна коьртехь – майра ву. Ткъа Дала леррина Къобалвинчун коьртехь верг Дела ву.
[4] ДоӀа дечу я Делера болу хаам бовзуьйтучу хенахь боьршачу стага коьрта тӀе хӀума тиллинехь, цо шен коьртана юьхьӀаьржо тӀейоуьйту.
[5] Ткъа муьлххачу а, шен коьрта тӀехь хӀума а йоцуш, доӀа деш я Делера болу хаам бовзуьйтуш йолчу зудчо шен коьртана юьхьӀаьржо тӀейоуьйту. Иза корта баьшна йолчу зудчух тарло.
[6] Нагахь зудчунна шен коьрта тӀе хӀума тилла ца лаахь, цо шен корта баша а мегар ду. Амма нагахь зудчунна шен корта баьшна я лергина хилча эхь хетахь, цо шен коьрта тӀе хӀума тилла еза.
[7] Цхьана агӀор боьршачу стага шен коьрта тӀе хӀума тилла ца еза, ша Делан васт а, Цуьнан сийлалла а йолу дела. Вукху агӀор зуда шен майрачун сийлалла ю.
[8] ХӀунда аьлча стаг зудчух вина вац, ткъа зуда ю стагах йина.
[9] Стаг зудчун дуьхьа кхоьллина вац, амма зуда ю стеган дуьхьа кхоьллина.
[10] Цундела зудчун коьрта тӀе тиллина хӀума хила еза, шена тӀехь долу олалла билгалдаккха а, маликашна хьалха а.
[11] Делахь а, Везачу Элаца долчу вайн дахаре хьаьжжина, зуда а стаг воцуш хиларх хӀумма а дац, ткъа стаг а зуда йоцуш хиларх хӀумма а дац.
[12] ХӀунда аьлча зуда стагах йина ма-хиллара, стаг а ву зудчо вина. Ткъа и дерриг а – Делера ду.
[13] ТӀаккха шаьш а ойла ел аша: оьзда хир дуй те, зудчо Деле доӀа дечу хенахь, цуьнан коьрта тӀе тиллина хӀума ца хилча?
[14] Дуьненан Ӏаламо ша а ца хьоьху вайна, боьршачу стага шен месаш яхъялийтича, иза цунна шена юьхьӀаьржонна дуйла?
[15] Ткъа зудчо еха месаш лелийча – цунна сийлахь ду, хӀунда аьлча еха месаш елла ю цунна, коьрта тӀе тиллина хӀума санна.
[16] Цхьаболчарна-м цунах лаьцна соьца къовса а луург хир дара, амма, аса аьлларг доцург, кхин тайпана ламасташ дац я тхан а, я Делан долахь йолчу массо а Ӏийсах тешначийн тобанийн а.
[17] Аса кхин а цхьа хӀума тӀедуьллу шуна. ХӀинца хаста а ца до ас шу, хӀунда аьлча шун гуламаша, диканиг дахьачун метта, вониг дахьа.
[18] Цкъа хьалха аса сайна хезначух лаьцна эр ду. Шу цхьаьна гулделлачу хенахь шуна юкъахь декъадаларш хуьлу боху. Цунах со цхьажимма теша а теша.
[19] (Цу тайпана долу декъадаларш хила а деза шун, шайна юкъара билггал тешаш берш гучубахархьама.)
[20] Шаьш цхьаьна гуллучу хенахь, билггал Везачу Элан пхьор даа гулделча санна ца гулло шу.
[21] ХӀунда аьлча шу шаьш еана йолу яа хӀума яа сихло. ТӀаккха цхьаберш меца буьсу, ткъа вуьш чагӀаро бахабо.
[22] Юург яа а, мерг мала а шайн цӀенош дац те шун? Я Делан долахь йолчу массо а Ӏийсах тешначийн тобанах шу дешаш дац те? Я мисканаш дегаза хета те шуна? ХӀун ала деза те аса шуьга? Хастор дуй те ас шу и бахьанехь? Аса и гӀуллакхаш бахьанехь хастор дац шу.
[23] ХӀунда аьлча аса Везачу Элера Шеггара схьаэцна айса шуна делларг. Шена ямартло йинчу буса Веза Эла волчу Ӏийсас, бепиг схьа а эцна,
[24] Далла хастам а бина, иза декъа а декъна, элира: «ХӀара Сан дегӀ ду, шун дуьхьа дӀалун долу. Иштта делаш, Со дагалацархьама».
[25] Уьш пхьор диъна бевлча, Цо, чагӀаран кад схьа а эцна, элира: «Сан цӀийца бинчу керлачу бертан кад бу хӀара. Шаьш иза мосазза молу, Со дагалацархьама, иштта делаш».
[26] ХӀунда аьлча шаьш хӀара бепиг мосазза доу а, хӀара кад мосазза молу а, Веза Эла схьаваллалц, Цуьнан валар кхайкхадо аша.
[27] Цундела нагахь цхьаммо хӀара бепиг даар а, Везачу Элан кад малар а лело хьакъ ма-дарра ца леладахь, иза Везачу Элан дегӀана а, Цуьнан цӀийна а дуьхьал къа латорна бехке хир ву.
[28] Стага ша-шен зен веза, ткъа цул тӀаьхьа цо и бепиг а доийла, и кад а молийла.
[29] ХӀунда аьлча нагахь санна цхьаммо, Дала леррина Къобалвинчун дегӀ а ца лоруш, юуш а, молуш а елахь, иза шена кхелана юуш а, молуш а ву.
[30] Цундела шух дукхахдерш гӀораза а, цомгуш а хуьлу, цхьаберш бала а ле.
[31] Нагахь вай ваьш зуьйш делахьара, Везачу Эло йийр яцара вайна кхел.
[32] Ткъа вайна тӀехь Цо кхел еш хилча, вай нисдеш долу таӀзар хуьлу вайна, дуьненах кхечаьрца цхьаьна вайна кхел йина ца хилийтархьама.
[33] Иштта, сан динан вежарий, шаьш Везачу Элан пхьор даа гулделча, вовшашка ладогӀалаш, и даа сих а ца луш.
[34] Нагахь санна шух цхьаъ меца велахь, шайн цӀахь яа юург, гуламехь иза шуна кхелъярна ца хилийтархьама. Ткъа дисна гӀуллакхаш со дӀавеанчу хенахь нисдийр ду аса.