Skip to content
Opens in a new window
Listen to this chapter • 2:12

[1] Нагахь санна аса адамийн я маликийн меттанашкахь къамел деш делахь а, амма сан безам бацахь, со зевне зурма я бекаш болу горгали санна хуьлу.

[2] Нагахь санна Делера болу хаамаш баран похӀма сан делахь а, ерриге а къайленаш суна евзаш елахь а, мел болу кхетам сан белахь а, лаьмнаш а меттахдаххал тешар сан делахь а, амма сан безам бацахь, со хӀумма а вац.

[3] Нагахь санна аса сайн берриг а бахам дӀабекъахь а, ур-атталла сайн дегӀ ас дагадайтахь а, амма сан безам бацахь, суна цунах цхьа а пайда ца хуьлу.

[4] Безам собаре а, дика а хуьлу. Безамца хьагӀ а ца хуьлу. Безамо дозалла а ца до, иза кура а ца хуьлу.

[5] Безамо лело ца дезарг ца леладо, шена пайден дерг ца лоьху, атта оьгӀаз ца оьху, шена дина вон дагар ца до.

[6] Безам харцдолчух боккха ца боь, ткъа цунна бакъдерг хазахета.

[7] Безамо доллу хӀума а ловш хуьлу, массо а хенахь цуьнца тешар а хуьлу, гуттара а цуьнца сатийсар а хуьлу, массо а хенахь цуьнца садеттар а хуьлу.

[8] Безам цкъа а хедар бац. Делера болчу хаамех аьлча, уьш кхачор бу. Синера долчу меттанех аьлча, уьш совцор ду. Дала беллачу кхетамах аьлча, иза дӀабоккхур бу.

[9] ХӀунда аьлча вайн кхетам кхоччуш болчу барамехь ца хуьлу, ткъа Делера болу хаамаш кхоччуш буьззина ца хуьлу.

[10] Ткъа кхачамалла йолу хан еача, кхоччуш болчу барамехь цахилларг дӀадоккхур ду.

[11] Со жима бер долчу хенахь, аса жимачу беро санна дийца а дуьйцура, ойланаш а йора. Жимачу беран санна кхетам а бара сан. Ткъа хӀинца со стаг а хилла дӀахӀоьттича, берийн хӀуманаш дитина аса.

[12] Цкъа хӀинца-м вайна дерриге а гӀийла гойтуш долчу куьзганехула санна го. Ткъа цу хенахь юьхь-дуьхьал гур ду вайна. Цкъа хӀинца-м сан кхетам кхоччуш бац, ткъа цу хенахь сан кхоччуш довзар хир ду, со Далла вевзаш ма-хиллара.

[13] Цкъа хӀинца долуш дерг хӀара кхоъ ду: тешар, сатийсар, безам. Ткъа безам царах уггаре а лакхара бу.

Векало ПахӀала коринтхошка яздина хьалхара кехат — Chapters