Skip to content
Opens in a new window
Listen to this chapter • 6:55

[1] Шайна чохь безам хилийта гӀерта. Делан Сино луш долчунна тӀекхийда – уггаре а чӀогӀа дезаш хилалаш Делера болу хаамаш бар.

[2] ХӀунда аьлча тамашийначу маттахь къамел дечо адамашка ца дуьйцу, цо Деле дуьйцу. Цо дуьйцучух цхьа а ца кхета, ткъа иза Делан Синехула къайленаш юьйцуш ву.

[3] Делера хаамаш бечо адамашка дуьйцу, уьш синца чӀагӀбархьама а, иракарахӀитторхьама а, тебархьама а.

[4] Тамашийнчу маттахь къамел дийриг шен синца чӀагӀло, ткъа Делера болу хаамаш бечо динан тоба чӀагӀйо.

[5] Аша массара а тамашийначу меттанашкахь дуьйцийла лаьа суна. Амма кхин а сов лаьа суна, Делера болу хаам аша бойла, хӀунда аьлча Делера болу хаамаш бийриг пайдехь ву оцу меттанашкахь дуьйцуш волчул а. И дуьйцург, цо ша гочдича бен, пайденна хир дац, динан тоба цу дуьйцучуьнца чӀагӀъяйтархьама.

[6] Динан вежарий, нагахь со шу долчу а веана, аса тамашийначу меттанашкахь дийцича, шуна хӀун пайда хуьлу, нагахь и дуьйцуш дерг Дала довзийтина хӀума а дацахь, я Дала белла кхетам иза бацахь, я Цуьнгара болу хаам иза бацахь, я хьехам бацахь?

[7] Ойла ехьа, са доццушехь, чуьра аз долучу хӀуманийн. Масала, дечиг-пондаро я шедаго тайп-тайпана аьзнаш долуьйтуш ца хилча, локху мукъам муха къасталур бу те?

[8] Нагахь санна турби чуьра долу аз къаьсташ ца хилча, хьан бийр бу тӀамана бан беза кечам?

[9] Иштта аша а, тамашийна мотт а буьйцуш, кхетаме хаам ца бича, муха кхетор ву шаьш дуьйцучух? Аша дуьйцург, мохе дуьйцуш санна, эрна хир ду.

[10] Мел дукха ду-кх дуьнен чохь тайп-тайпана меттанаш, царах цхьа а бац шен маьӀна доцуш.

[11] Цундела суна оцу меттан маьӀна ца хиъча, кхечу къомах волуш санна хир ву со и буьйцуш волчунна, ткъа и мотт буьйцург кхечу къомах верг санна хир ву суна.

[12] Иштта шу а, Делан Са шайгахула гучудаккха шаьш гӀерта дела, динан тобанна чӀагӀонна Цо луш долчу похӀманийн дикалла совъяккха хьовсалаш.

[13] Цундела тамашийначу меттанашкахь дуьйцуш волчо, ша дуьйцург гочдан хаар деха Деле.

[14] ХӀунда аьлча аса тамашийначу маттахь доӀа деш хилча, Делан Сино сан синехула доӀа до, амма сан хьекъална иза пайденна дац.

[15] ТӀаккха аса хӀун дан деза? Аса сайн синца доӀа дийр ду, амма сайн хьекъалца а дийр ду ас иза. Сайн синца а, иштта сайн хьекъалца а эр ду аса Далла иллеш.

[16] ХӀунда аьлча, ахьа Далла баркалла Цуьнан Синехула олуш хилча, ахьа дуьйцург шена хӀун ду ца хиъча, хӀокху гуламехь волчу хийрачу стага муха эр ду ахь аьллачу баркаллина: «Амин»?

[17] Ахьа Далла олу баркалла тоъал дика хила а там бу, амма гуламехь волчу кхечунна цунах синца чӀагӀвалар ца хуьлу.

[18] Тамашийнчу меттанашкахь аша массара а дуьйцучул сов айса дийцарна, аса хастам бо Далла.

[19] Амма суна гӀолехь хета, динан тоба гулъеллачу хенахь, сайн хьекъалца пхи дош алар кхечарна хьехам бархьама, тамашийначу маттахь итт эзар дош олучул.

[20] Динан вежарий! Берийн санна, ойла йолуш ма хилийша! Вониг дарна тӀехь хилийша бераш санна, амма шайн ойланца даккхий хилийша!

[21] Товрат-хьехамаш тӀехь яздина ду: «Кхин меттанаш дуьйцуш болчаьргахула а, хийрачу махкахойн баганехула а къамел дийр ду Аса цу халкъаца – боху Везачу Эло, – амма тӀаккха а ладугӀур дац-кх цара Соьга».

[22] Иштта, тамашийначу меттанашкахь дийцар – билгало ю, амма и билгало, Ӏийсах тешаш болчарна а йоцуш, тешаш боцучарна ю. Ткъа Делера болу хаамаш хилар а цхьа билгало ю, амма и билгало, тешар доцучарна а доцуш, тешаш болчарна ю.

[23] Нагахь берриг а динан гулам цхьаьна а кхетта, аша массара а тамашийначу меттанашкахь къамел дечу хенахь, шу долчу хийра нах я Ӏийсах цатешарш чубаьхкича, шу хьерадевлла аьлла хетар-м дац те царна?

[24] Нагахь массара а Делера болу хаамаш бечу хенахь, шу долчу Ӏийсах цатешарг я хийра стаг чувеача, цунна хезначу дерригено а цунна къинош гучу а дохур ду, кхел а йийр ю.

[25] Оцу чувеанчу стеган деган къайленаш массарна гучуевр ю. ТӀаккха цо, гора а хӀоьттина, Далла Ӏибадат а деш, эр ду: «Шуна юкъахь билггал Дела ву!»

[26] Сан динан вежарий! ЖамӀ а деш, суна ала луург хӀара ду. Шу цхьаьна гуламе гулделча, шун хӀораннан а хуьлу я назма, я хьехам, я Дала довзийтина хӀума, я тамашийначу маттахь болу хаам, я шух цхьаммо цу хааман маьӀна дуьйцу. Аша мел дийриг а шун динан тобанан чӀагӀонна хуьлийла.

[27] Нагахь шух цхьаъ тамашийначу маттахь дийца воллуш велахь, тӀаккха аша шиммо, я уггар дукха кхааммо роггӀана дийца, ткъа кхечу цхьаммо аьлларг гочде.

[28] Нагахь санна гочдийриг шайна юкъахь вацахь, тамашийначу маттахь дуьйцуш верг динан тобанан гуламехь вист ма хилийта, цуьнга шена а, Далла а бен ма дийцийта.

[29] Пайхамарех шиммо я кхааммо Делера болу хаам бан беза, ткъа вукхара цара бохург талла деза.

[30] Нагахь шух хиъна Ӏаш волчу цхьанна Дала хӀума довзуьйтуш делахь, хӀинцца дуьйцуш хилларг, вист а ца хуьлуш, саца.

[31] ХӀунда аьлча массеран а йиш ю Делера болу хаам рогӀехь ала. Цу тайпана массо а Ӏемар а бу, уьш иракарахӀиттор а бу.

[32] Пайхамаршна чуьра синош цу пайхамаршна муьтӀахь хуьлу.

[33] ХӀунда аьлча Дела низам цахиларан Дела вац, Иза синтеман Дела ву. Иштта хуьлу Делан долахь болчеран ерриге а динан тобанашкахь.

[34] Зударий гуламашкахь тийна хила беза. Царна бистхила ца магадо. Товрат-хьехамаш тӀехь ма-аллара, уьш муьтӀахь хила беза.

[35] Нагахь санна шайна цхьа хӀума хаа лаахь, цара цӀахь шайн майранашка хатта деза цунах лаьцна, хӀунда аьлча эхье ду зуда динан тобанийн гуламашкахь йистхилар.

[36] Делан дош шуьгара схьадаьлла ткъа? Я шуна бен ца довзийтина иза?

[37] Ша пайхамар ву бохучунна я Делан Сино луш дерг шен долчунна хаа деза, аса шайга яздеш дерш Везачу Элан весеташ дуйла.

[38] Нагахь цхьаммо иза тӀе ца эцахь, иза ша а тӀеэцна хир вац.

[39] Иштта, динан вежарий, Делера болу хаамаш бар дезаш хилалаш! Тамашийнчу меттанашкахь дийцар а ма дехка.

[40] Дерриге а оьзда а, низам долуш а леладе.

Векало ПахӀала коринтхошка яздина хьалхара кехат — Chapters