Skip to content
Opens in a new window

[1] Шамран-гӀалане жоп доьхур ду, иза шен Далла дуьхьалъяьлла дела. Шамранхой туьро эгор бу. Церан бераш хьоьшур ду, берах болу зударий а цоьстур бу».

[2] Исраилан халкъ! Юхадерзахьа хьайн Везачу Далла тӀе! Хьан къиноша ма галдалийтина-кх хьо.

[3] Шайца хӀара дешнаш схьа а эций, Везачу Элана юхадерзийша. Иштта алийша Цуьнга: «Гечдехьа тхан массо а къиношна, тӀеэцахьа тхан дохкодовларан доӀа, ткъа оха Хьуна хастамийн сагӀанаш дохур ду.

[4] Ашур-махке тхо кӀелхьардахалур дац. ТӀеман динна тӀе тхо кхин ховшур дац. Тхан куьйгаша йинчу хӀуманех оха кхин эр дац „тхан деланаш“, хӀунда аьлча байлахь болчаьрга къинхетам Хьоьгахь бен бац».

[5] Везачу Эло иштта боху: «Сайх дӀаберзарх уьш тобийр бу Аса. Сайн лаамца безалур бу Суна уьш, Сан оьгӀазалла царна тӀера дӀаяьлла дела.

[6] Исраилан халкъана тхи хилла дӀахӀуттур ву Со. Цо заза доккхур ду, петӀамат-зезаго санна. Ливанунан дитто санна, шен орамаш тосур ду цо.

[7] Цуьнан зӀийдагаш дӀасаяьржар ю. Зайт-диттан санна, хир ю цуьнан хазалла. Ливанунан баганан диттах йогӀург санна, хаза хьожа йогӀур ю цунах.

[8] Юха а бирзина, цуьнан ӀиндагӀехь Ӏийр бу уьш. КӀа санна, денлур бу уьш, кемсийн таьлланг санна, хьалакхуьур бу, Ливанунан чагӀаран санна, церан хьожа хир ю.

[9] Ва Эпрайман халкъ, цӀушца Сан хӀун бала бу? Хьан доӀанаш хезаш верг Со ма ву, Хьо Ӏалашдийриг а Со ма ву, сийна зоьзан-дитт санна ма ву Со, Сох бен стоьмаш хир бац хьуна».

[10] Мила ву хьекъале кху дерригенах кхета? Мила ву кхетам болуш хӀара дерриг а хаа? Везачу Элан некъаш нийса ду. Делаца берш оцу некъашца лела, ткъа аьрха нах царна тӀе оьгур бу.

ХӀушаӀ-пайхамаран тептар — Chapters