[1] «ЛадогӀа дуьйцучуьнга, динан дай! Тидам бе, Исраилан халкъан цӀийнах берш! ДӀахаза, паччахьан цӀа! Шун карахь ду нийсонца кхел яр – иштта хӀара кхел шуна дуьхьал йийр ю, МицӀпа-гӀалахь шух кӀело йина дела, Табур-ломахь дӀасаяржийна бой санна шу хилла дела.
[2] Шитимехь акхарой лоцу ор кӀорга аьхкина аша, амма Аса шуна массарна а таӀзар дийр ду.
[3] Эпрайман халкъ а девза Суна, Исраилан халкъо лелориг а ца даьлла Сох къайла. ЦӀушна Ӏамал а йина, Эпрайман халкъ сийсаза лелла, цундела Исраилан халкъ Суна хьалха бехделла.
[4] Цара мел лелийначу вочу гӀуллакхаша шайн Далла тӀе ца боьрзуьйту уьш. Цатешаме хиларан са церан дегнаш чохь хилла, цундела Веза Эла царна ца вевзина.
[5] Исраилан халкъан куралло цунна дуьхьал тоьшалла до. Исраилан халкъ (цунах иштта Эпрайман халкъ а олу) галдер ду, цо харцонаш лелорна. ЯхӀудан халкъ а дужур ду цаьрца цхьаьна.
[6] Уьш сагӀина шайн уьстагӀий а, стерчий а дахьаш, Веза Эла лаха арабевр бу, амма Иза царна карор вац. Иза царах дӀавирзина.
[7] Цара къотӀалгӀа бераш а дина, Везачу Элана ямартло йина. Ткъа хӀинца деза денош долчу керлачу батто шайн кхашца цхьаьна цоьстур бу уьш».
[8] «Коьман маӀаца дӀакхайкхаде ГебаӀ-гӀалахь, турбанца дӀакхайкхаде Рама-гӀалахь, орца даккха Байт-Аван-гӀалахь! Бен-Яман, мостагӀа хьуна тӀаьхьа вогӀуш ву!
[9] Дала таӀзар динначу дийнахь Эпраймах яьсса аре хир ю. Иштта Аса дӀакхайкхийнарг а шеко йоцуш хир ма ду!
[10] ЯхӀудан баьччанаш тарбелла лаьттан асанийн дозанаш дӀасатоьттучарах. Аса Сайн оьгӀазло, тӀехдаьлла хи санна, тӀеӀанор ю царна.
[11] Эпрайм-мохк а кӀелбитина, шена йинчу кхело охьатаӀийна иза, цӀушна тӀаьххье цунна баха лиъна дела, ткъа и цӀуш кхелли санна ма бу.
[12] Эпрайман халкъана неца санна хир ву Со, ткъа ЯхӀудан халкъана мекха хир ю Сох.
[13] Эпраймана шен цамгар схьахиъначу хенахь а, ЯхӀудана шена хилла чов дӀагиначу хенахь а, Эпрайман халкъ Ашурехьа а дирзина, сийлахьчу паччахьна тӀе дехаре дахийтира. Амма цуьнга шу цамгарх толур дац, шун чевнна дарба а далур дац.
[14] ХӀунда аьлча Эпраймана Со лом санна хир ву, ткъа ЯхӀудана къона лом санна хир ву. Со, уьш цеста а цистина, дӀагӀур ву, Аса уьш Сайца дӀахьур бу. Цхьаммо а кӀелхьарбохур бац уьш.
[15] Со Сайн метте дӀагӀур ву, шаьш бехке хиларх а кхетта, Сан юьхь цара схьалаххалц. Хала киртиг шайна тӀехӀоьттича, Со леха уьш арабевр ма бу».