[1] Наха иштта боху: «Дуьйло, вешан Везачу Элана тӀедерза вай. ХӀунда аьлча Цо вай лаза а дина – Цо вайна дарба а дийр ду. Цо йина вайна чевнаш – Цо уьш дӀа а йоьхкур ю.
[2] Цо ши де даьлча ден а дийр ду вай, кхозлагӀчу дийнахь ира а хӀиттор ду. ТӀаккха дехар ду вай Цунна хьалхахь.
[3] Веза Эла вовзий вайна. Иза кхин а алсам вовза гӀерта вай. Цуьнан гучувалар, цӀийъелла Ӏуьйре санна, билггала ду. Керлачу дахарца вогӀур ву Иза вай долчу, Ӏаьнан догӀа санна, бӀаьста деанчу догӀано латта тӀадор санна».
[4] Ткъа Везачу Эло боху: «ХӀун дийр дара те хьуна, Эпрайм? ХӀун де те хьуна, ЯхӀудан халкъ? Шун безам Ӏуьйранна хуьлу дохк санна а, хьалххе дайна дӀадолу тхи санна а ма бу.
[5] Цундела пайхамарашкахула Аса шун дог дохадора. Сайн багарчу дешнашца еттара Аса шуна. Аса еш йолу кхел, схьакхета малх санна, билггала ю.
[6] Шу тешаме хилар деза ду Суна, аша Сан дуьхьа дохучу сагӀанел. Шуна Дела вовзийла лаьа Суна, Сан дуьхьа дийнаташ дагоран сагӀанел.
[7] Адам-гӀала йолчохь санна, Исраилан халкъо а Соьца бина барт бохийна, цигахь ямартло йина цара Суна.
[8] ГалӀад – Ӏесачийн гӀала ма ю. Цунна чохь йолу лараш цӀийх юьзна ма ю.
[9] Динан дайн тоба тера ю кӀелонехь Ӏуьллуш йолчу талорхойн тобанах. Шехеме боьдучу новкъахь адамаш дойу. Цара боьха мел дерг леладо.
[10] Инзаре ирча хӀума гина Суна Исраилан халкъана юкъахь. ЦӀушна Ӏамал а йина, Эпрайман халкъ сийсаза лелла, цундела Исраилан халкъ Далла хьалха бехделла.
[11] Хьуна а, ЯхӀудан халкъ, таӀзаран ялта чудерзо хан билгалъяьккхина». «Сайн халкъан аьтто бар Аса карладаьккхича,