[1] Патуалан кӀанте Юале Везачу Элера хаам хилира.
[2] ЛадогӀа бохучуьнга, къаной! Тидам бе, кху мехкан массо а бахархой! Хиллий те хӀара саннарг шу я шун дай баьхначу деношкахь?
[3] ДӀахаийта хӀара шайн берашка, цаьрга а дӀадийцийта церан берашка, ткъа церан берашка – хинйолчу тӀаьхьене.
[4] ЦӀазан хьалхарчу тобано диинчух диснарг шолгӀачу арданго дуура, ткъа царах диснарг кхоалгӀачу арданго дуура, ткъа царах диснарг йоьалгӀачу арданго чекхдоккхура.
[5] Дастало, маларо дахийнарш, делха, тийжа, массо а чагӀар муьйлурш, шайн багара иза дӀадаьккхина дела!
[6] Сан лаьтта тӀе нуьцкъала а, барам боцуш дукха а цӀазан эскар деана. Цуьнан цергаш лоьман цергаш санна ю, ткъа цуьнан мочхалш – стечу лоьман санна ю.
[7] Цо Сан кемсийн таьллангаш а яссийна, Сан инжиран дитташ а, дохийна, дерзина а даьхна, дӀакхиссина! Церан гаьннаш а кӀайделла.
[8] Сингаттаман духар тӀе а дуьйхина, шен къоначу заманчохь дош деллачунна йоьлху йоӀстаг санна, делхийша!
[9] ДӀасецна Везачу Элан цӀа чохь кӀен а, чагӀаран а сагӀа даккхар. Тийжаш бу Везачу Элана гӀуллакх деш болу динан дай.
[10] Дассийна кхаш, доьлху латта, ялта хӀаллакдина, кемсийн мутт дӀалекъна, зайт-дитт а маргӀалдоьлла.
[11] Эхьах дузийша, латталелорхой, делхийша, кемсашлелорхой, гӀайгӀане хилийша кӀена а, мекхана а, хӀунда аьлча хӀаллакьхилла кхаш тӀехь ялта.
[12] Якъаелла кемсийн таьлланг, инжиран дитт а маргӀалдоьлла. Наран дитт а, хурмин дитт а, Ӏожан дитт а – дерриге а дитташ дакъаделла аренгахь. Цундела массо а адамийн сакъерадалар а дӀадаьлла.
[13] Сингаттаман духар а духий, юкъ а ехкий, делха, динан дай! Тийжа, сагӀа доккхучу кхерча тӀехь гӀуллакх дийраш! Схьадуьйла, сингаттаман духарш а духий, буьйсанаш яха, сан Далла гӀуллакх дийраш! ХӀунда аьлча шун Делан цӀа чохь лелош дац кӀен а, чагӀаран а сагӀа даккхар.
[14] ДӀахӀоттадейша Далла марха кхабар, схьакхайкхийша халкъ динан гуламе, схьакхайкхийша къаной а, кху мехкан берриг а бахархой а шайн Везачу Делан цӀа долчу. ГӀо доьхуш кхайкхийша, кхайкхийша Везачу Эле!
[15] ЭхӀ, ма де ду-кх иза! ХӀунда аьлча герга ду Везачу Эло кхел ен де. Цу дийнахь Нуьцкъалчо дерриг хӀума а хӀаллакдеш болу ницкъ гойтур бу.
[16] Вайн бӀаьргашна хьалхара дӀа ца баьккхинера кхача? Вайн Делан цӀийнера дӀа ца даьккхина сакъерадалар а, хазахетар а?
[17] ХӀуш хӀаллакьхилла лаьттан бухахь, уьш дакъаделла долу дела. ЧӀоьнаш а яссаелла, уьш йохийна йолу дела.
[18] Ма узарш до даьхнино! Хьайбанаш а ду охкаделла лелаш! Яц царна дежийлаш. УьстагӀийн жаш а ду гӀайгӀане.
[19] Хьоьга кхойкху ас, Веза Эла! ЦӀеро ма ягийна яьссачу аренан дежийлаш. ЦӀеран алуно дагийна аренашкара дерриге а дитташ.
[20] Ур-атталла дийнаташа а орца доккху Хьоьга, охьаоьхуш хилла йолу хин Ӏовраш якъаелла дела, цӀеро яьссачу аренан дежийлаш хӀаллакйина дела.