Skip to content
Opens in a new window

[1] «Орца даккха, хьайн бете коьман маӀа схьа а лаций! Аьрзу санна, мостагӀий Везачу Элан халкъана тӀелета, хӀунда аьлча Соьца бина барт бохийра цара, Аса бинчу товрат-хьехамашна дуьхьалбевлла уьш.

[2] Цара Соьга шийла маьхьарий деттар ду: „Сан Дела! Хьо тхуна вевза. Тхо Исраилан халкъ ма ду!“ – бохуш.

[3] Исраилан халкъ диканах дӀадирзина. МостагӀа цунна тӀаьхьа вер ву.

[4] Цара, Сох дага а ца бовлуш, паччахьаш шаьш дӀахӀиттабора. Соьга а ца хоьттуш, элий а дӀахӀиттабора. Шайн детих а, шайн деших а шайна цӀуш бина цара, амма оцу цӀуйн хӀаллакьхиларан Ӏалашонна бен хир дац иза.

[5] Шамранан бахархой, шун эса-цӀу витина Аса! Сан оьгӀазло царна дуьхьал карзахъяьлла. Уьш мел латта бохку те, цӀушна Ӏамалъярх цӀанбелла боцуш?

[6] И цӀу а – Исраилан халкъо дина хӀума ду. Иза суьрташ дечо ма вина, цундела иза Дела ма вац. Шамранан цӀу долу эса дохор ма ду!»

[7] «Шаьш-шайна мох кхиийна дела, цара дарц лахьор ду. Кенаш доцучу кӀенах ялта кхуьур дац. Нагахь санна ялта кхиънехьара, хийрачу наха иза дӀакхоллур дара.

[8] Исраилан халкъ дӀакхаьллина яа хӀума санна дӀахӀоьттира. Кхечу къаьмнашна юкъахь иза пайденна йоцу пхьегӀа санна хилира.

[9] Исраилан халкъ Ашур-махка дӀадахара. Виркхело шена лоьхуш йолу акха вир санна, Эпрайма совгӀаташ дарца безаргаш шегахьа бохура.

[10] Цара кхечу къаьмнашна тӀе совгӀаташ кхехьийтинехь а, Аса уьш кестта схьагулбийр бу. ТӀаккха уьш гӀелонехь хир бу сийлахьчу паччахьан куьйгех.

[11] Бакъду, Эпрайма дуккха а къинах долу сагӀа доккху меттигаш кечйина, амма уьш цунна къа латоран меттигаш хилла дӀахӀиттина.

[12] Дуккха а Сайн товрат-хьехамаш Аса язбира цунна, амма цо уьш шена хийра болуш санна лерина.

[13] Суна дийнаташ дайина сагӀанаш а дохий, оцу дийнатийн жижиг доу цара. Везачу Элана тамехь дац иза. Ткъа хӀинца Везачу Эло тидам бийр бу цара динчу зуламийн, цара летийна къинош бахьана долуш, Цо таӀзар дийр ду: уьш Мисар-махка юхаберзор бу».

[14] «Исраилан халкъо паччахьан гӀишлош дӀахӀиттийна, ткъа ша ДӀахӀоттийнарг цо виц ма вина. Амма Аса церан гӀаланех цӀе тосур ю, ткъа оцу цӀеро церан паччахьан гӀишлош дӀакхоллур ю».

ХӀушаӀ-пайхамаран тептар — Chapters