Skip to content
Opens in a new window

[1] Эпрайман халкъ мох бажош ду, дерриг а дийнахь малхбалерчу махана тӀаьхьадолу иза. Ша лело харцонаш а, бохамаш а алсамбоху цо. Ашур-махкаца барт а бо цо, Мисар-махка зайтдаьтта дохьуьйту цо».

[2] Везачу Эло ЯхӀудан халкъе бехкаш доху. Якъубан тӀаьхьенна таӀзар дийр ду Цо, церан некъашка хьаьжжина. Царна дан догӀург а дийр ду Цо, церан гӀуллакхашка хьаьжжина.

[3] Ненан кийрахь а волуш, шен вешин кӀажа лецира Якъуба. Ткъа стаг а хилла ша дӀахӀоьттича, Делах летира иза.

[4] Маликах а летта, кӀел ца висира Якъуб. Воьлхуш, шех къинхетам бар дийхира цо. Беталахь иза карийра Далла, цигахь цуьнга къамел дира Цо.

[5] Иза массо а ницкъийн Веза Дела вара, цӀе, «Волуш Верг» аьлла, йоккхура Цуьнан.

[6] Иштта шу, Якъубан тӀаьхьенах дерш, шайн Далла тӀедерзийша! Безамца лелийша, нийсо лелаейша, шайн Деле даим сатийсийша!

[7] Совдегар шен карахь нийса доцучу терзанца нах лебеш хазахеташ ву.

[8] Эпраймхоша а шаьш хестабо: «Вай дукха дика даха хевшина, вай шортта бахам гулбина. Цхьаммо вайна бехк буьллийла дац вай лелийначу къилахь долчунна», – бохуш.

[9] «Амма Со шун Веза Дела ву, Мисар-махкара шу арадаьхна волу. Аса юха а четарш чу даха охьаховшор ду шу, яьссачу арахь шу долчу Со веанчу деношкахь санна.

[10] Со пайхамаршка вистхуьлура. Ас дуьхьалхӀуьтту суьрташ а алссам гойтура, пайхамаршкахула хьекъале дустарш а даладора».

[11] ГалӀад-гӀалахь нах цӀушна Ӏамал еш буй? Цуьнан бахархой баккъалла а цхьана а хӀуманна тӀе кхочур бац. Галгал-гӀалахь наха эсий дойу. Церан сагӀа доккху меттигаш кхен хершнашкахь гулдинчу тӀулгийн баьрзнаш санна хир ю.

[12] Якъуб Арам-мехкан аренашка веддера. Цигахь Исраила зудчун дуьхьа болх а бора, зуда ялорхьама, жа а Ӏалашдора.

[13] Амма Везачу Эло пайхамаран гӀоьнца исраилхой Мисар-махкара арабехира. Цо уьш Ӏалашбора пайхамарехула.

[14] Эпрайман халкъо Веза Эла чӀогӀа оьгӀазвахийтина. Ӏанийначу цӀийна цуьнгара жоп доьхур ду Цо. Цадашар Везачу Эло цунна дуьхьалдоккхур ду.

ХӀушаӀ-пайхамаран тептар — Chapters