[1] Ва исраилхой, ладогӀал Везачу Элан даше! Везачу Эло кху лаьтта тӀерачу бахархошка иштта бехк боккху: «Лаьтта тӀехь тешаме хилар а дац, безам а, Дела вовзар а дац.
[2] Сардамаш дохкаррий, вовшийн ледаррий, вовшийн хӀаллакдаррий, къоланаш даррий, марехь болчара ямартлонаш яррий тӀехдукха даьржина адамашна юкъахь, адамийн цӀий Ӏенор а дац хедаш.
[3] И хӀума бахьана долуш хӀара латта тийжар ду. Лаьтта тӀехь бехачу массеран а гӀора довр ду. Аренийн акхарой, стигалара олхазарш, ур-атталла хӀордан чӀерий а хӀаллакьхир ду.
[4] Амма цхьа а стаг къийса ма ло, цхьаммо а важа Ӏора ма ваккха, хӀунда аьлча хьан халкъ динан дайшца къийсалуш берш санна ма ду.
[5] Дийнахь галвер ву хьо, динан да, ткъа хьоьца цхьаьна буьйсанна пайхамарш а галбевр бу. Иштта хьан нана а дӀасацор ю Аса.
[6] Сан халкъ дӀасацийна, Со къобал ца варна. Со къобалвар ахь дӀатесна дела, ахь Суна, динан дас санна, гӀуллакх дар Аса а дӀатосур ду. Дала белла товрат-хьехам ахь бицбина дела, Аса а дицдийр ду хьан бераш».
[7] «Динан дай дебаре терра, Суна дуьхьал долу церан къинош а алсамдуьйлуш ду. Церан сийлалла сийсазалле ерзор ю Аса.
[8] Сан халкъо даьхна къинан сагӀанаш а дууш, церан синош халкъо лелийначу харцонашна тӀегӀерта.
[9] Халкъана хиндерриг хир ду динан дайшна а. Цара дӀакхоьхьучу некъе терра дийр ду Аса царна таӀзар. Церан гӀуллакхашка хьаьжжина, Аса дӀадоькхур ду царна.
[10] Юур ю цара, амма бузур бац. Сийсаза лелар бу уьш, амма дебар бац, хӀунда аьлча Веза Эла волчу Сох дӀабирзина уьш,
[11] Суна тешаме ца хилархьама, кхиболчу деланашца а лелаш. Нахаца леларо а, чагӀаро а – иза шира я керла даьккхина делахь а – сан халкъан кхетам дӀа ма оьцу!»
[12] «Сан халкъ дагадуьйлу шен дечиган цӀунах, ткъа гӀожаца пал а туьйсуш, цунна жоп ло. Цатешаме хиларан сино уьш тилийна. Кхечу деланашна тӀаьхьа а хӀиттина, Делах дӀабирзина уьш.
[13] Лаьмнийн баххьашкахь сагӀанаш доху цара, баьрзнаш тӀехь хаза хьожа йогӀу хӀума а ягош, ножан а, акхтарган а, попан а дитташна кӀел, оцу диттийн хаза ӀиндагӀ хуьлу дела. И бахьана долуш шун йоӀарша а кхахьпалла леладо, ткъа шун несарий а нахаца лела.
[14] Аса шун йоӀаршна таӀзар дийр дац цара кхахьпалла лелорна, шун несаршна а таӀзар дийр дац Аса уьш нахаца леларна. ХӀунда аьлча шу шаьш кхахьпанашца дӀа а дуьйшу, нахаца лелаш болчу „безачу“ зударшца цхьаьна сагӀанаш а доху аша. Ткъа: „Кхетам боцу халкъ дакъаза ма долу!“»
[15] «Ва Исраилан халкъ! Хьо кхахьпа санна лелахь а, яхӀудхоша ма летадахьара изза къа! Шу Галгал-гӀала а ма гӀо, Байт-Аван-гӀала хьала а ма довла. Ма баха, дуйнаш а бууш: „Дийна волчу Везачу Элах чӀагӀо йо ас!“
[16] ХӀунда аьлча Исраилан халкъ, аьрха эса санна, къар ца ло. Цундела Везачу Эло дажор дуй те иза хӀинца шуьйрачу дежийлахь, уьстагӀий санна?
[17] Эпрайман халкъ цӀуйх дӀаийна даьлла: бита и исраилхой шайн боьхачу леларехь!
[18] ЧагӀар мелла бевлча, нахаца леларна тӀе боьрзу уьш. Шайн элаша лело сийсазалла царна чӀогӀа ма деза.
[19] Шен тӀемаш тӀехь мохо дӀахьур бу уьш, юьхьӀаьржачу хӀуьттур бу уьш, шаьш цӀушна Ӏибадат дина дела».