Skip to content
Opens in a new window

[1] Везачу Эло соьга элира: «Вало, юха а еза хьайн зуда, иза кхечунна езахь а, иза сийсаза лелахь а. Еза и зуда, Везачу Элана исраилхой безаш хиларе терра – уьш кхечу деланашна тӀе дӀабирзинехь а, цу деланашна лерина йолу Ӏаьвдинчу кемсийн курсаш царна езахь а».

[2] Аса сайна и зуда ялийра, пхийтта дато шекхал ахча а, ворхӀ а, ах а гали мукх а белла.

[3] Аса цуьнга элира: «Со волчохь дуккха а денош даха. Суна тешаме йоцуш а ма хила, кхечу стагах а ма хьакхало, ткъа со хьох а хьакхалур вац».

[4] Оццу кепара исраилхоша дукха хан йоккхур ю шайн коьртехь я паччахь, я эла воцуш, я сагӀанаш, я деланашна хӀиттийна тӀулгаш а доцуш, деланийн лаам билгалбаккхархьама я ийпад, я цӀуш а боцуш.

[5] Цул тӀаьхьа исраилхой юха а боьрзур бу, шайн Веза Дела а, Даудан тӀаьхьенах волу шайн паччахь а лохур ву цара. ТӀаьхьарчу деношкахь Везачу Элана хьалха ларамах а, Цуьнан диканах а буьзна хир бу уьш.

ХӀушаӀ-пайхамаран тептар — Chapters