Skip to content
Opens in a new window

[1] ТӀом болабелча, воьхна хьийзар ву Исраилан халкъан паччахь!» «Къона долчу хенахь дуьйна дезара Суна Исраилан халкъ. Мисар-махкара аравалийтархьама схьакхайкхина Аса Сайн кӀанте.

[2] Со цаьрга мел кхойкху, уьш Суна генабовлура. Цара БаӀал-деланашна сагӀанаш а дохура, цӀушна хаза хьожа йогӀу хӀума а ягайора.

[3] Делахь а Аса-Айса Ӏамийнера эпраймхой когаш тӀе дӀахӀитта. Сайн карахь лелабора Ас уьш. Амма шайна дарбанаш лелориг Со хилар къобалдан ца лаьара царна.

[4] Адамийн дикаллин тӀийрагашца Аса уьш тӀеийзабора, безаман машшашца Аса уьш лелабора. Церан вортана тӀера дукъ хьалаойура Аса. Охьа а таьӀна, уьш кхобура Аса.

[5] Уьш Мисар-махка юхабоьрзур-м бац те, Ашур-мохк церан паччахь хилла дӀахӀуттур-м бац те, Соьгахьа юхаберза царна ца лиъна дела?

[6] Церан гӀаланашна тӀе тур кхетар ду, кевнийн хьокхий а дохор ду оцу туьро, нах а дӀакхоллур бу, цара дагалаьцнарг бахьана долуш.

[7] Сан халкъ тешнабехк барна тӀедирзина. Веза Воккхачуьнга шаьш кхойкхуш белахь а, Иза баккъалла а ваз ца во цара.

[8] Муха дӀалур ду Аса хьо, Эпрайман халкъ? Муха дуьтур ду Аса хьо, Исраилан халкъ? Удам-гӀалина диннарг дийр ду те Аса хьуна? Я Цхьабайма-гӀалина диннарг дийр ду те? Сан дог меттахдаьлла, мел болу къинхетам самабаьлла.

[9] ХӀан-хӀа, Сайн оьгӀазе дералла кхочушйийр яц Аса, Сайна хетарг хуьйцур дац Аса, Эпрайман халкъ хӀаллакдийр дац. Со – Дела ма ву, Со адам ма дац. Хьуна юкъахь Со Везаниг ма ву! Дераллица вогӀур вац Со.

[10] Уьш Везачу Элана тӀаьхьахӀуьттур бу. Цо Шен аз, лоьмо санна, хозуьйтур ду. ТӀаккха, сих а луш, богӀур бу Цунна тӀе малхбузера кӀентий.

[11] Сих а луш, юхабоьрзур бу уьш, Мисар-махкара, схьадогӀу олхазарш санна, Ашур-махкара, схьадогӀу кхокхарчий санна. Ткъа Аса уьш шайн-шайн цӀеношка охьаховшор бу». Иштта боху Везачу Эло.

[12] «Эпраймхоша шайн аьшпашца го бина Суна. Ткъа исраилхоша – мекарлонца бина. ЯхӀудан халкъ хӀинца а Делаца лелаш ду, Везачуьнца иза тешаме ду.

ХӀушаӀ-пайхамаран тептар — Chapters