Skip to content
Opens in a new window

[1] Эпрайман халкъ дистхилча, массо а бегабора. И халкъ лакхара лорура Исраилан халкъашна юкъахь. Амма, БаӀална Ӏамал ян доладелча, иза бехке а хилира, дала а делира.

[2] Исраилхоша хӀинца а шайн къинош совдоху. Цара шайна лалийна цӀуш бо. Шайн детих говза йина хӀуманаш бен яц уьш, ерриш а куьпчичо кхоьллинарш бен яц. Оцу нахах олуш ма ду: «Эсашна сагӀанаш дохучу наха эсашна барташ боху!»

[3] И бахьана долуш уьш Ӏуьйренан дохк санна а, хьалххехь дӀадолу тхи санна а хир бу, хьаьттара мохо дӀахьоькху ялтин нехаш санна а, биргӀанан чуьра хьалаболу кӀур санна а.

[4] Везачу Эло боху: «Амма Со шун Веза Дела ву, Мисар-махкара шу арадаьхна волу. Со воцчунна, кхин цхьана а далла улло ма гӀерта. Со воцург, шу кӀелхьардохург кхин цхьа а ма вац.

[5] Яьссачу аренгахь шуна уллохь хилларг Со ма вара, къаьсттина декъа долчу оцу лаьттахь.

[6] Ас кхобучу хенахь, уьш буьзна бара. Ткъа шаьш буьзча, церан дегнаш курадовлура. Цундела цара Со вицвора.

[7] И бахьана долуш Со лом санна хир ву царна. Некъан йистехь кӀелхиъна долу цӀокъ санна, кечлур ву Со.

[8] КӀорнех яьккхина ча санна, тӀелетар ву Со царна. Шена чохь дог долу церан накха этӀор бу Аса. Уьш, лоьмо санна, буур бу Аса. Уьш цоьстур бу аренийн акхароша».

[9] «Аса хӀаллакдийр ду хьо, Исраилан халкъ. ТӀаккха хьан гӀо дийр ду хьуна?

[10] Мичахь ву хьан паччахь хӀинца? Цо хьо кӀелхьардаккха ца дезара те? Массо а хьан гӀаланашкара хьан куьйгалхой мичахь бу? Царах лаьцна ма элира ахь: „Лохьа тхуна паччахь а, хьаькамаш а!“

[11] Аса паччахь велира хьуна Со оьгӀазвахханчохь, ткъа, Со дарвелча, схьа а ваьккхира иза.

[12] Эпрайман халкъан харцонаш схьагулйина ю, цуьнан къинош дӀадехкина ду.

[13] Бер дечу зудчун хуьлу лазарш тӀедогӀур ду цунна. Иза хьекъал доцу кӀант ву. Дуьнен чу вала хан тӀееача, ненан кийрара аравала цунна ца лаьа.

[14] Эхартан карара Аса уьш паргӀатбохур буй те? Ӏожаллех Аса уьш кӀелхьарбохур буй те? Ӏожалла, мичахь ду хьан уьнаш? Эхарт, мичахь бу хьан бохам? Айса динчунна Со дохковер вац!

[15] Эпрайман халкъ кхидолчу Исраилан халкъашна юкъахь дебнехь а, малхбалера онда мох схьахьоькхур бу. Везачу Элан мох яьссачу аренгара схьабогӀур бу. Эпрайман халкъан шовда дакъалур ду, цуьнан хьоста а лекъар ду. Оцу мохо талхор ду сайрана чохь долу массо а деза сурсаташ.

ХӀушаӀ-пайхамаран тептар — Chapters