[1] Массо а ницкъийн Везачу Элан дош кхечира соьга:
[2] «Массо а ницкъийн Везачу Эло иштта боху: „Боккхачу безамах вуьзна ву Со Цийоне. Цу гӀалин мостагӀашка йолчу чӀогӀачу оьгӀазаллех вуьзна ву Со“.
[3] Везачу Эло иштта боху: „Цийон-лома тӀе юха а вирзина, Со Ярушалаймехь вехар ву. Ярушалаймах тешаме гӀала эр ду, ткъа массо а ницкъийн Везачу Элан ломах – беза лам эр ду“.
[4] Массо а ницкъийн Везачу Эло иштта боху: „Баккхий нах а, баккхий зударий а юха а Ярушалайман урамашкахь хевшина Ӏийр бу, шаьш баккхий хиларна Ӏасанаш кара а лаьцна.
[5] Цу гӀалин урамаш ловзучу кӀентех а, йоӀарех а дузур ду“.
[6] Массо а ницкъийн Везачу Эло иштта боху: „И санна долчух теша цу деношкахь дисинчу халкъан бӀаьргашна а тамашийна хилча, Сан бӀаьргашна а хир дуй те иза иштта тамашийна?“ – боху массо а ницкъийн Везачу Эло.
[7] Массо а ницкъийн Везачу Эло иштта боху: „Сайн долу халкъ Ас кӀелхьардоккхур ду малхбалерчу а, малхбузерчу а мехкашкара.
[8] Ас схьа а балийна, Ярушалаймехь бехар бу уьш. Царах Сан халкъ хир ду, ткъа Со церан Дела хир ву. Уьш нийсонца лелар бу, ткъа Со царна тешаме хир ву“.
[9] Массо а ницкъийн Везачу Эло иштта боху: „Массо а ницкъийн Везачу Элан цӀийнан бух буттучу хенахь, пайхамарша аьлла долу хӀара дешнаш хӀинца дӀахезаш долчу аша шайн куьйгаш чӀагӀделаш, Делан цӀа юхаметтахӀотторхьама.
[10] И денош тӀекхачале, хьалхалерчу заманахь, наха а, бежанаша а къахьегарх дика ялта ца кхиира, махкахь лелаш волчу цхьана а мостагӀчуьнгара синтем бацара. Ас хӀора стаге кхечунна дуьхьал инкарло яйтира.
[11] Ткъа хӀинца хӀокху халкъах бисинчарна Со хӀетахьлера санна вац, – боху массо а ницкъийн Везачу Эло. –
[12] Ялта дуьйр ду сашортехь. Кемсийн гаьннаша а шайн стом лур бу. Лаьтто а ша кхиийнарг схьалур ду. Стигалша а лур ду шайн тхиш. И дерриг а Ас хӀокху дисинчу халкъана дӀалур ду.
[13] Хьалхалерчу заманахь кхечу къаьмнех болчу наха, неӀалт а кхайкхош, ЯхӀудан а, Исраилан а халкъ хьахадора. Амма хӀинца Ас шун аьтто бийр бу, нахана шу декъалдинарш хетар а ду. Ма кхералаш, чӀагӀлойла шун куьйгаш!“
[14] ХӀунда аьлча массо а ницкъийн Везачу Эло иштта боху: „Шун дайша Со оьгӀазвахийтинчу хенахь, Ас шу таӀзар дан билгалдаьхча, Ас Сайн кхел дӀа ца яккхаре терра, – боху массо а ницкъийн Везачу Эло, –
[15] Ас юха а билгалдаьккхина хӀокху деношкахь ярушалаймхошна а, ЯхӀудан халкъана а дика дар. Ма кхералаш!
[16] Аша дан дезарш хӀара гӀуллакхаш ду: вовшашка бакъдерг дийца, кхел ечу шайн меттигашкахь бакъдолчуьнца гӀуллакхаш къастаде, барт хилийтархьама.
[17] Мелхо а, вовшашна дуьхьал зулам дар шайн даг чу ма тасийталаш, ткъа дуй баарца харц тоьшалла дар шайна ма дезийталаш, хӀунда аьлча и дерриг а Суна ца дезарг ду“», – боху Везачу Эло.
[18] Массо а ницкъийн Везачу Элан дош кхечира соьга:
[19] «Массо а ницкъийн Везачу Эло иштта боху: „БоьалгӀачу а, пхоьалгӀачу а, ворхӀалгӀачу а, уьтталгӀачу а беттан марханаш ЯхӀудан халкъана хазахетаран а, даккхийдеран а денош хилла дӀахӀуьттур ду, амма бакъдерг а, машар а безалаш“.
[20] Массо а ницкъийн Везачу Эло иштта боху: „ТӀейогӀучу хенахь дуккха а халкъаш а, дукхачу гӀаланийн бахархой а Ярушалайм-гӀалина тӀеоьхур бу.
[21] Цхьана гӀалин бахархоша, вукху гӀалин бахархошна тӀе а баьхкина, эр ду: ‘Дуьйло, Веза Эла вайца дика хилар деха а, массо а ницкъийн Веза Эла лаха а гӀо вай. Со а воьду цига’, – аьлла.
[22] Дуккха а халкъаш а, ницкъ болу къаьмнаш а Ярушалайм-гӀалина тӀеоьхур ду, массо а ницкъийн Веза Эла лаха а, Цуьнга шайца дика хилар деха а“.
[23] Иштта боху массо а ницкъийн Везачу Эло: „Цу деношкахь иштта хир ду: массо а тайпана меттанашкахь вистхуьлучу кхечу къаьмнех волчу итт стага, куьйгаш а лаьцна, яхӀудхочун бедаран юх а лаьцна, иштта бохур ду: ‘Тхо хьоьца дӀагӀур ду, хӀунда аьлча, шуьца Дела ву бохуш, хезна тхуна’“».