Skip to content
Opens in a new window

[1] Везачу Эле догӀа даийтар дехалаш бӀаьста. Веза Эла ву ткъес тухуьйтург а, нахана шортта догӀа лург а. Иза ву хӀоранна а аренгахь ялта лург а.

[2] ЦӀуша зулам дуьйцу, пал туьйсучарна харцдерг а го, цара эрна гӀенаш а дуьйцу, даьссачух синтем а бо. Цу бахьанина нах, уьстагӀий санна, тилабелла лела. Царна гӀело а йо, царна тӀехь Ӏу воцу дела.

[3] Везачу Эло боху: «Сан оьгӀазло Ӏушна дуьхьал карзахъяьлла, бежалошна а Ас таӀзар дийр ду. ХӀунда аьлча массо а ницкъийн Веза Эла волу Со ЯхӀудан халкъ долчу Сайн жена тӀехьийзар ву, Аса царах Сайн сийлахь тӀеман дин бийр бу.

[4] ЯхӀудан халкъах массо а тайпана урхалчаш схьабевр бу. Уьш хир бу, са болу тӀулг санна, къиза а, четаран хьостам санна, онда а, тӀеман Ӏад санна, нуьцкъала а.

[5] ЯхӀудан халкъ майра тӀемалой санна хир ду, тӀамехь, урамашкара хатт санна, мостагӀий хьоьшуш долу. ТӀом бечу хенахь Веза Эла шайца волу дела, цара ур-атталла мостагӀийн дошлой эшор бу, уьш юьхьӀаьржачу а хӀиттош.

[6] Ас ЯхӀудан цӀа чӀагӀдийр ду, Юсупан цӀа кӀелхьардоккхур ду. Ас уьш юхаберзор бу, Со царна къинхетаме хилла дела, ткъа уьш а хир бу, Ас дӀа ца тесча санна. Со церан Веза Дела ву, Цара орца даьккхича, Ас царна жоп лур ду.

[7] Эпраймхой, майра тӀемалой санна, хир бу. Церан дегнаш самукъане хир ду, чагӀаро бахийча санна. Церан бераш, иза а гина, баккхийбеш хир бу. Везачу Эло диначух уьш даггара самукъадаьлла хир бу.

[8] Ӏуьно шок тохарца санна хаам а бина, Ас уьш схьагулбийр бу. Мах а белла, Ас паргӀатбохур бу уьш. Хьалха санна, шортта хир бу уьш.

[9] Ас шаьш, ахархочо хӀу санна, кхечу къаьмнашна юкъахь дӀасабаржийнехь а, генарчу мехкашкахь Со дагаоьхуш Ӏийр бу уьш. Цара шайн бераш а кхиор ду, и бераш Исраил-махка юхадоьрзур а ду.

[10] Ас уьш Мисар-махкара юхаберзор бу, Ашур-махкара а схьагулбийр бу, ГалӀаде а, Ливануне а схьабалор бу Ас уьш, амма ур-атталла цигахь меттиг а тоьар яц царна.

[11] Баланийн хӀордахула чекхбевр бу уьш, цара хӀордан тулгӀенаш йохор ю, ткъа Нил-хин кӀоргенаш якъалур ю. Ашур-мехкан куралла лахйийр ю, Мисар-мехкан ницкъ дӀабер бу.

[12] Веза Эла волчу Ас Сайн халкъ чӀагӀдийр ду. Сан цӀарах уьш лелар бу», – боху Везачу Эло.

Закри-ЯхӀу-пайхамаран тептар — Chapters