[1] Ливанун-мохк, дӀаделла хьайн кевнаш, цӀере хьан баганан-дитташ дӀакхаллийтархьама!
[2] Делха, зоьзан-дитт, баганан-дитташ охьаэгна дела, и даккхий дитташ хӀаллакдина дела. Делхийша, Башанан нежнаш, луьста хьаннаш дӀахедийна дела.
[3] ЛадогӀа Ӏуйн белхарийн аьзнашка – церан сийлахь дежийлаш дӀа ма евлла! ЛадогӀа къоначу лоьмийн гӀигӀ даре – Йордан-хин боьлак хӀаллак ма йина!
[4] Иштта боху сан Везачу Дала: «Дажаде урс хьакха кечдина долу уьстагӀий.
[5] УьстагӀий эцначара, дохко ца бовлуш, уьш дойу, ткъа уьш духкучара боху: „Декъала ву Веза Эла, со хьал долуш хилла!“ Церан-шайн Ӏушна а царах къа ца хета.
[6] ХӀокху лаьттан бахархойх Суна кхин къахетар дац, – боху Везачу Эло. – Царах хӀорра а Ас-Айса церан уллорачун а, церан паччахьан а кара дӀалур ву, ткъа уьш карахь болчара церан мохк хӀаллакбийр бу. Ас церан карара бохур бац уьш».
[7] Иштта совдегаршна урс хьакха кечдина уьстагӀий дажийра ас. Сайн кара ши коьжалг а эцна, цхьанна «Дикалла», вукхунна «Цхьаьнатохар» аьлла, цӀераш а техкина, уьстагӀий дажош Ӏийра со.
[8] ЖаӀуйх кхаанга болх сацабайтира ас цхьана баттахь. Совдегарш кӀордийра суна, ткъа уьш сох ца бешара.
[9] ТӀаккха ас элира: «Шун дуьхьа кхин Ас уьстагӀий дажор дац. Леш берш лойла, хӀаллакьхуьлуш берш хӀаллакьхуьлийла, ткъа бисинчара вовшийн декъий доийла».
[10] Айса «дикалла» аьлла коьжалг, схьа а эцна, йохийра ас, Исраилан массо а тайпанашца айса бина барт бохош.
[11] Оццу дийнахь и барт бохийра. ТӀаккха сан терго еш болу совдегарш кхийтира, иза Везачу Элан дош дуйла.
[12] Ас иштта элира цаьрга: «Шайна тамехь делахь, сан алапа суна схьало, нагахь санна дацахь – ма ло». ТӀаккха цара алапина лерина долу ткъе итт дети ахча делира суна.
[13] Везачу Эло соьга элира: «Уьш пхьерана дӀало – иза Сох хӀоттийна болу лаккхара мах бу!» И ткъе итт дети ахча, схьа а эцна, ас Везачу Элан цӀийнан пхьерана дӀаделира.
[14] «Цхьаьнатохар» аьлла йолу сайн важа коьжалг, схьа а эцна, йохийра ас, ЯхӀудана а, Исраилна а юкъахь долу вежаралла а дохош.
[15] Везачу Эло соьга элира: «Юха а телхинчу жаӀуйн гӀирс хьайца схьаэца.
[16] ХӀунда аьлча хӀокху махка тӀехь Ӏу дӀахӀотто воллу Со, леш долчу шен уьстагӀийн дола деш воцург, дайнарш лоьхун воцург, лазийнарш тоден воцург, могуш долчарна кхача лун воцург, ткъа дерстинчеран жижиг а дууш, ур-атталла церан бергаш схьайохун верг.
[17] Декъаза ву Сан телхина Ӏу, жа дуьтуш волу! Тур цуьнан аьтту куьйгана а, аьтту бӀаьргана а тухийла. Цуьнан куьг кхоччуш заьӀап хуьлда, аьтту бӀаьрг а кхоччуш бӀаьрса доцуш буьсийла».