Skip to content
Opens in a new window

[1] «Цу дийнахь къинойх а, сийсазаллах а цӀанбалийта Даудан цӀенна а, Ярушалайман бахархошна а цхьа хьоста дӀаделлалур ду.

[2] И де тӀекхаьчча, – боху массо а ницкъийн Везачу Эло, – Ас дӀайойур ю кху лаьтта тӀера цӀуйн цӀераш, уьш кхин дагаоьхур бац. Ас иштта махка тӀера дӀабохур бу харцпайхамарш а, цӀушна Ӏамал ян лаар а дӀадоккхур ду.

[3] Нагахь санна цхьаммо пайхамаралла леладахь, иза дуьнен чу ваьккхинчу цуьнан дас а, нанас а цуьнга эр ду: „Хьо вехийла дац, Везачу Элан цӀарах ахь харцдерг дийцина дела“. Цо пайхамаралла лелочу хенахь, цуьнан шен дас а, нанас а цунах тур чекхдоккхур ду.

[4] И де тӀекхаьчча, шена сурт хӀоттийна хӀорра а харцпайхамар Делан цӀарах хаам бан хӀуттур вац. Нах лебархьама, пайхамарийн духар шайна тӀедухур дац харцпайхамарша цкъачунна.

[5] ХӀораммо а эр ду: „Со пайхамар вац, со латталелорхо ву. Со бер долчу хенахь дуьйна лаьтта тӀехь болх беш ву“.

[6] Ткъа цуьнга эр ду: „Хьан некха тӀехь моьнаш хӀунда ду?“ Цо жоп лур ду: „Со везаш болчеран цӀа чохь суна йиттина дела“, – аьлла».

[7] «ХӀай, тур! Айалохьа Сан жаӀуьнна тӀе, Суна уллора волчу стагана тӀе, – боху массо а ницкъийн Везачу Эло. – Нагахь санна жаӀуьнна чов яхь, жа юкъара уьстагӀий дӀасадовдур ду. Ас Сайн куьг кӀезиг болчарна дуьхьал хьажор ду.

[8] Берриге а махкахь иштта хир ду, – боху Везачу Эло, – ши дакъа хӀаллакдина а хир ду, лийр а ду, ткъа кхоалгӀа дакъа дийна дуьсур ду.

[9] И кхоалгӀа дакъа Ас цӀерга тосур ду. Дети лаладаре терра, лалор ду иза, деши цӀандеш ма-хиллара, цӀан а дийр ду. Соьга кхойкхур бу уьш, ткъа Суна хезар бу уьш. Ас эр ду: „Иза Сан халкъ ду“. Цара а эр ду: „Веза Эла – тхан Дела ву!“»

Закри-ЯхӀу-пайхамаран тептар — Chapters