[1] Дари-Ваша-паччахьо куьйгалла дечу шолгӀачу шеран борхӀалгӀачу баттахь Ӏидун кӀант волчу Барак-ЯхӀун кӀанте Закри-ЯхӀу-пайхамаре Везачу Элан хӀара дош кхечира:
[2] «Веза Эла волу Со шун дайшна буьрсачу луьраллица оьгӀазвахана.
[3] ХӀинца ахь, Закри-ЯхӀу, нахе иштта дӀаала: „Массо а ницкъийн Везачу Эло иштта боху: ‘Суна тӀедерза, тӀаккха Со а шуьгахьа воьрзур ву.
[4] Шайн дай санна ма хилийша, хьалха дуьйна пайхамарша дехарш дина болу: ‹Массо а ницкъийн Везачу Эло иштта боху: юхадовла шайн зуламечу некъаш тӀера а, шайн зуламечу гӀуллакхашна тӀера а›. Амма цара Соьга ла а ца дугӀура, Ас бохуш долчун тергам а ца бора’“, – боху Везачу Эло.
[5] Шун дай – уьш мичахь бу? Пайхамарш а бехар буй те даим?
[6] Сан ялхой болчу пайхамаршкахула Ас тӀедиллина долу Сан дешнийн а, парзийн а тергам ца бина дела, шун дай жоьпе озийна! ТӀаккха шун дай Суна тӀе а боьрзура, цара иштта а олура: „Массо а ницкъийн Везачу Эло, тхан некъашка а, тхан гӀуллакхашка а хьаьжжина, Ша тхуна дан билгалдаьккхинарг дина тхуна“».
[7] ЦхьайтталгӀачу беттан ткъе доьалгӀачу дийнахь – иза шабат олу бутт бу, – Дари-Ваша-паччахьо куьйгалла дечу шолгӀачу шарахь Ӏидун кӀант волчу Барак-ЯхӀун кӀанте Закри-ЯхӀу-пайхамаре Везачу Элан дош кхечира.
[8] Буьйсанна хӀара сурт хӀоьттира суна: расхачу динна тӀехиъна Ӏаш волчу беречо боьранехь йолчу коьллашна юкъахь дин сацийнера. Оцу динна тӀехьа кхидолу дой дара – расха а, сира а, кӀайн а беснаш долу.
[9] Ас хаьттира: «Сан олахо, уьш муьлш бу?» – аьлла. Соьца къамел деш долчу малико элира: «Ас гойтур ду хьуна уьш муьлш бу».
[10] Коьллашна юкъахь волу бере вистхилира: «Уьш Везачу Эло массо а лаьттахула дӀасалела а, тергам бан а бахийтинарш бу», – аьлла.
[11] Цара коьллашна юкъахь расхачу динна тӀехиъна Ӏаш долчу Везачу Элан Малике иштта жамӀ дира: «Тхо лаьтта тӀехула дӀасалийлира, ткъа дерриг а дуьнен тӀехь адамаш гӀорасиза а, муьтӀахь а ду».
[12] Везачу Элан Малико элира: «Массо а ницкъийн Веза Эла! Мел Ӏийр ву те Хьо оьгӀазвахана, Ярушалайм-гӀаланах а, ЯхӀуд-мехкан гӀаланех а къинхетам ца беш, Ахь царна таӀзар дина кхузткъе итт шо даьллашехь?»
[13] ТӀаккха, малике жоп а луш, Везачу Эло дика а, дог тедеш долу а дешнаш элира.
[14] Соьца къамел деш долчу малико соьга хӀара элира: «ДӀа а кхайкхаде, дӀа а ала: „Массо а ницкъийн Везачу Эло иштта боху: ‘Ярушалайме а, Цийоне а болчу боккхачу безамах вуьзна ву Со.
[15] Инзаре йоккхачу дераллица оьгӀазвахана Со паргӀат дехачу дегалчу халкъашна, хӀунда аьлча Сайн халкъана Ас лерина йолу оьгӀазло кӀезиг хиллехь а, Аса шайгахула таӀзар дайтича, цара Суна лиъначул а сов ницкъ бина Сан халкъана’.
[16] Цундела Везачу Эло иштта боху: ‘Со Ярушалайм-гӀала юхавоьрзур ву, цунах къинхетам бархьама. Цигахь Сан цӀа юхаметтахӀуттур ду – боху массо а ницкъийн Везачу Эло. – Ярушалайм-гӀаланах чекхъер ю латта дусту тӀийраг’“.
[17] Кхайкхош, кхидӀа а дӀаала: „Везачу Эло иштта боху: ‘Сан гӀаланаш юха а хьолах юзур ю. Везачу Эло юха а Цийон-ломан дог а оьцур ду, Ярушалайм-гӀала къастор а ю’“».
[18] Юха, сайн бӀаьргаш ас хьалахьажийча, суна йиъ маӀа гира.
[19] Соьца къамел деш долчу малике: «Уьш хӀун ю?» – аьлла, хаьттира ас. Цо соьга жоп делира: «Уьш ЯхӀуд-мехкан а, Исраил-мехкан а, Ярушалайм-гӀалин а нах дӀасабаржийна долу дуьненара нуьцкъала халкъаш ду», – аьлла.
[20] Цул тӀаьхьа Везачу Эло виъ аьчк-пхьар гайтира.
[21] «Уьш хӀун дан схьабогӀуш бу?» – аьлла, хаьттира ас. Цо соьга иштта жоп делира: «МаӀаш йолчу оцу халкъаша ЯхӀуд-мехкан бахархой дӀасалаьхкина, цхьа а адам корта хьалаайа ца даьххьачу кепара, ткъа хӀорш уьш кхеро схьабаьхкина, яхӀудхошна дуьхьал маӀаш хьалаайъинчу халкъийн маӀаш йохийна дӀаяхархьама».