Skip to content
Opens in a new window

[1] Ас сайн бӀаьргаш юха а хьалахьажийча, суна хӀара гира: шен карахь латта дусту тӀийраг йолу цхьа стаг вара лаьтташ.

[2] Ас хаьттира: «Хьо стенга воьду?» – аьлла. Цо жоп делира: «Ярушалайм-гӀала юста воьду, цуьнан шоралла а, йохалла а мел ю хаархьама».

[3] ТӀаккха соьга дистхуьлуш долу малик араделира, ткъа кхин малик дуьхьал догӀуш дара.

[4] Цо кхуьнга элира: «Сихха дадий, гӀо! Оцу къоначу стаге дӀаала: „Цигахь дуккха а адамаш а, бежанаш а Ӏаш хиларна, Ярушалаймах пен боцу гӀала хир ю.

[5] Ткъа Со, – боху Везачу Эло, – Ярушалайм-гӀалина гонах цӀеран пен а хилла дӀахӀуттур а ву, гӀала Сайн сийлаллех юзор а ю Аса“».

[6] «Варелаш! ДӀадовдалаш къилбаседерчу махкара, стигалан мох хьоькхучу еа а агӀор шу дӀасадаржийнера Ас, – боху Везачу Эло. –

[7] ЦӀера Цийонера долу къам, варелахь! Бавел-гӀала йийсаре дӀадигна долу хьо, дедда кӀелхьардала!»

[8] Шен сийлаллица со вахийтинчул тӀаьхьа, массо а ницкъийн Везачу Эло иштта боху Шен халкъана талораш динчу халкъашка: «Сан халкъах дӀа мел хьакхавелларг уггар беза болчу Сан йоӀбӀаьргах дӀахьакхавелла.

[9] Ас хӀинца Сайн куьг царна дуьхьал хьалаойур ду, тӀаккха хьалха шайн ялхой хиллачарна хӀонс хилла дӀахӀуьттур бу уьш». Иштта хуур ду шуна, со массо а ницкъийн Везачу Эло ваийтинийла.

[10] «Йоккхае, самукъане хила, Цийонан йоӀ! ХӀунда аьлча Со, дӀа а веана, шуна юкъахь вехар ву, – боху Везачу Эло. –

[11] Оцу дийнахь дукха халкъаш тӀедоьрзур ду Везачу Элана. Сан халкъ а хилла дӀахӀуьттур ду уьш. Со шуна юкъахь вехар ву. ТӀаккха хуур ду шуна Закри-ЯхӀу-пайхамар шайна тӀе массо а ницкъийн Везачу Эло ваийтинийла.

[12] Везачу Эло ЯхӀудан халкъ Шен дола доккхур ду, и халкъ дезачу лаьтта тӀера Шен дакъа долу дела, ткъа Ярушалайм-гӀала юха а къастийна хир ю».

[13] ДӀасаца муьлхха а садолу хӀума Везачу Элана хьалха! ХӀунда аьлча Иза Шен дезачу цӀа чуьра араволуш ву.

Закри-ЯхӀу-пайхамаран тептар — Chapters