Skip to content
Opens in a new window

[1] Ас сайн бӀаьргаш юха а хьалахьажийча, суна хӀара сурт го: шина ломана юккъерачу чӀожа чуьра арайолуш йиъ гӀудалкх ю, ткъа и лаьмнаш – йоьзан лаьмнаш ду.

[2] Хьалхарчу гӀудалкхахь расха говраш ю, шолгӀачу гӀудалкхахь Ӏаьржа говраш ю,

[3] кхозлагӀчу гӀудалкхахь кӀайн говраш ю, ткъа йоьалгӀачу гӀудалкхахь сира говраш ю. Уьш ерриш а онда говраш ю.

[4] Сайга дистхуьлучу малике къамел дӀа а долош, ас элира: «Сан олахо, иза хӀун ду?»

[5] Малико соьга жоп делира: «Уьш стигалара арабуьйлу биъ мох бу, дерриге а дуьненан Олахочунна хьалха дӀахӀиттинчул тӀаьхьа араболуш болу».

[6] Ӏаьржа говраш шайгахь йолу гӀудалкх къилбаседерчу махкахьа арайолуш ю, кӀайн говраш малхбузехьа йовлуш ю, ткъа сира говраш къилбехьа йоьдуш ю.

[7] Онда говраш, араевлча, лаьтта тӀехула чекхйовла лууш яра. Малико элира: «Чекхйовла лаьттах». Уьш лаьттах чекх а евлира, цара тергам а бира.

[8] ТӀаккха, со дӀа а кхайкхина, цо элира: «Хьажал, къилбаседерчу лаьтта тӀе араевллачу говраша цигахь хилла йолу Сан дералла дӀаяьккхина».

[9] Соьга Везачу Элан дош кхечира:

[10] «ХӀокху дийнахь хьо-хьуо Цапни-ЯхӀун кӀентан Юши-ЯхӀун цӀа ваха веза. Бавел-махкахь болчу йийсарехь болчаьргара хӀинцца юхабирзинчу Хьелдайгара а, ТӀуби-ЯхӀугара а, ЯдаӀ-ЯхӀугара а совгӀат схьаоьцур ду ахь цигахь.

[11] Цара хьайга делла детий, деший схьа а эций, таж а дай, иза коьрта динан да волчу ЯхӀу-ЦӀадакъан кӀентан ЮшаӀан коьрта тӀе дилла.

[12] Цуьнга дӀаала, – иштта боху массо а ницкъийн Везачу Эло: „Хьажал, ЗӀийдаг цӀе йолчу хӀокху стага ша волчохь зӀийдаг хьалакхиор ю, Везачу Элан цӀа юхаметтахӀоттор ду цо.

[13] Везачу Элан цӀа дӀахӀоттон верг иза хир ву. Паччахьан сийлалла тӀеоьцун верг а иза хир ву, паччахьан гӀанта тӀехь олалла а дийр ду цо. Цуьнан паччахьан гӀанта уллохь коьрта динан да хир ву, ткъа цунна а, вукхунна а юкъахь барт а, машар а лаьттар бу“.

[14] Ткъа и таж Везачу Элан цӀа чохь хир ду, Хьелдай а, ТӀуби-ЯхӀу а, ЯдаӀ-ЯхӀу а дагаваийтархьама а, Цапни-ЯхӀун кӀанта Юши-ЯхӀус дина дика дагадаийтархьама а.

[15] Геннахь дехаш долу адамаш кхуза схьаоьхур ду, Везачу Элан цӀа юхаметтахӀоттош дакъалоцур ду цара. Шуна а хуур ду со шайна тӀе массо а ницкъийн Везачу Эло ваийтинийла. Иза хир ду, нагахь санна шайн Везачу Делан озе аша леррина ладогӀахь».

Закри-ЯхӀу-пайхамаран тептар — Chapters