[1] Дари-Ваша-паччахьо куьйгалла дечу доьалгӀачу шеран уьссалгӀачу беттан – цунах Кислав олу – доьалгӀачу дийнахь Закри-ЯхӀуга Везачу Элан дош кхечира.
[2] Бетал-Шар-Эцара дӀаваийтинера РегӀам-Малик а, цуьнан нах а массо а ницкъийн Везачу Элан цӀа долчу, Веза Эла шайца дика хир вуй те аьлла хаттийтархьама. Цара цигахь динан дайшка а, пайхамаршка а хаттар дира: «Дуккха а шерашкахь тхаьш ма-дарра, делха а, пхоьалгӀачу баттахь марханаш кхаба а дезий те оха?» – аьлла.
[4] ТӀаккха соьга массо а ницкъийн Везачу Элан дош кхечира:
[5] «ХӀокху лаьтта тӀера дерриге а халкъе а, динан дайшка а иштта дӀаала: „Шаьш, делха а доьлхуш, шеран пхоьалгӀачу а, ворхӀалгӀачу а беттанашкахь марханаш кхобуш (иза аша деш долу-м кхузткъе итт шо ду), Сан дуьхьа-м ца кхобура аша и марханаш? Сан дуьхьа дара те иза?
[6] Шаьш хӀума юуш, шаьш молуш шайн дуьхьа ца йоу аша, шайн дуьхьа ца молу аша?“
[7] Хьалхалерчу пайхамаршкахула а изза дешнаш дацара Везачу Эло дӀакхайкхош дерш, Ярушалайм-гӀала адамех юьзна а, маьрша а йолуш, цунна гонахарчу ярташкахь а, къилбехьарчу НегӀаб-аренгахь а, малхбузерачу акъарешкахь а адамаш дехачу хенахь?»
[8] Везачу Элан дош кхечира Закри-ЯхӀуга:
[9] «Массо а ницкъийн Везачу Эло хӀетахь иштта элира: „Нийса кхел а елаш, вовшех къахеташ а, дог лозуш а хилалаш.
[10] Йисинчу зудчунна а, бо берана а, тӀевеанчунна а, мискачунна а гӀело ма елаш. Шайн даг чу вовшашна дуьхьал зулам дар дага ма тасийталаш“.
[11] Амма Сан тидам бан ца лаьара царна, Сох дӀабоьрзура уьш, шайн лергаш дӀакъовлура цара, Со шайна ца хазийта.
[12] Шайн дегнаш чӀагӀдира цара, массо а ницкъийн Везачу Эло Шен Синца хьалхалерчу пайхамаршкахула боуьйту хьехам а, дешнаш а ца хазархьама. Цундела тӀееана царна массо а ницкъийн Везачу Элан йоккха оьгӀазло.
[13] Иштта хилира: „Ас кхойкхуш цара ла ца догӀаре терра, цара кхойкхуш Аса а ла ца дугӀура“, – боху массо а ницкъийн Везачу Эло. –
[14] Цундела, дарцо санна, Ас дӀасабаржийра уьш царна ца девзачу халкъашна юкъахь. Царал тӀаьхьа и латта дассаделла дисира, цхьа а цунна тӀехула дӀаса а ца лелаш. Иштта цара оцу хазачу махках бассийна мохк бира».