[1] Ас сайн бӀаьргаш юха а хьалахьажийра: стигалахь лелаш схьадаржийна тептар дара.
[2] Малико соьга хаьттира: «ХӀун го хьуна?» – аьлла. Ас жоп делира: «Стигалахь лелаш схьадаржийна тептар го суна. Цуьнан йохалла ткъа дол ду, шоралла итт дол ду».
[3] Малико соьга элира: «Цунна тӀехь яздина ду берриге а ЯхӀуд-махка тӀехь болчарна тӀедогӀу неӀалт. ХӀунда аьлча лачкъош мел верг дӀаваьккхина хир ву, цхьана агӀор яздина ма-дарра, харц дуй бууш мел верг а дӀаваьккхина хир ву, вукху агӀор яздина ма-дарра».
[4] «Ас дӀакхайкхадайтина тептар тӀехь долу и неӀалт, – боху массо а ницкъийн Везачу Эло. – Иза хӀора къуьнан цӀа чу а кхочур ду, Сан цӀе а йохуш, харц дуй буучун чохь а хир ду. И стаг а, цуьнан дитташ а, цуьнан тӀулгаш а хӀаллакдина хир ду».
[5] Сехьа а даьлла, соьга дистхуьлучу малико элира: «Юха а хьайн бӀаьргаш хьала а айабай, арадолург хӀун ду хьажал».
[6] «И хӀун ду?» – аьлла, ас шега хаьттича, цо элира: «И арадолург черма ду. Иза берриг а махка тӀехь болчеран зулам ду».
[7] Оцу хенахь дошах дина цуьнан негӀар хьалаайира. Черман чу хиъна цхьа зуда яра.
[8] Малико элира: «И зуда – еккъа Ӏесалла ю». Иза а аьлла, цо и зуда черман юккъе кхоьссира, ткъа черманна тӀе дошан негӀар кхоьссира.
[9] Сайн бӀаьргаш хьалахьажийра ас. Суна гинарг хӀара дара: ши зуда гучуелира, церан тӀемашца мох бара, ткъа церан тӀемаш чӀерийдохучун тӀемаш санна дара. Цара и черма, хьала а айина, стигална а, лаьттана а юккъехула дӀадаьхьира.
[10] «Стенга дӀахьош ду цара и черма?» – хаьттира ас сайга дистхуьлучу малике.
[11] ТӀаккха цо соьга иштта элира: «ШанӀар-махка дӀахьош ду, цигарчу лаьтта тӀехь цунна Ӏибадат даран цӀа дархьама. Ткъа и дерриг а кечдина даьлча, иза цигахь шен бух тӀе дӀахӀоттор ду, нахе цунна Ӏибадат дайтархьама».