Skip to content
Opens in a new window

[1] Къона волуш хьайн дагахь латтавелахь хьуо Кхоьллинарг, хала денош тӀехӀиттале а, «ХӀинца-м дуьненах самукъа а ца долу сан», – ахь олу хан тӀекхачале а,

[2] малх а, серло а, бутт а, седарчий а кхолале а, догӀанна тӀаьххье юха а керлачу мархаша стигал кхолаяле а.

[3] Иштта дагахь латтаве хьо Кхоьллинарг, цӀенна ха дийраш а ластабале, нуьцкъалнаш а саттабале, кӀеззиг бисарна хьерахь болу зударий кӀа ахьа а совцале, корах арахьоьжучу зударийн бӀаьрса кхолале,

[4] араволу неӀарш а дӀакъовлале, хьерарчу тӀулган гӀовгӀа а сацале, олхазаран озо хьо сама а ваккхале, эшарийн гӀовгӀа чекх а ялале.

[5] Иштта дагахь латтаве хьо Кхоьллинарг, хьо лакхенах кхоьру хан а тӀекхачале, некъан халонех а хьо кхерале, миндал-дитто шен заза а хецале, цаьпцалг меллаша а такхале, дахаран чам а хьан дӀабалале. Адам Ӏожаллин цӀа чу ма доьду, ткъа белхар хӀоттон берш хӀинца а урамашкахь лелаш бу.

[6] Иштта дагахь латтаве хьо Кхоьллинарг, дато зӀе а хадале, дашо кад а кагбалале, шовданан коьртехь кхаба а йохале, хин хьостанехь чкъург а кагъялале,

[7] ша схьадаьлла долчу лаьтта чу хьайн дегӀ а юхадерзале, са делла волу Дела волчу хьайн са а юхадерзале.

[8] «Ма кӀорга къайле ю! – олу устазо, – Ма кӀорга къайле ю! Ма дукха хӀума ду вайн кхетам тӀе ца кхуьуш!»

[9] Тидам бе, устаз хьекъал долуш вара, цундела цо халкъана хьехамаш бора. Цо дуккха а кицанаш зуьйра, толлура, дӀаяздора.

[10] Цу устазо, догӀуш доллу хаза дешнаш а лоьхуш, билггал бакъдолу дешнаш дӀаяздина.

[11] Хьекъал долчун дешнаш жаӀуьнан хьокхий санна ду. Цхьана жаӀуьно хьехна, гулдина хьекъале кицанаш дечигах диттина хьостамий санна ду.

[12] Тидам бе, сан кӀант! Кхин а цхьа дӀахьедар до ас хьоьга! Хьекъале кицанаш гулдар чаккхе йоцу болх бу. Хьекъалалла талларо кӀадвийр ву хьо.

[13] Хьуна дӀахезначу дерригенан а жамӀ иштта ду: Делах а кхера, Цуьнан весеташ кхочуш а де, хӀунда аьлча хӀора адамна тӀедиллина декхар ду иза.

[14] ХӀунда аьлча адамаша мел дечунна – къайлаха деш долу дика я вон иза делахь а – Дала Ша кхел йийр ю.

Устаз: дахаран маьӀна лахар — Chapters